ТIекхочийла долу линкаш

Иракъерчу а, Шемарчу а тIемашкахь дакъалоцуш, я чохь Iашшехь йохийначу хIусамашкахь белла вуно дукха бу кавказхой, къаьсттина нохчий.

Оцу нахах дисина бераш хааделла Мосул ДАIИШ-ера яккхинчул тIаьхьа БагIдадерчу берийн хIусамехь. Иштта бу Оьрсийчоьнан электронан хьостанаша баржийра хаам.

Амма кхин генадаьккхина дина хIума дац, Нохчийчу Тагиров Билал а, Саратов гIала Уханова Лиза а – ши бер цIа далош гайтар доцург. Бакъду, хаийтина пхеа беранна Оьрсийчу юхакхачо кехаташ кечдеш дуйла а, иштачех кхин а 28 Оьрсийчуьрчу регионашкара бер хааделлийла а.

Кадыров Рамзана ша оцу хьокъехь дечу къамелехь довзийтира Иракъехь дуьсучу берех лаьцна кхин цхьа хьал а: лецна набахтешкахь кхобучу дайшца, наношца ду цхьадолу бераш, ткъа цигара уьш арадаха вуно хала хир ду.

Тахана бераш лохуш, царех вуно хала карош йолчу информацин зIийдагаш вовшахъетташ а хьийза ши тоба – Оьрсийчохь а, Урдунехь а.

Оьрсийчохь – Russia Today телехьожийла а, Кадыровн векал Сабсаби Зияд а. Урдунехь – вайнехан диаспоран хьалханча Бено Самихь а, оцу мехкан парламентан депутат Бено Тамер а. Шина а тобано информаци цхьаьнатуху, вошашка дIаса а кхачойо.

Политикаца сан гIуллакх дац. Далург дан хьожур ву со

Урдунан кхерамзаллин урхаллийн ветеран волчу инарлас Бено Самихьа шаьш дечух а, дан тарлучух а дийцира Маршо Радиога.

Бено Самихь: «Иракъе, «хIара цIерш йолу бераш лоьху оха», аьлла, хаамаш хьовсор бу. Бехк-гуьнахь доцчу берашна хIун далур дара-те аьлла лела-кх. Политикаца сан гIуллакх дац. Далург дан хьожур ву со.

И бераш цхьа а кехаташ а доцуш ду. Я Москох, я Рамзанера (Кадыров – МР) уьш ца делча йиш яц. Ткъа Урдуно лур дац Оьрсийчу дига дезачу берашна паспорташ, уьш кхузахь дахалур а дац. Цундела и кехаташ дахар хьалхадаккха деза, бераш байлахь дисина делахь».

Урдунерчу а, Иракъерчу а "ЦIен Беттаса" организацица зIенехь а болуш, лоьху нохчийн юкъаралхоша байш. Нохчийчохь а бу Бено Самихьна информацица гIодеш нах.

Мосулехь дисинчу берех лаьцна дийца долийчхьана схьа, цигахь шайн-шайн бераш ду цIадерзо дезаш, олий, Маршо Радиоца зIене а буьйлу Иракъе дайша, я наноша дигинчу берийн гергарнаш.

Амма берийн балакхаьчначу массо а агIонашна новкъарло еш цхьа хьал ду: нах кхоьру Оьрсийчуьрчу хьукматаша шайн гергарнаш ДАIИШ-ехь бара аьлла дийцича, шайна зен хиларна. Кегий бераш цIадерзо а лаьа, берийн дай-нанойх, шайх оьшу информаци охьайилла а ийзало уьш.

Хабар кхаьчна берийн нана а кхелхина, аьлла.

Иштта дийцира, масала, ша шен йолчу таронца, Мосулехь дай-наной а белла, шина доьзалх дисинчу берах лаьцна хезнарг-дуьйцург лахьош, Маршо Радиоца Нохчийчуьра зIеневаьллачo.

Нохчийчуьра вахархо: «Австрера дIавахана вара иза, кхузара вахана а вацара. Ша иза кхо шо хьалха кхелхина. ХIусамнана а, бераш дара цигахь дисина. Уьш цIа ца бахкалуш, цигахь 7-гIа доьзалхо дуьнентIе а ваьлла.

Хабар кхаьчна берийн нана а кхелхина, аьлла. Бераш Мосулехь ду боху. ХIинца и бераш цIа далоp гIайгIа бу. Иза муха дийр дара те бохуш, т1аьхьавалла лела со. Дехар ду, гIодойла долучо иза дар.

Пхи йоI, ши кIант ду. Йоккхачун 15 шо ду. Массо а бер Австрехь дина ду. Берийн дара Гуьмсан кIоштара ву. Талламна хаийта, цIахь йижарий а бу".

Цигахь уьш муьлш бу ца хаьа, стенгара бу а ца хаьа, фамилеш а ца хаьа

Маршо Радио иштта зIене елира Нохчийчуьрчу вахархочо хьехочу берашна массарел а герга йолчу Францехь ехачу зудчуьнца а. Иза цхьана беран денана ю, ткъа ворхI беран дейиша а ю. Цо бахарехь, дерриг а 10 бер ду цо цIакхачаре сатуьйсуш.

Францера яхархо: «Паспорташ дагийна, цигахь йоккху цIе Абу Хурейра ю, цуьнан кхин цIе цигахь евзаш а яц. Цигахь уьш муьлш бу ца хаьа, стенгара бу а ца хаьа, фамилеш а ца хаьа церан.

Несо ша стенгара ю соьга ца аьлла, Дагестанера, Хасу-Юьртара юйла а, цIе Фатима юйла а алар доцург. Цуьнан шеца дIадигина шен ши бер а ду, сан воIе маре яхча вина кIант а ву - Билал, 2015-чу шарахь вина.

ЗIенера дIабевлла дикка хан ю. Уьш а бац хезаш, я сан вешин зуда а яц".

Иштта бу Нохчийчуьрчу а, Францерчу а шайн гергара бераш лоьхучу шимма массарна а хазо торуш бина хаам. Ткъа юьззина информаци а, берийн суьрташ а цара Маршо Радиона теша а дина, уьш кхачо деззаче оха дIакхачийна.

Хьахийна проблема – дерриг охьадилла нах кхерар – есачу меттехь иккхина яц. Хаьа нахана Малхбале бахначу гергарчарна амнисти хир йоцийла а, шаьш дацара цига даханарш, гергарнаш бара аьлла доцуш, хьаькамаша ца хьедеш дуьтур доцийла а.

Нагахь санна Оьрсийчуьрчу Iедална баккъал а бераш тIеман аренашкара даймахка дерзо лаахь, ца долу иза бераш лоьхучу нахера стешхалла дIа ца яьккхича, царна кхерамзалла ца кхачийча.

XS
SM
MD
LG