ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Исс эзар сом дехьадаккхарна набахте хьажийна Нохчийчуьра вахархо


Террорхойн организацина гIо латтийна аьлла, Ростов-ГIаларчу Къилбан тIеман кхело бехк тIехь битина Нохчийчуьрчу вахархочунна Дакаев Мохьмадна. Пхийтта шаре гергга хан кхачайора цунна колонехь яккха, ткъа кхело 5,5 шо кхайкхий цунна юкъарчу ражехь такха.

Талламан версица, 2014-чу шарахь шен юьртахочуьнга ши эзар сом делла хилла цо, Шемахь тIемаш бечу шайн вевзачунна дехьадккха аьлла. Цул совнах, Дакаев бехкевина кхин а ворхI эзар сом даларна, доза а хадош, Шема дIабаха дагахь хиллачарна.

Кхелан пресс-гIуллакххоша Кавказ.Реалиига хаам барехь, Дакаевс цхьана декъана бен тIелаьцна бац бехк - ткъа иза бехкево ахча дIадаларан кхаа эпизодехь, кхеле хIоттийначо даре ца дина царех цхьанна а.

Гезгамашин-баттахь Ростовхь колонехь даккха пхи шо туьйхира Дагестанерчу вахархочунна Аликберов Салимханна. Цунна дуьхьалдаьккхира, Оьрсийчохь йихкинчу "Исламан пачхьалкх" организацина 1 105 сом дехьадаккхарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG