ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Итт шерачохь Къилбаседа Кавказехь кхартанех, дифтерих мехий диттинарш уггар а кIезиг бу


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Къилбаседа Кавказан федералан гонашкахь 2022-чу шарахь массо а кхерамечу лазарех мехий диттичу берийн терахь лахделла дикка хаалуш. Оцу кепара зераш довзийтина Роспотребнадзоро.

2022-чу шарахь кхартанех ларлуш Къилбаседа Кавказехь 117 эзар берана мехий тоьхна, ткъа 2020-чу шарахь 127 эзар прививка йина. Уггар а ледара гайтам бу и итт шарчохь а, федералан гонашкахь а, къаьстина аьлча Дагестанехь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а, Ставрополь-махкахь а, Нохчийчохь а. Масала, 2014-чу шарахь кхартанех Нохчийчохь мехий диттина 75 эзар берана, ткъа 2021-чу шарахь 27 эзарна, 2022-чохь – 23 эзар берана.

Къилбаседа Кавказан гонашкахь дифтерина дуьхьал вакцинаци йар лахделла 2021-чу шарахь 129 эзарна тIера, стохкалерачу шарахь 124 эзарна. Къаьсттина кIезиг привикаш йина 2020-чу шарахь (122 эзар), ткъа уггар а дукха вакцинаци йинарш билгалбевлла 2014-чу шарахь – 157 эзар бер.

Иштта лахара ду А гепатитах мехий диттинчийн терахь а: Къилбаседа Кавказан федералан гонашкахь дерриг а 1178 бер ду мехий тоьхна. Ткъа 2021-чу шарахь 9224 прививка йира. Масала, Дагестанехь 890 берана вакцинаци йина (стохка бархI эзар, ткъа 2016-чу шарахь – 46 эзар), Ставрополь-махкахь – 288 (542 2021-чу шарахь), йисинчу республикашкахь А гепатитах прививка йинарш бан а бац.

119 эзарна тIера 112 эзаре охьадаьлла цхьана шарчохь пневмококкан инфекцих мехий деттар. Ши шо хьалха Нохчийчохь 26 эзар берана мехий диттина, ткъа 22 эзар берана вакцинаци йина стохка. Дагестанехь прививкаш йиттинчийн терахь 41 эзарна тIера 40 эзаре лахделла.

Къоман профилактикан прививкаш йечу рузмица кхартанех, дифтерих, пневмококкан инфекцих мехий детта бер дуьненчу даьллачу хьалхарчу шарахь. 2022-чу шарахь бераш дуьненчу довлар лахделла 3 процентана. Дагестанехь 42 эзар бер дина, ши эзар лахара ду и терахь шо хьлаха хиллачуьнца дуьстича. Ставрополь-махкахь – 25 эзар (эзаре охьадаьлла, - 4%). Нохчийчохь, мелхо а, тIекхетта 1,1% - республикехь 30 эзар бер дуьненчу даьлла.

  • Шо карадеачхьана оханан-бутт баллалц Дагестанехь 188 кхартанашца бер хааделла, мехий деттийтина ца хилла царех цхьа а, хаамбира меттигерчу Роспотребнадзоран урхалло. Вакцинаци ца йайтарна лазарш даьржа: пациентийн бакъонаш ларйечара билгалдоккху, официалехь "цIархазмана" бен бахархой цунах кхетош болх беш бац аьлла.
  • Нохчийчохь прививкаш муха йеш йу дийцира Кавказ.Реалиина журналисте меттигерчу бахархоша.
  • Зазадокху-беттан йуьххьехь Кавказ.Реалии сайто йаздира, Дагестанера а, ГIалгIайчуьра а эпидемиологин хьал "тIетаьIна" ду аьлла, Iедалхоша дIахьедарх. И дузура полиомиелит цамгар йаьржаш хиларца. Къилбаседа Кавказехь йуха а вакцинайи йар долийра. Бакъду, хьаькамаша ца дуьйцу билггал маса бер цомгаш ду.
  • 2020-чу шеран зазадокху-баттахь Дагестанехь кхаратанашца долчу лазаран барам кхозза лакхара бара стохка оццу заманчохь хиллачу хьолаца дуьстича. Дукхахболу цомгаш берш ХIинжа-ГIалахь бара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG