ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къайлах кечбинчу бухца а догIуш, Малхбале Къудсан (Иерусалиман) метта Iаьрбашна яла кечъеш ю цунна уллера цхьа юьрт

Кхо гIала ю массо а бусалбанашна еза: Макка, Медина, ал-Къудс. Царех цхьаъ Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа Израилан коьрта гIала ю аьлла динчу дIахьедаро бала боссийна иза Палестинан коьрта шахьар лоручийн дегнашка. Уггаре хьалха цара сагатдо мел маьрша хир бу ал-Акса маьждигна тIебоьду некъ ца хууш.

Билгалдаккхар

1967 шарахь дуьйна ал-Къудс Израилан куьйга кIел ю. Конфликт ерзочу хьелех цхьаъ ду, палестинахоша бахарехь, гIалин малхбалера агIо шайн коьрта шахьар хиларх даредар. Ткъа израилхошна шайнна еза ерриг а Къудс. Юридикан хьажаме диллича, дукхахйолчу пачхьалкхаша Тел-Авив лору Израилан коьрта шахьар – цигахь ю оцу махкаца юкъарло лелочу пачхьалкхийн векалташ а. Амма Израилан Iедалан урхаллаш ал-Къудсехь дIатаръелла Iа, ткъа Палестинан къоман администраци лаьтта Рамаллехь.

Бусалбанийн зераташ а санна, ю Къудсехь жуьгтийн а, керстанийн а еза меттигаш.

Iамеркан Штатийн Конгрессо Израилан урхаллаш Тел-Авивера Къудсе дехьаяхьа магийна ю дикка хан – 1995 шарахь дуьйна а. Делахь а, Трампал хьалха даржехь Iийначу президентех цхьа а ца хIуттура и сацам низаме берзон.

СаIудан элийн къайле

ПIераскан даIваташкахь дуккха а имамаша емалбина Вашингтонан сацам. Ткъа бац царалахь Маккарчу а, Мединарчу а маьждигийн имамаш – СаIудехь ал-Къудс хьехийна а яц. Бакъду, Маккарчу цхьана имама, «пачхьалкх палестинахойн бакъонашкахьа ю» аьлла, ца яьккхина я Iамеркан Штатийн а, я къовсамехь йолчу гIалин а цIе.

Цул совнаха, "Iараби Джадидо" бахарехь, СаIуда Iаьрбийчохь дихкина меттигерчу прессина ал-Къудс Израилан шахьар кхайкхор хьехон. Изза хьал ду луларчу Эмираташкахь а: бахархой цецбуьйлу, палестинахойн гIайгIа балхочу метта, шайн телегойтийлаша самукъадоккху программаш совъяхарх.

Ларамза дац и дерриг а.

Трампа шен дIахьедар далле массех кIира хьалха дарджийра Израилерчу хаамийн гIирсаша, СаIудийн коьрта элин меттиг кеста шега кхочунйолчу бен Салман Мухьаммада шогга къамелдина палестинахойн президентца Iаббас Махьмудца, нагахь санна цо Къудсах болу Трампан сацам къобал ца бахь, иза даржах вер ву, аьлла. КIайчу ЦIийно ал-Къудсанна кечбинчу кхолламах йолу къайле, Трампа шен дIахьедар а дале, бен Салман а, Iаббас а вовшахкхеттачохь хиллачу Iамеркарчу хьаькамаша яьстина шена аьлла New York Times газето.

Бахначу баттахь Iаббас Вашингтонца доттагIаллехь йолчу, къайлах барт кечбечу Эр-Рияде къамелдан вахара. Вовшашца доза доцу Газа-сектор а, Урдунан Малхбалера Берд а цхьаьна а тоьхна, Палестинах пачхьалкх ярх, палестинахоша ал-Къудс йитарх лаьцна дара и къамел.

Абу-Дис, Къудсна уллера юьрт къастон тарло Палестинан коьрта шахьар, боху прессо
Абу-Дис, Къудсна уллера юьрт къастон тарло Палестинан коьрта шахьар, боху прессо

Коьрта шахьар шена кхечу меттехь къастор дехна Палестинига - Къудсанна уллера, цунах пенашца дIакъастийна лаьтта Абу-Дис юьрт. Цул сов, ца лаьа Израилна ша Палестинехь сихха ехкинчу ярташка-анклавашка бухара бевдда дIабахана палестинахой-мухIажирш юхабрзийта а. Журналисташа бахарехь, бен Салмана дукха ахча луш хилла Iаббасна и агIо тIелоцург, амма важа реза ца хилла. Нагахь санна шина беттачохь Палестинан куьйгалхо берта ца вагIахь, иза хийца чIагIойина бен Салмана, дуьйцу прессехь. Бакъду, шиннах цхьаммо а иза официалехь тIе ца чIагIдина.

Iамеркан векалт ал-Къудсе (Иерусалиме) дехьаяккхарх ша динчу дIахьедарехь Трампа аьлла, хила тарло Палестинан коьрта шахьар оцу гIалин махбалерчу декъа тIехь. Бусалбанийн, жуьгтийн, керстанийн а цигарчу еза меттигашна статус-кво йита догIа, аьлла хета Iамеркан президентна.

«Бина барт шалхабоккху бехкбахкарш»

Iаьрбийн пачхьалкхийн Лигано емалбина Iамеркан Штатийн сацам. КъахIирехь ГIуран-беттан 9-чохь гулбеллачу Лигин арахьарчу гIуллакхийн министрша дIахьедина, «яьккхинарг харц гIулч ю дуьненаюкъарчу низамна дуьхьал», Вашингтон юхаяла еза, аьлла. Дакъалацархошлахь вара саIудахойн министр а.

Амма хьалха Израилан прессо хаамбира, Трампа шен сацам саIудахошца а, Мисарца а бартбинчул тIаьхьа бен а ца кхайкхийна, аьлла. Цундела, цо бахарехь, «Бина барт шалхабоккху бехкбахкарш» ду хIинца Iаьрбаша даржораш.

Хаттар хIоттало: хIун пайда болу СаIудан Iаьрбийчоьнна Израилна тIетайча?

Тергамчашна хетарехь, Израилан а, СаIудийн а юкъара мостагI ю шиIатойн ГIажарийчоь. ТехIеранерчу политикаша кIезиг ца баьхна шаьш Израил хIаллакйийр ю, ткъа Эр-Риядца цо латтабен къовсам Йеменерчу тIаме а тIехь бирзира, вовшахлетачу агIонех цхьанна гIорторйира ГIажарийчоьно, вукхунна – саIудахоша.

СаIудийн паччахь хила къастийначу бен Салманна арахьарчу политикехь коьрта ду ГIажарийчоьнна дуьхьаллаттар. Цу тIе, Малхбалехь Iамеркан Штаташна массарел а герга ю СаIудийн Iаьрбийчоьй, Израиллий.

Оьрсийчоьно, Iаьрба мехкаша а санна, емалйина Вашингтоно яьккхина гIулч. Къудсан проблема гIаьттина Кремлна уггаре а оьшучу муьрехь – цуьнан аьтто бу Штаташна дуьхьал ша еш схьайохьу критика шоръян.

Тамаше делахь а, IиндагIехь дисина Израилан коьрта шахьар дехьаяккхарх лаьцна Оьрсийчоьно аьлларг. Цуьнан дипломатин урхалло емалбина Трампан сацам, амма оцу юккъехула дIахьедина: Израилан коьрта шахьар хила езарг Тел-Авив яц – ю …Къудс!

«Охан-баттахь Оьрсийчоьно Иерусалим ю элира Израилан коьрта шахьар. Амма иза цхьаммо а ца ийцира тидаме», - яздо оцу хьокъехь Washington Examiner журнало.

Нохчийчохь Исламан банк схьаеллар муха хета шуна?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG