ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мацалла кхайкхийна, хьаькамийн дог лозуш санна...


ГIалгIайчоь --Нохчийн а, гIалгIайн а мухIажирш мацалла лаьцна Iа Карабулакехь, 01Тов2013
ГIалгIайчоь --Нохчийн а, гIалгIайн а мухIажирш мацалла лаьцна Iа Карабулакехь, 01Тов2013

ГIалгIайн махкарчу нохчийн мухIажирша, шаьш хьалхо и дийр дуйла хаийтина ма-хиллара, мацалла кхайкхийна, меттигерчу Iедалша шайн бакъонаш хьоьшу аьлла. Несарарчу Iедалшна ца тов и акци, царна тIеΙаткъам бо протестхошна.Ткъа орцах вала вац цхьа а да.




Ши де дели Карабулакерчу «Промжилбазехь» мухIажирша мацалла кхайхкийна. Итт сов стаг ву оцу дуьхьалонан акцехь дакъалоцуш, шайх дукхахберш нохчий а болуш. Федералан Iедалша шайна къастийна хилла хIусаман сертификаташ ю цара мехкан Iедале йоьхурш. Цхьанне а ца довзуьйтучу бахьанашца Iедало шен долакхаьчна сертификаташ екъна беккъа цхьана гIалгIайн мухIажиршна.

Бакъо а, нийсо а лоьхуш, нохчийн тоба Москох а яхнера, амма цунах а ца хилла пайда. Шаьш цIа ма дирззинехь, цара дIахьединера шаьш мацалла кхайкхо дагахь ду, аьлла. ХIинца делла дош кхочуш деш бу Iедалшна дегабаам бина нах.

Маршо Радионе дийцира "Промжилбазерчу" мухIажира Джабраилова Маликас шаьш мацалла лацаран хьокъехь.

Джабраилова: « Кху меттахь, цIийнах а, цIарах а бевла нах шайн бакъо яьккха гIерташ бу. Шайна догIург доьху цара. Акцехь дакъалоцуш гIалгIай а, нохчий а бу. Цара низамехь доцу хIума а дац деш. Ши кIира хьалха цара хаийтинера, Iедало делларг шайна схьа ца кхачийтахь, и акци шаьш хIоттор ю аьлла. Селхана делкъехь 12 сахьт долуш дIайолийна оха мацаллин акци. Кхерамазалийн кхеташонан куьйгалхо Котиев Ахьмад и бахьанехь веъна, зударех а летта».

ГIалгIайн Iедалшна тамехь ца хета мухIажирша, шаьш юхьIаьржа а хIоттош, и акци йолаярна. Цундела шаьш долчу ца вогIуш наггахь даржхо а ца висина боху мухIажира.

Джабраилова: «Схьавеъ-веънарг кхерамаш туьйсуш ву. Шайн нохчий махка а гIой, цигахь дIахьо боху акци. Церан цхьа а гIуллакх дац тхо цига хьежо. Оха низамехь доцург ца доьху. Цаьрга доьхуш а дац сертификаташ, уьш тхуна лерина дара, уьш доьху-кх оха. Котиев Ахьмада, шуна 15 минот хан ю, я шу дIадовлу, я оха ОМОН а яийтина, Нохчийчоьнан дозане дехьакхуьйсу шу, аьлла. Боьха а, цIена а, ца дуьйцуш хIума ца дитина».

Ша телефончухулла къамел дечу хенахь а кертахь шортта Iедалхой бу бохура Джабраилова Маликас. Амма, шаьш кхайкхийна мацалла сацо дагахь дац, элира цо.

Джабраилова: « И зударий шайн акци дIаяхьа лерина бу. Церан гIора а дац бистхила. Церан векал йолчу суна селхана гIалин дас а, цуьнан гIовсо а массо а агIор Iаткъам бан болийна, оха хьан доьзал лоцуьйтур бу, бохуш.

Карабулакерчу «Промжилбазин» кертахь хIоьттинчу суьртан терго еш бу бакъоналаръярхой. МухIажиршца кхолладеллачу хьолана Iедал бехкедо царех дукхахболучара. «Нохчийн къам кIелхьардаккхаран комитет» цIе йолчу цхьанакхетараллин куьйгалхочочо Бадалов Руслана ишшта туьду лелаш дерг.

Бадалов: «ХIара гIулалкх гена а ца доккхуш, дан йиш йоллушехь, латтош ду Iедалша. Луш долчу ахчанна тIехь деш Iуналла а деш, догIург тоххарехь мисканашна дIадала дезаш дара. Уьш чеха а ца беш, йюьхьIаьржа а ца хIиттош хIума дан дезара. Церан гIуллакх кхочуш дича, хIора шарахь дуьйцуш долу хIара къамелаш хир дацара».
XS
SM
MD
LG