ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Инстаграмехь емалдина UFC-н латархочун Гейджин Нохчийчу вахар


Джастин Гейджи
Джастин Гейджи

Инстаграме йазбеллачара емалдина UFC-н хиллачу чемпионан Гейджи Джастинан Нохчийчу вахар. Цуьнан социалан машанерчу агIонехь масех иттаннашкахь комментареш гучуйевлла, цига вахарх шаьш кхетаде бохуш, тIедожош.

Доккхачу декъанна, социалан машанашка йазбеллачара хоьтту спортхочуьнга, Нохчийчоьнан куьйгалхочун воIаршца цхьанакхетар хиллачул тIаьхьа суьрташ зорбане стенна ца даьхна цо, иштта кхайкхамаш бо, адамийн бакъонаш даим хьоьшучу оцу регионе ма леста бохуш.

Царех цхьахйолчу комментарийна жоп делла, хьалхо Гейджица цхьаьна доьзалан резиденцихь сальто йеш даьккхина сурт зорбане хIоттийнчу Кадыровн 15 шо долчу кIанта Элас. "Муха Iаш вара Кадыров?" аьлла деллачу хаттарна жоп делла цо: "ЧIогIа дика ву" аьлла.

Карладоккху, лахьан-баттахь Нохчийчу веара Гейджи экс-чемпионашца Iусман Камаруца а, Сехудов Генрица а. Экскурси йеш, Украине тIамтIе хьийсон лаамхой бу бохурш кечбечу Гуьмсера Оьрсийчоьнан спецназан университетан полигоне бигира уьш, цигахь йоккха топ а, гранатомет а йеттийтинера цаьрга.

Нохчийчу шаьш дахарх дийцинарг цхьа Гейджи бен вац. Твиттерехь хиллачу къовсамехь цо дIахьедина, берийн дезачу денна (хетарехь Кадыровн кIентан Адаман вина де) кхайкхина вара ша, мехкан куьйгалхочуьнца цхьанакхетта вац аьлла. Украинана дуьхьал тIемаш бан бохуьйту "лаамхой" кечбечу полигоне вахарх дуьйцуш, герз кхусуш хазахета шена аьлла кхетийна спортхочо. Полигоне вахарх кхетийра цо герз кхусуш хазахеташ ву ша аьлла.

ТIаьхьо США-н Пачхьалкхан департаменто дIахьедира, Американ бахархошна Оьрсийчу ца лестар хьоьху шаьш аьлла.

"Оьрсийчу кхерстарх тхан рекомендаци юьсуш ю "Ма эха цига" аьллачу тIегIанехь цхьа могIа бахьанашца, иштта Укриане гIортарна а, Американ бахархошна Оьрсийчоьнан къайлаха сервисийн белхахой тIаьхьабийларна а…", - аьлла Пачхьалкхан департаментан векало. UFC-н спортхойн хьокъехь цхьана а кепара барамаш тIеоьцур буй, ца дийцина спикеро. Лигин куьйгалло а йеш комментарий йац цунах лаьцна.

  • Дуьххьара веана Нохчийчу Гейджи а, Сехудо а, Iусман хилла республикехь 2020-чу шеран лахьан-баттахь – оцу тIехула малхбузерчу журналисташа емалвира иза.
  • 20I8-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца цхьанакхетар бахьана долуш критика йира Мисарарчу футболан спортхочунна Салахь Мохьаммадна.
  • Кху шеран аьхка The Guardian ресурсан журналисташа бехкбаьккхира нохчийн боксерера Бетербтиев Артурера Кадыров Рамзанца доттагIалла лелорна. ГIирсо дагадаийтира, 37 шо долу спортхо Канадин вахархо хилар, цигахь тренировкаш йеш, турнирашкахь дакъа а лоцуш, амма Нохчийчу леста урхалхо волчу, цуьнца суьрташ дохуьйту, цуьнгара совгIаташ схьаоьцу аьлла. Доккхачу декъана, стохка Бетербиевна республикан цIарах "Мерседес-Бенц" машен а, "Соьлжа-ГIалин сийлахь вахархо" аьлла цIе а луш, совгIат дира.
  • Хьалхо США-н арахьарчу активашна тIехь Iуналла латточу финансийн министраллин урхалло "Iаьржачу тептаре" язбира шайн бахархошна а, резиденташна а бизнес лелон дихкина нах, Кадыров Рамзан а, цуьнан доьзалхой а бара цу юкъахь. Украинера тIом бахьана долу санкцеш яьхна Кадыровна а, цуьнан гергарчарна а дуьхьал.
  • 20I7-чу шеран гIуран-баттахь США-н финансийн министралло "Магнитскийн тептаре" вазвира Нохчийчоьнан куьйгалхо. Кхел йоцуш нах байарна а, Iазапаш хьегийтарна а, кхин долчу адамийн бакъонаш талхорца доьзначу зуламашна а бехкевинера иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG