Бусулба Исбаьхьаллин Департамент болх бан йолаелла Гезгмашин-беттан 18 чохь Парижера Лувр музей чохь. Францин президент Олланд Франсуа а, мехкан политикаш а, иштта арахьара беза хьеший а баьхкинера церемоне. Проектана оьшуш долчу ахча - 100 миллион евро - дукхачу декъана делла бусулба пачхьалкхашкара донорша. Ткъа цуьнан Iалашо, музейно билгалдаккхарехь,- "сийлахь-йоккхачу цивилизацин нур-лепаш долу сибат" гайтар ду. Музей чохь гойтуш хир ю кхаа континент тIера еана йолу 3000 гергга артефакт.
Луврехь схьабиллина бусулба исбаьхьаллин гайтам
5
Испанера Инди кхаччалц еана гайтамера артефакташ.
6
СаIудера миллиардер Амир Валид бин Талал (юккъ) а, цуьнан зуда Амира ал-Тавил (аьрр) а, Азербайджанан президентан хIусам-нана Алиева МехIрибан а.
7
Испанера "Paon-Aquamanile" цIе йолу ваза.
8
7-гIа бIешерашкара ю хIара хIуманаш.