Шайн хIусамнаношца а, кегийчу берашца а цхьаьна Нохчийчуьра 60 сов бахархой гIерта Боснин а, Герцеговинан а Хорватица долчу дозанехула дехьабовла. Царех цхьахволчуьнца зIе тасайелира Кавказ.Реалиин.
"Iуьйранна дуьйнна дозана гергахь вовшахдетта дуьйладелира тхо, амма тхо дехьа ца довлуьйту. Боснин Iедалхошкахьара цхьана а кепара агресси йац тхоьца, оццул долу адам дозанан постехула чекхдолуьйтийла йац шайн бохуш, кхетадо цара", - дийцина Д.Муслима.
Европехь куп тоьхначу бакъоларйаран "Вайфонд" ассоциацино хьалхо хаамбира, Боснихь а, Герцеговинехь а нохчийн мухIажаршца дискриминаци лелош хиларх. Оцу пачхьалкхера араболу масех доьзал Iоттабеллера проблемех, царна Оьрсийчу депортаци йан тарло, чIагIдо "Вайфондехь".
- Кавказ.Реалиино шен сайтехь кхунах лаьцна хаам зорбане баьккхинчул тIаьхьа Хорватин омбудсмено Шимонович-Айнвальтер Тенас терго йира бакъонашларъярхойн хаамашца, Оьрсийчу дIабала хьийзош болчу, шайн махка баьхкинчу мухIажарийн хьолан. Оцу хаттарна тIехула гIуллакх диллира омбудсменан офисо.
- Австрин депортацин набахтехь латтош ву, военкоматера тIекхойкхуш кехаташ кхаьчначул тIаьхьа республикера ведда волу Нохчийчуьра ши вахархо. Уьш Хорвати йухабахийта дагахь бу – тарло, цигара Оьрсийчу царна депортаци йан а. Царна тIехь кхел йина, амма цуьнан жамI хууш дац.
- Марсхьокху-баттахь Сербин президенто Вучич Александра дIахьедира, "нохчийн а, чергазийн а" цхьа тоба йоьзна хиларх ах къобалйинчу Косовоца рогIера конфликт марсаяккхарца. Цо цIераш яьхначарлахь бара Кадыров Рамзанан рожан критикаш. ДIахьедар бух болуш хиларх шеконаш яра Кавказ.Реалиино хеттарш динчу экспертийн – царна хетарехь, президентан вистхилар Серби а, Нохчийчоь а гергаяхар ду, ткъа Вучич Балканан ахгIайри тIера бахархой кхерон гIерта "кхерамечу нохчашца" аьлла.