15, 5 тонн моз хьажийна СаIудан Iаьрбийн пачхьалкхе ГIагIайчура, gazetaingush.ru. интернетан ресурсо. И сурсат цIена а, лаккхара дикалла йолуш а хилар билгалдоккху сайто.
2016-чу шарахь президент Евкуров Юнус-Бек коьртехь волу гIалгIайн делегаци яханера СаIудан пачхьалкхе.
Цигарчу Iедалша барт бинера гIалгIаша цу махкана моз а, стоьмаш а, жижиг а дохка.