ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

​Билдт Карл: Киевна луш йолу хIора пряник, Москохна тухуш йолу шед ю


Швецин арахьарачу гIуллакхийн министр Билдт Карл.
Швецин арахьарачу гIуллакхийн министр Билдт Карл.

Малхбалерчу Европан пачхьалкхашкахь хуьлучунна жигара юкъаозийна ву малхбузера политик, Швецин арахьарчу гIуллакхийн министр Билдт Карл. Оьрсийчоьно шена гонаха йолчу пачхьалкхашца лелош дерг бахьана долуш ша саготта хилар хаийтина цо дуккхаза а. ГIирмах а, Приднестровьех а лаьцна а, и конфликташ дIаерзош Малхбузенан болчу аьттонех а лаьцна ю Билдт Карла Маршо Радионна елла интервью.

Маршо Радио: Политикан гонашкахь а, зорбанан гIирсашкахь а хьехош ду Украинехь хилларг бахьана долуш Евроберто а, Iамерко а Iамо еза Оьрсийчоь, Москохана дуьхьал мелла а луьра экономикан санкциш а кхайкхийна бохуш. Хьо реза вуй цунна?

Билдт Карл: Цхьадолчунна реза ву. Суна хетарехь, уггаре а коьртаниг Украинина гIо дар ду. Керла Украинин демократи кхиаме хилийта гIо дан деза. ГIо дан деза, иттаннаш шерашкахь ледара куьйгалла дарна хIоттинчу экономикан халонех иза хьалха яккха. Иза ю тхан коьрта Iалашо. Киевна луш йолу хIора пряник, Москохна тухуш йолу шед ю».

Маршо Радио: Оьрсийчоьно ГIирма дIалацча дукха гIийла реакци йира Малхбузено. Мелла а шуьйра экономикан санкцийш кахайкха йойла дуй Москохна, нагахь далахь, маца дан деза иза?

Билдт Карл: Экономикан санкцеша, шеко а йоцуш, жамI дохьур ду, уьш эвсаре а хир ю аьлла хетачерах вац со. Дера цара вочу агIор тIеIаткъам бан а мега Оьрсийчоьнан экономикана. Амма шеконехь ду цу санкциш оьшуш долу политикан жамI дохьур ду бохург. Суна хетарехь, коьртаниг ду Оьрсийчоьно юьхьарлаьцначу Iалашонна иза тIе ца кхачийтар.

Гергарчу хенахь ГIирма цуьнан олаллана къеллара яккха хала хир ду. Амма, суна хетарехь, юкъайиллинарг хIинца ГIирма яц, Украинин кхане ю. Цундела тхуна мехала ду Украинина кхиам баккха аьтто бар. Коьрта фактор хир ю мичахь а, мел доьналла долуш а хир ю Украина шиъ, пхиъ, итт шо даьлча бохург.

Маршо Радио: Украине шен тергамхойн мисси хьажош ю Европехь кхерамазаллехула а цхьаьнабелхана а вовшахтохаралла (ОБСЕ). Хьуна муха хета, аьтто бера буй цера ГIирме кхача, ткъа аьтто ца балахь Евроберто шен мисси хьажо езий цига?

Билдт Карл: Оха иза дуьйцу дуккха а хан ю. Евробертан мисси цигахь хилча дика хир дара. Амма ОБСЕ-н мисси а цкъачунна тоьаш ю. Оьрсийчоьно дуьхьало еш дара и хаттар. Оьрсаша новкъарло йора шайга ма-ялло. И бахьана доцуш и мисси аьтто боцуш йисина ГIирме яха. Иза халахеташ ду. Амма со тешна ву тергамхой мелла а сиха цига дIакхочур бу аьлла. Уггаре а хьалха Украинин къилбера а, малхбалера а регионашка, Оьрсисйчоь уьш илла-билла а кхечу кIошташка а баха беза бохуш чIагIйелла ялахь а.

Маршо Радио: Приднестровье дIалаца-м гIоьртар яц Оьрсийчоь? Иза хила мегар аьлла саготта вуй хьо?

Билдт Карл: Сан сагатдийриг дерриг а хIоьттина долу хьал ду. Зазадоккху-беттан 1-чу дийнахь Оьрсийчоьнан федералан кхеташоно сацам бинчул тIаьхьа Оьрсийчоьнан президентана бакъо елла эскарх пайда эца Украинин территори тIехь. Ткъа тхуна хаа Украинин дозанашна тIеоьзна вуно доккха Оьрсийчоьнан эскаран дакъа хилар.

Приднестровьеца йоьзна сигналаш ю кхочуш. Масала, Одессера хаамийн гIирсаш дуьйцу цигахь тIеман барзакъ доьхна Оьрсийчоьнан лерринчу ницкъашца зIе йолу адамаш гина бохуш. Украини къилбехь хуьлуш дерг, ГIирмера Одессе кхаччалц йолчу территорина тIехь хуьлуш дерг тидамехь латтто дезаш ду.
XS
SM
MD
LG