Израилан тIеман министеро Либерман Авигдоро кIирандийнахь дIахьедира, Шеман хIаваан системаш ша хIаллакйийр ю, нагахь санна цара Израилан кеманашна кхин цкъа а тIе герз тохахь, аьлла. “Кхин цкъа а шемахоша шайн хIаваан дуьхьало ечу системех тхан кеманашна духьал пайдаэцахь, оха уьш шеко йоцуш хIаллакйийр ю”, даладо Либерман дешнаш малхмузерчу хаамийн гIирсаша.