ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иттаннашкахь миллионаш дайъина Нохчийчоьно а, Краснодаран, Астраханан мехкаша а ПМЭФ-2023 йукъахь дакъалоцуш


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчоьно а, Краснодаран, Астраханан мехкаша иттанашкахь миллионаш дайъина Оьрсийчоьнан куьйгалло дIахьочу Петербургера къаьмнашнайукъарчу экономикин форумехь (ПМЭФ) дакъалоцуш. Цу барамашкахь гайтира пачхьалкхан йерриге субъекташ - цхьайолчу къилбехьарчу регионаша форумехь дакъолоцуш йина харжаш пачхьалкхан сайтехь карийра Кавказ.Реалии сайтана.

Кубанерчу бюджетера ПМЭФ гайтамашкахь дакъалоцуш дайъина 88 миллион сом - стигалкъекъа-баттахь цаьрца болх бан тендер йаьккхира "Четыре вида" цIе йолчу Москвана уллорчу гIаларчу компанино.

Нохчийчоьнан экономикин, латтанийн, йохка-эцаран министралло доьхкира 19 миллион сом, ПМЭФ-гайтамийн SPIEF Investment & Business Expo гурашкахь диъ дийнахь дакъалацарна.

Цу кеппара гайтамехь дакъалацарна 15 миллион сом гергга харж йина Астрахан-махкарчу "Лотос" экономикин декъо. Цара кхин а ши миллион сом делла конференцешкахь, презентацийн барамашкахь, кейтерингехь дакъалоцург.

Цу харжел совнах регионашкара йаьхкинчу делегацийн векалша дакъалацарна луш ахча ду - форуман сайтехь билгалдаьккхина ду и терахь, 1,2 миллион сом хIора пакетана.

ПМЭФ-гайтамехь Ростов-мехкан агIоно шайн карта ца хIоттош, Сибарехарчу федерал-гонан сурт диллинера. Цуьнан терго йира "Тютина" телеграм-канало. "Ростов-махкана инвестицеш йайта син-айъам бо оха", бохучу дешнашца кечйинера экспозици. И болх дIабаьхьира махкара инвестицеш кхиоран Агенталло, - билгалдоккху "Говорит НеМосква" медиа-гIирсо.

  • 2022-чу шарахь Краснодар-мехкан администрацин жимачу а, йуккъерчу а бизнесан инвестицийн департаменто ПМЭФ гайтамехь меттигерчу хьаькамашка дакъалацийта кечамбеш цхьана компаница барт бира. Харжан терахь 85 миллион гергга сом дара. И барт беш губернаторо Кондратьев Вениамина къаьсстина кхин цхьа омра луш документ кечдира.
  • 2022-чу шарахь Нохчийчоьнан премьер-министро Хучиев Муслима куьг йаздира, Петербургерчу XXV-чу экономикин форумехь дакъалаца шайн векалшна 5,3 миллион сом билгалдоккхуш. Иза кечамашна лерина ахча бен дацара. Иштта республикерчу бюджетера белира хьаькамашна кеманна, отелашна богIу мах.
  • 2021-чу шарахь хаамийн гIирсаша йаздира, Петербургерчу экономикин форуман декъашхойн, спикерийн таронаш ледаро хилла аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG