ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ламаз деш лаьттарш дIасалахка, аьлла цо цаьрга"


Садовская Алёна

ГIалгIайчохь 17 полисхо балхара дIаваьккхина митинг бахьана долуш. ХIун даьлла цаьргара?

Журналиста Шевченко Максима шен YouTube блогехь довзуьйту ша ГIалгIайчуьрчу полисхочуьнца, лакхарчу лейтенантца, хадаран батальонехь взводан буьйранча лаьттинчу Хамчиев Тимурца дина къамел. Деношкахь, Магасера митинг дIасалаьллинчул тIаьхьа, балхах йохийна ерриг батальон. ДIаваьккхинчу 17-ннах виъ эпсар ву.

Хамчиевс дийцарехь, бахначу беттан 26-27 денойн буса, 3 сахьт долуш, батальон гIаттийна, сихха гуламхой болчу дIахьажийна. Омра динарг вара, боху эпсаро, мехкан полицин куьйгалхочун гIовс Полещук Михаил. 50 гергга полисхо кхаьчна мехкан телевизионан майдана (цигахь бара гулам).

Шаьш гуламхошка дистхилара, церан хьалханчашка Погоров Ахьмаде а, Барахоев Ахьмаде а, низам кхидIа талха а ца деш, дIасадовла элира, боху Хамчиевс.

Лидерша полисхошка аьлла, сих ма лахьара, кегийрхой берта а балийна, дIагIур дара шаьш майданара.

Амма оцу юкъанна гулам дIасабаккха чухьаьдда Росгварди (арахьара тIебалийначу белхахойх лаьтта ГIалгIайчоьнан Iедалх дозуш а доцу Росгвардин дакъош). Ницкъаша гIоьртина иза нах лехка, амма аьтто ца баьлла – гIенташ тIелестош, тIулгаш детташ, дуьхьаллиэта буьйлабелла гуламхой.

Шаьш, гIалгIайн полисхой, оцу муьрехь Росгвардина гIодеш дара, шаьш нехан карара бехира охьаэгна ницкъхой, боху Хамчиевс.

Наха лайна Росгвардин хьалхара штурм – бисина шаьш лаьттачохь. Ткъа гIалгIайн полисхоша доьхуш хилла, Хамчиевс дийцарехь, шайн хьаькамашка гуламхошца барт лахар, нах шайн лаамехь дIасабовлийтар.

ШолгIа штурм йолаялале Хамчиев ша тIевахана лидерна Барахоевна, "гуламхой харц бу", "митинг низаме яккха аьтто бун шун", дIасагIо, "кхузахь шу дуьтур дац латта", баьхна цо.

Оцу миноташкахь кхарна тIевеъначу Полещука Хамчиевга шен взводца цхьаьна майда йита, мукъаяккха, аьлла буьйрдина.

"Цо ишта аьлча, тхо, ерриг а хадаран батальон, сихха дIаяхара оцу меттера", чIагIдо Хамчиевс.

Цо бахарехь, рогIехь Росгварди гуламхошна тIегIоьртича, иза а, цуьнан взводера массех накъост а, тIе а вахана, дIахIоьттина Барахоевна хьалха. Гуламхошца къамел а дина, дIабахана уьш. Шаьш дацара майданахь Росгварди тIелетачу минотехь, чIагдо эпсаро.

Митинг йохийначул тIаьхьа, лелларг-хилларг луьстуш, Хамчиев а, цуьнан взвод а бехкейина, цара Росгвардина новкъарло йина гулам дIасабоккхуш, пен хIоттийна, протестхошкахьа яьлла, аьлла.

"Тхо данне а дацара гуламна гергахь, иза бохочу сахьтехь", дуьйцу Хамчиевс. Амма Iедал ца тешна – йохийна ерриг а батальон, балхара дIаваьккхина 17 стаг.

"Полисхочун сийлахь цIе бахъярна" аьлла ду арахецна омра.

Шайна доцург тIекхоьллина, шаьш цIий ца Iанийта гIоьртинера, амма дацара Росгвардина духьалдевлла, дIабаьхначех цхьаберш-м балхахь а бацара оцу буса а, митинг йохочу шолгIачу дийнан Iуьйранна а, боху Хамчиевс.

"Балхахь хилла боцучех" ву, масала, полицехь 19 шарахь къахьегна Тумгоев Рашид.

"Омранехь боху, тхоьгара куьйгаш лахьийна, тхоьгара даьллачух тхо кхетийна". Иза бакъ дац", дуьйцу эпсар лаьттинчо.

"Шу митинг шайн баккъашца дIа а къевлина, Росгвардина дуьхьалдевлира", боху тхоьга, дацара тхо ишта лаьтташ, баьхна оха дуккхаза а, амма тхоьга ладугIуш стагга а вац хIинца", - дагахьбалламе ду Хамчиевн дийцар.

Цунна хетарехь, харц къамел даьхьина хьаькамаша Евкуров Юнус-Бекна тIе, тешна ву Хамчиев. ХIинца иза сатесна ву шенна мехкан куьйгалхо гаре, цо ша тIевитаре, цуьнга хьал ма-дарра дийца.

ДIасалаьллинчу гуламан лидерех цхьаьнца, Погорв Ахьмадца, къамелдира "Кавказ.Реалиино". Цунна хетарехь, Хамчиевс а, цуьнан декъо а гуламхой ларбеш санна сурт хIоттарна бехке бу майдана баьхкина хилла полицин хьаькамаш – цара ма-аллара дIахIиттина хилла ницкъхой, цундела нисделла церан гуламхошна букъ тоьхна латтар, Росгвардина духьалбирзина дIахIиттар.

"ГIурт бара. Хьолан доладойла дацара церан. Буьйранчас аьрру агIор берза элира полисхошка, юха, аьтту агIор, тIаккха – "Готоха". Ас дуккха а бина полицехь болх, суна девза и бераш, вайн гIалгIайн полисхой, дукхахберш доьналлица гоьбевлла бу, цхьаболучийн да-нана а дац… Уьш шайга аьлларг кхочушдийр долуш баьхкина гуламна тIе, амма хьаькамийн харц омранаша тилийна. Полещука пайдаэцна хиллачух. Белхан чоьнашкахь беха мукхадахк, яц цуьнан полицехь хила бакъо! "- боху Погоровс.

Цунна хетарехь, митинг лалла веъначу Полещука шегара девлла гIалаташ гIалгIайн полисхошна тIететтина. "Ламаз деш лаьттарш дIасалахка, аьлла цо цаьрга, хIинца масо а хили бехке, иза ша воцург", - элира Погоровс гIалгIайн полицин агIо лоцуш.

Ши кIира гергга хьалха баьржира хаам, митинг дIасалалла цалиина полисхой бохийна балхара, аьлла. Амма ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллерчу пресс-гIоьнчашна ца лиира хиллачун хьокъехь "Кавказ.Реалиица" къамеле бовла.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

Путин велла дIаваллалц президент хила веза аьлла хетий шуна?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG