ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЙогIура дешархо хьиджабо хьулйина....


Бусулба зударийн йовлакх бахьана долуш дискусси дIайоьдуш ю Оьрсийчохь а.
Бусулба зударийн йовлакх бахьана долуш дискусси дIайоьдуш ю Оьрсийчохь а.

Хууш ма-хиллара, хьиджаб олу зударша лело духар бахьанехь йоккха гIовгIа яьллера Нохчийчоьнца доза долчу Ставропол мехкан Нефтекумск кIоштахь, дешархой школе чу ца буьту аьлла.

Ма-дарра аьлча, цу доьшийлин хьаькамо Савченко Маринас ша мукIарло а деш,цо дешархошка кхийдош берг, тIелаца мегар долуш, вон некъ бац, цхьаболчу бахархоша кхеторехь. Школе схьадаьхкинчул тIаьхьа, шайна тIера юьхь-чода бен гуш доцу барзакъ дIа а даккхий, урокаш дIайовллалц, кхечара санна корта хьулбеш йовлакхаш я косынкаш тахка боху хьаькамо.

Цуьнан агIончаш кIезиг бац, Къилбаседа Кавказан кIоштан коьртехь волу Хлопонин Александар биста кхаччалц. Бакъду, Ставропол махкахь долчу зудаберийн дешархойн бакъонаш талхош ю аьлла хетачех цхьаъ ву бакъонашларьярхо Нухажиев Нурди.

Цунна гергахь, адам а, цуьнан паргIато а, бакъонаш а юкъараллин уггар а лакхара мехаллаш ю. Цундела школера дуьйна схьа берийн дегнашкахь цатешам а, мостагIалла а дебор хьашт доцуш хIума лору Нухажиевс. Дешаран а, Iилманан а министараллин векалша гIортор еш дерг соьга кхеталуш хIума дац.

Шеко а йоцуш, Оьрсийчохь дин а, пачхьалкх а ша-ша ю я-м, амма кхузахь дуьйцург Делах тешаш болчу, суьпачу нехан синхаамех а, бакъонех а хьакхалуш хIума ду, пачхьалкхана кхерам болуш,цуьнан дIахIоттамах а, йоза-дешар Iаморах хьакхалуш хIумма а дац». Ишта дIахьедарца хааме ваьлла Нухажиев Нурди.

Тахана кхузахь тергаллучу хьолаца, де дийне мел дели бохург санна, и Iаьрбийн къевлина духарш лелор алсамдолуш а, цуьнца цхьаьна уьш дийцаре дар сихлуш а ду Нохчийчохь а бакълена а дукхахболчу бахархойн а, хьехархойн къаьсттина сагатдеш хIума ду, и шалха корталеш лело дешархой ишколашкахь, йочана хIоьттича жIаьлинускалш санна дебаш хилар.

Хьехархоша къаро а еш, тахана ишколашкахь лакхарчу классашкаххьа-м хIети а, вети а, и тайпа духар тIехь а долуш, шиъ-кхоъ дешархо-зудабер доцуш наггахь класс а яц. Ма-дарра аьлча, и вайнехан духар цахиларе терра царна резабоцурш дукха бу, амма дан хIума дац. Бакъдерг дийцича, хьехархошна а, директоршна а хууш а дац ма-дарра аьлча шаьш хIун дан деза а, хIун дича, я ца дича муфтиятана гергахь шаьш нийса хир ду а.

Цхьанне а къайле а йоцуш, Нохчийчохь цхьа ницкъаллин структура йолуш санна яккхий бакъо-таронаш йолуш ю динан урхалла. Цуьнан оьгIазаллех ийзалуш ишколера куьйгалхой хIуьттуш бац цхьа хадам боллуш гIулч а яьккхина, ишколера барзакъ ишта а,ишта а хила догIу аьлла, дешархой цхьана билггалчу новкъа баха. Ткъа резабоцурш дукха бу.

Цара кхеторехь,уьншарахь дуьйна вайнехан зударша лелийначу оьздачу духаршна пе а бетташ, Iаьрбийн бедарш, гIиллакхаш юьхьарлецар совнаха, ца оьшуш хIумнаш ду. Тахана цхьа хIума магийтахь боху цхьаболчара, кхана кхин магийта дезар ду. Масала, юххера гергарлонаш хьесапе а ца оьцуш, цара санна чуьчча мареш дар, я кхин нохчаша шайна могуьйтуш доцу хIуманаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG