ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Исламан пачхьалкхаца" уьйр йу аьлла Гуьржийчохь дIалаьцна ПIаьнказан вахархо


ПIаьнказан чIоже, Кахети, Гуьржийчоь
ПIаьнказан чIоже, Кахети, Гуьржийчоь

Гуьржийчоьнан кхерамзаллин урхалло дIалаьцна ПIаьнказан вахархо Паксашвили Малхаз. Иза бехке лоруш ву "Исламан пачхьалкхе" цIе лелочу дуьненайукъарчу террористийн тобанехь хиларна. Наибан даржехь (куьйгалхочун гIоьнча) волуш. ДIалаьцначо и бехк шена тIелоцуш бац.

Официалерчу хаамашца, Паксашвили 2013-чу шарахь Шема пачхьалкхе воьду аьлла араваьлла, цигарчу тIамехь цо жигара дакъалаьцна. Цуьнга дIакховдийна бехк Гуьржийчоьнан бехкзуламан кодексан террористийн цхьаьнакхетаршкахь дакъалацар артиклаца богIуш бу. Цу бехкана 10 шарера 17 шаре кхаччалц хан йогIу.

Гуьржийчоьнан прокуратуро даредина, Паксашвили Тбилисерчу кхело сацийна латтош хиларна.

ПIаьнказан чIожерчу бахархоша дийцира, Паксашвили Малхаз тIаьхьарчу шерашкахь шен доьзалца Ценубани олучу йуьртахь Iаш ву, аьлла. Иза Ахмет гIала хеттарш дан кхайкхинера, цигахь дIа а лецира, олу цара.

Кавказ.Реалии сайтан Панкисерчу хьостано дуьйцу, Паксашвилин схьавалар ПIаьнказара дац бохуш. Амма тIаьхьарчу бархI шарчохь цигахь ваьхна иза. Цо бусулба дин тIе а эцна, цигахь цунах Мухьаммад олура.

"Iедалхоша иза ИГИЛ-ан тобанера цхьаъ ву боху, амма цуьнан доттагIаша, цуьнан Гуьржийчохь бархI шарчохь маьрша вахаран тоьшаллаш до. Iедална иза дIалаца дагадеана. Цул совнах суна хууш хIумма дац ",- олу къамелахочо.

СМИ хаамашца, кхелан ладогIаршкахь Паксашвилис ша бехке вац аьлла, дIахьедира. ГIуллакхан кхинйолу агIонаш гIарайохуш йац, уьш "къайлах дерг" аьллачу билгалонца къевлина хиларна. Бехке лоручо шена адвокат ца оьшу аьллийла а хууш ду.

  • Гуьржийн ПIаьнказахь XIX бIешарахь дуьйна схьа Iаш нохчий бу. Уьш берриге аьлча санна меттигерчу йукъараллах боьлла бу, царна массарна шайн мотт санна дика гуьржийн мотт а хаьа. Цигарчу цхьайолчу йарташкахь ворхI эзар кхоччуш вахархо ву. Нохчийчохь тIемаш болчу муьрехь цига, оьрсийн эскарах кIелхьарабовлархьама, дехьабевлла республикин бахархой.
  • Европерчу адамийн бакъонийн кхело кхоччуш дика ца лерина нохчо-мIайсто Мачаликашвили Тамирлан кхалхаран талларш. ПIаьнказан чIожехь 2017-чу шарахь лерина операци дIахьош, дIакхелхина ву иза - цуьнан доьзална 25 эзар евро компенсаци магийра. Кхелхинарг граната эккхийта лерина вара бохуш Iедалхоша дийцинарг кхелана "бакъ хийтира". Мачаликашвилин гергарчара боху, шайн стаг меттахь Iуьллуш волуш вийна. Ткъа граната, и операци чекхйаьлча, веллачу цунна улло охьайиллина йу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG