Бакъонаш къуьссуш болчарна хала деара хIара дIадоьдуш долу шо. Тахана, Дуьненаюкъарчу Бакъонийн Дийнахь, Маршо Радионо хьахабо кху шара гIарабевлла болу бакъонаш ларбархой
2012-чу шеран 12 бакъонаш-Iалашъярхо
5
Ай Вэйвэй, суртдиллархо, жигархо, Китай. Ай Вэйвэй шен кхоллараллица гоьваьлла дерриг дуьненчохь. Стохка Iедалан коррупцина критика яр бахьанехь Айс 3 бутт баьккхира набахти чохь.
7
Букерт Питер, Human Rights Watch, Цхьаьнатоьхна Штаташ. Букерт - Либин лидер Каддафи МуIаммар вер толлуш арабаьккхинчу белхан авторех цхьаъ ву.
8
Муквеге Денис, лор, Конго. ХIокху сохьта пачхьалкхана арахьа шен могашалла меттахIоттош ву, шена вен тIелатар динчул тIаьхьа.
9
Козлов Владимир, оппозицин лидер, Казахстан. Козлов оппозицин партина "Алга!" а, "Халкъан Фронтан" а коьртехь ву. Президент Назарбаев Нурсултанан луьра критик. 7,5 шо хан а тоьхна, набахтехь хан токхуш ву.