ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанера – Шема кхаччалц: Рустамова Гульнарин некъ


Рустамова Гульнара, ХIинжа-ГIала, 2012 шо
Билалов МаIаз

Кхетам хийцабелира бакъоларъярхочун, шен къийсамо иза кхачийра ДАIИШ-е

Ша агIолаьцначаьргахьа луьра къовсарца гоьяьлла бакъоларъярхо яра дIадахначу шерашкахь Рустамова Гульнара. ДАIИШ-ан тIаьххьарчу гIопехь – Бахгуз гIалахь – кхелхина иза еарийдийнахь.

"Кавказ.Реалиин" болчу хаамца, зударий а, бераш а чугулдинчу меттехь хилла иза. Хьостано дийцарехь, тIеман тохар шаьш дале, зударшна берашца цхьаьна шайн карабахкар тIедожийна эскарша.

"Царна дийнахь а, буса а герзаш тIедиттина. Буса - бомбанаш, дийнахь – яккхий тоьпаш. Яийтинчу видео чохь Гульнара ю йогIуш, гIожна тIе а тийжаш, цунна тIаьхьахIоьттина йогIу кхин цхьа зуда. Герзаш кхуьйсучу меттера тIаьххьара арабовлучу зударшлахь яра Гуля. Ткъа и меттиг йита йиш а йолуш, иза дан аьтто беллачу хенахь цо ца дира шега бохург, ша ен тарлуш дуйла хуъушехь", элира тхоьга кхелхинчунна гергахь волчу стага. Оццу маьIнехь Рустамова евзинчу, цуьнца цхьана меттехь яьхначу кхечу зудчо ду Instagram-ехула даржийнарг а.

Яхначу заманахь Дагестанехь байна нах лоху юкъаралла кхоьллира Рустамова Гульнарас. Цуьнан шен кхоллам а бара иза евзачун дог Iовжош. 2012-чу шарахь республикехь лерина операци дIахьош йийра цуьнан йиша, тIемалочун зуда, Динара (Асма). "Гульнарас дукха дийхира йише гобинчу цIа чуьра ара а яьлла, Iедалан караяхар, амма гIуллакх ца хилира. Циггахь, ала мегар ду, чекхбелира Гульнарин бакъоларъярхочун болх", - дийцира "Кавказ.Реалиига" Рустамова евзаш хиллачу бакъоларъярхочо Б. Заура.

Йиша еле хьалха а дацара зудчуьн дахар аттачех. 2010-чу шарахь федералан прессо, террорхо хила тарло иза аьлла, даржийра Рустамован сурт. Цхьаболчу журналисташа даржо долийра, Гульнарин юкъаралле дIагулбелла эгначу тIемалойх бисина зударий, бохуш.

Гульнарас ша дуккхаза а далхийра ницкъхоша шена тIеIаткъамаш беш, боккху ког тергалбеш хиларх лаьцна. Делахь а, иза Шема яхарх а, ДАIИШ-ан могIаршка хIоттарх а цецбуьйлура нах – иза бакъоларъярхо яра церан бIаьргаш чохь.

Иза евзаш хиллачу Б. Заура иштта дийцира: "Ма-луъу кхетор ду цунах лаьцна, амма шен заманахь дукха митингаш латтийна, ницкъхоша ен гIело емалйина стаг ю Гульнара. Тоьпан гIопа тIехула лела адам дара иза. Дагестанехь цунна уллехIиттина лелара Iожаллий, гамой - гергарнаш хIаллакбеш латтаррий, ницкъхошна иза цаезаррий. Ткъа иза Шема яхаро цец-м бехира массо а".

Цуьнга шен берашца цхьаьна Европе дехьаялар дехнера накъосташа дуккхаза а, амма шен даймахкахь эшамаш лайначу цо хаьржина кхоллам бу цо ДАIИШ-ехь берзийнарг, боху Заура.

Кхечу бакъоларъярхочо-дагестанхочо, зудчо, шена иза евзина хиларе терра делира "Кавказ.Реалиино" динчу хеттаршна жоп. Шена "лазаме ду Гульнарин некъ иштачу меттехь, оцу кепехь берзар", элира. Рустамова Шема яхаро ша а яьккхира цец, цуьнан цигара дахар бохамо хадорна кхоьруш Iара ша а, шен накъостий а, бохура дагестанхочо.

Рустамова Гульнара Шема кхачаро ша вуно чIогIа цецъяккхира, иза цигахь хилар шена Шемара цIабалийначу зударшкара хиира, ДАIИШ-ан пропаганданах Iехабеллачех яра иза, элира "Кавказ.Реалиига" Нохчийчоьнан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонан декъашхочо Саратова Хедас.

Комментареш

New Comments Available

Пайхамарна ехкина карикатураш гайтарна Францехь хьехархо вер муха туьду аш?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG