ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Теракташ дан тIехьехарна 11 шо хан тоьхна дагестанхочунна


Малхбузерчу тIеман гонашкарчу шолгIачу кхело набахтехь даккха 11 шо хан кхайкхийна Дагестанерчу вахархочунна Юсубов Юсупна, шена бевзарш теракташ дан юкъаийзорна. Кхело тIечIагIдина лору, шен накъост Кайбаков Руслан бертавало гIиртина иза Москварчу ФСБ-н гIишлонна гергахь эккхийтар дайта, яздо "Интерфаксо". Цуьнца цхьана Кайбаковн хIусамнанас эккхийтар дан дезаш хиллера "Киевская" метрохь.

Бехк тIе ца лаьцначу Юсубовс дIахьедина кхелехь, Кайбаковс доцург кхоьллина шена аьлла.

  • Ростов гIаларчу тIеман кхело таIзар дира Дагестанерчу вахархочунна Султанов Левитанна, террорхойн гонашкахь лелла ву аьлла.
  • Кхарачой-Чергазийчохь вийна меттигера ши вахархо террорхой бара аьлла, дIахьедира уьш байинчул тIаьхьа.
  • Оьрсийчуьрчу адвокаташа а, бакъонашларъярхоша а дуьйцу, тIемалой бу бохуш лецначу наха, кхелашкахь дуьйцуш хилар, шаьш бехк тIелаьцна шайна таллам боьдуш ницкъ бина хиларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG