ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Инстаграмера шайн аккаунт дIакъовларх хаийтина "Проекто"


Баданин Роман
Баданин Роман

Оьрсийчоьнан Iедалша оьшуш йоцу организаци леринчу "Проектан" коьртачу редакторо, Баданин Романа (Арахьара агент лерина хьоста Оьрсийчоьнан Iендалша) хаам бина, инстаграмера шайн аккаунт дIакъовларх. Социалан машанна дозанаш тохаран бахьана лерина, "юкъараллан барамаш бохор". Фейсбукерчу шен пена тIехь яздина Баданина цунах лаьцна.

Стенца къепе йохийна социалан машан администрацино ца хаийтина. Верриг а "Проектан" инстаграм-аккаунте язвелла вара 20 эзар стаг.

Кху беттан 15-чохь, инарла прокуратуран сацамца, Оьрсийчохь оьшуш йоцу организаци ю аьлла, дIакхайкхийра "Проект".

"Пачхьалкхана а, цуьнан конституцин кепана а кхераме" бу хаамийн гIирсан болх аьлла, дIахьедира прокуратурехь. "Проектан" журналисташ Баданин Роман а, Маняхин Петр а, Чуракова Ольга а, Железнова Мария а, Лукьянова Юлия а, ишта "Открытые медиа" гIирсан журналисташ Ярош Юлия а, Гликин Максим а, Свобода Радион журналист йолу Маетная Елизавета а, уьш берриш а арахьарчу агентийн тептаре язъйина.

"Проект" Оьрсийчоьнан интернет-ресурс ю, 2018-чу шарахь журналисто Баданин Романа кхоьллина йолу. Талламаш бечу журналистикаца йоьзна яра и проект.

"Арахьарчу агентийн" тептарехь ву карарчу хенахь 28 журналист а, редакци а, ю царлахь Радио Маьрша Европа/Маршо Радио (Радио Свободная Европа/Радио Свобода) медиакорпорацин оьрсийн маттахь контент арахоьцу 10 проект а, оьрсийн Свобода Радиоца болх бен виъ журналист а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG