ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муха стаг вара политик Маккейн Джон?


Кросби Алан

81 шо долуш кхелхина Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн сенатор (Аризона штато ялхазза хаьржира иза оцу дарже), "Ханой Хилтон" набахтехь ялх шарахь Iазап лайна тIеман турпалхо Маккейн Джон.

Иттаннаш шерашкахь Сенатехь болх беш а, президентан кампанехь шозза дакъалоцуш а Маккейна ша гайтира проблемех лаьцна юьхь-духхьал хетарг олу а, политикехь къарвала Iаьмна воцу а стаг санна.

Шен оьмарх дисина тIаьххьара кIиранаш Маккейна дIадаьхьира Аризонерчу ранчохь, гонах доьзал а, доттагIий а болуш, "Сахьийзаме тулгIенаш: дика заманаш, бакъ гIуллакхаш, бIаьхочун къийсамаш, кхиболу а леллачух бисина дагалецамаш" цIе йолу мемуарийн жайна а, шен дахарх лаьцна тележурналисташа яьккхина филм а араяларе а хьоьжуш.

Мемуараш язъян иза волавелира 2017-чу шеран аьхка шена шен коьртаца рак юйла ма-хиъина.

Оцу жайнин дакъош Маккейна зорбане дехира хьалхо – шена йисина хан мел ю хууш дац, яздора Маккейна. Оцу йозанашкахь а ца Iийра иза карарчу хенахь президент волчу Трамп Доналдна критика ца еш. Ша дохковаьлла 2008-чу шеран президентан харжамашка воьдуш, шена вице-президентан дарже кандидат ша къастийнарг Аляскин губернатор Пейлин Сара хилла, яздора цо.

Еххачу хенахь Сенатерчу эскарийн гIуллакхийн комитетан куьйгалхо лаьттира иза.

Панамерчу тIеман базехь гIуллакх дечу эпсаран доьзалехь вина Маккейн 1936-чу шарахь. Шен дегара а, дедегара а масал оьцуш – адмиралаш бара уьш – чекхъяьккхира цо Аннаполисерчу ТIеман-ХIордан академи. Дешна ваьлла иттех шо дара иза Вьетнамехь боьдучу тIаме хьажийча. Ханойна тIехула доьдуш чудожийра цуьнан кема, массарна а вевза турпал хилира цунах оцу сахьтехь. Кагдина ши куьг а, гола а йолуш карвахначу цунна тIехь дехха латтийра Iазап. Набахтера аравала магийра цхьа зама яьлча. Амма реза ца хилира иза цIаваха –массо а Iамеркахой дIахецча бен вер вац ша набахтера ара, элира цо.

Вьетнамехь ша набахтехь латтор дагалоцуш хIоттийна хIоллам гойтуш ву Маккейн Джон, 1985
Вьетнамехь ша набахтехь латтор дагалоцуш хIоттийна хIоллам гойтуш ву Маккейн Джон, 1985

2008-чу шарахь ша президентан дарже кандидат воккхуш Республиканан партин гуламехь цо динчу къамелан дакъа ду хIара: "Сан даймахке болу безам чIагIбелира со нехан махко лаьцна кхобучу заманахь. Суна иза ца безабелира, цигахь ваха атта ду аьлла. Цуьнан халкъ оьзда, хьекъале, нийсоннна тIехь хиларна, догдика хиларна безабелира. Цхьаьнхьа меттиг дIалоцу мохк бу аьлла ца безабелира иза суна, безабелира сатийсам санна, шен духьа къийсавала иза хьакъ хиларна. Со даиманенна хийцавелира, суо-сайна а воцуш, со цуьнан вара".

Маккейна дийриг даима а ца догIура цо лакхахь бохучуьнца. Шен дагахь а вуьсура иза хийла. Сенатор волчу юкъанна иза къовсаме волура президенташца, иштта, шен партица а, цуьнан политикана ша реза ца хилча. ТIеман турпал лоруш волу иза хенан йохалла шен амалехь а, возуш воцу а политик хилира нехан бIаьргаш чохь.

Конгрессе ша дуьххьара хаьржинчу муьрехь иза духьал хIоьттира халкъо тахана а лаккхарамах хадош волчу хIетахьлерчу президентна Рейган Роналдна, шайн са лардан эшначохь духьало ян а доьхкуш, Бейруте машар бан хIордан гIашсалтий хьовсабайта. Ткъа замано гайтира иза бакъ хиллийла – 1983-чу шеран гурахь хIордан гIашсалтийн хIусамаш лехийтира оьккхучу молханах юьйлинчу машенца, вийра 241 эскархо.

Нхалахь иза гIаравелира кхечу республиканхочунна-президентна Буш Джорджна-жимхачунна дуьхьаллаттарца, нахера йоккху ял лахъярца, Гуантанамо гIайри тIерачу набахтехь тутмакхашна гIело латторца, Iамеркан ГIажарийчуьрчу стратегица доьзна критика ярца.

Даьржира, Буш Джордж-жимхачо, ша духхьара Оьрсийчоьнан президентца Путинца цхьаьна а кхетта, цIавеъча, халкъе дийцинчунна критика еш Маккейна аьлларг. (Люблянехь – Словени – ша Путин Владимиран бIаьра хьаьжира, царна чохь шена оьзда са гира, бохура хIетахь Буша). "Иза цуьнан бIаьргаш чу хьаьжинехь, царна чохь цунна ган дуьсург дара кхо элп: КГБ", - аьллера цо.

Демократин партин лидершна а кхочура цуьнгара критика. Обама Баракан арахьарчу политикан уггаре луьра дуьхьалонча вара Маккейн. Иракъера эскарш арадаха Обама волавелча, иза дан хьалхе ду, чIагIдора сенаторо. Шемахь химин герзах пайдаоьцучу Асадна, иза "генаваьлла" элира цкъа Обмас – "генаваьллехь", ницкъ гайта беза, бохура Маккейна.

Ца хийцавелира иза КIайн ЦIийне Трамп Доналд веъча а. Вашингтон йоьлла а йоцчу кепехь президентан антагонист хилира оцу сенаторх. Къаьсттина дукха аьшнаш йора Трампна Маккейна Шема, Оьрсийчоь, Китай бахьанехь.

Ша а дукха хьолехь тIех шога хуьлучу Трампа, "хIумма а хууш воцу стаг" элира цкъа Маккейнах. Президентан компани йоьдуш, Трампа, "йийсаре вахарна турпал вина цунах", ткъа шена дезарш "йийсарехь хилла доцу адамаш ду", элира.

Шена Маккейнна а йора наха критика. Емал дора цо политикехь ойла кест-кеста хуьйцуш хилар – иммиграцига, зударша бераш дIадахаре, Iедална лучу йолах болу хьежамаш.

Маккейн, политикех лоций, дешнаш а ца хоьржуш, хетарг олуш хиларца вевзара дуьненна. Мел хала проблема а, могIархой кхетош, аттачу дешнашца йовзуьйтура цо.

Малхбалерчу Европера мехкаш Атлантикан тIеман альянсан декъа бигарехьа вара иза. 2017-чу шеран бIаьста цо доггах къобалдира Черногори альянсе эцар – регионера хьал тодан а, Оьрсийчоь цигарчу мехкийн гIуллакхашна юкъа ца гIертийта а оьшу иза , бохура хIетахь Маккейна.

2014-чу шарахь Украине а вахана, Штаташка юхавеъча, цо аьлларг даьржира, афоризм а хилла: "Оьрсийчоь – ша пачхьалкх ю моттийта гIерташ хьийза бензинан биргIа ю. Иза клептократи ю, коррупци ю". Дуьненна Путин ДаIишал а кхераме ву, цо алар а дара даьржина лелаш.

2017-чу шеран Дечкен-баттахь немцойн Дойче Велле радиона Немцов верца доьзна интервью луш, Маккейна Оьрсийчоьнан президентан цIе яьккхира, оппозиционер цо а вийна, "иза муьлххачу а ситуацех пайда эца хууш бандит а, КГБ-но кхоьллина хIума а ю", аьлла.

Путина духьал жоп иштта делира ша Стоун Оливерна еллачу интервьюхь: Маккейн Джон санна нах "яхначу заманца беха, хиндолчух бIаьрг тоха а ца лууш". "Иза, ма-дарра аьлча, суна гIеххьачул товш стаг ву, ас бегаш а ца бо, баккъал а боху, суна иза шен патриотизмца, шен мехкан интересашкахьа хиларца тов", аьлла, Оьрсийчоьнан президенто Порций Катон Марках тарвира Маккейн, цо аьлла "Карфаген йохо езаш ю" дага а лоцуш.

Маккейна 2008-чу шарахь ша президентан харжамашкахь кандидатан къамелаш деш хьахийра Кавказо ловш схьабахьа баланаш а. Кремло шен агIор Къилба ХIирийчоьнан а, Абхазин а пачхьалкхалла къобалъярца дузуш, элира, Оьрсийчоьно цIийла керчочу Къилбаседа Кавказан, ша аьлча, Нохчийчоьнан, пачхьалкхалла къобалъян декхаре ду дуьне.

Вашингтонна кест-кеста дагабохкуьйтура Маккейна Оьрсийчохь демократи чIагIъярхьама белла оппозиционераш.

40 шо гергга хан цхьаьна яьккхина цIийннана Синди а, пхи бер а дисина Маккейнан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG