Урдун дукхачу декъанна цигахь нохчий, кавказхой а Iаш хиларца евзаш ю вайна. Амма арахьа и пачхьалкх цул сов шен историца а, хазачу Iаламца а гIарбаьлла ю. Оха шун тидаме дохку тхан корреспондента цу махкахь даьхна долу сурташ
Урдун: Хийра боцу мохк
17
Петра йиллина хилла Iаьрбийн махкара баьхкинчу набатейхоша. Шайн гIала хи далош, иштта харшаш даьхнера цара тIулгийн пенашца.
18
Дин чIогIа лелош хилла набатейхоша. ХIара хено яийна йолу фигураш - церан зуда-дела ал-Уззий, цуьнан лоьмаш а ду.
19
Хазна. Кху хазни чохь ПирIунан бахам бу къайлабаьккхина, аьлла, тешаш хилла бедуинаш. Пенаш тIе цара йиттина тоьпаш ю хIинца а гуш, цаьрца ПирIунан деши ду моьттуш.
20
Петра-гIалин урам.