ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Политика а, Бизнес а Цхьанаэрах Кхоллало Коррупци


Урдан пачхьалкх - Коррупцица Къийсаран Департаментан Хьакам Бено Самихь, Амман, 06Чил2012
Урдан пачхьалкх - Коррупцица Къийсаран Департаментан Хьакам Бено Самихь, Амман, 06Чил2012

Цхьаболчу мехкашкахь, коррупцин тIегIа лекха хуьлу, бан ма безза, дуьхьала болх ца бар бахьана долуш. Цамгар санна, сов юьйлучу коррупцино къен-мискачу нехан къелла сов а йоккхуш, харц хьоладайн таронаш алсамъюьйлуш лаьтта. Къаьсттина Юккъера Малхбалера мехкашкахь коррупцин тIегIа лекха хиларна, мехкан бахархой урамашка буьйлу, коррупци дIаяккха бохуш. Цунах гIуллакх ца хилча, шайн президенташка дарж охьадилла бохуш, цхьа болчу Iаьрбийн мехкашкахь и хьал долу шолгIа шо доладелла.

Тунис, Мисара, Либе, Йемен мехкашкахь санна дукха карзах бевлла бацахь а, Урдан махкахь нах юкъ-кара урамашка буьйлу, коррупци дIаяккха, нахана юкъахь нийсо хIоттае бохуш. Урданан паччахь Абдулла ШолгIачо маситта шо хьалха коррупцина дуьхьала болх бе аьлла, буйра деллера. ХIетахь къайлахчу эскарехь хилла волу Урданера нохчо Бено Самихь цу чIагIонна хьаькам хIоттийнера.

Бено Самихь инарлан дарже а кхаьчна, пенсе вахана дукха хан а ялале, юха а Урданан паччахьо коррупцина дуьхьала уггар лекхарчу дарже болх бан хIоттийра. Урданера коррупцин хьолах лаьцна къамел деш, Бено Самихьа элира:

Бено Самихь: Паччахьо Iабдуллас суна хIара гIуллакх тIедилларан бахьана хIун ду аьлча, «хьо санна тешаме а, нахах кхеравелла а, ийзавелла lийр воцун дела, хьуна тlедиллина иза. Ахьа хIара тIе лацахьара» - аьлла сайга паччахьо дехар дича, нохчашна массарна а мидал уллуш санна хийтира. Суна-м, цхьа жимма корта лазам бу хlокхуннах. Со хlинца ханна жима вац – кхузткъе бархIалгIа шеран чохь ву со. Амма наха юкъахь хьан сий деш, нохчийн сий деш хилча, деллахь, хIара-м тIелаца мегар ма ду. Шайн къоман сий деш а, цIе дикачу агIора яккхийта хIуъа дан мегар ду. Цунна дуьхьа вала а мегар ду.

Маршо Радио: И болх леррина хьоьга балар кхин бахьана хIун дара?

Бено Самихь: Со пенсе ваьлла инарла ву. Цул тIаьхьа министр хилира. Цул тIаьхьа Лакхара парламент олу-кх, цига вахара. Цул тIаьхьа сайн адвокатан балхахь вара со. Юха а парламенте (Лахарчу парламенте) воьссира, харжамашкахула чекх а ваьлла. Нохчийн цIарах парламентехь вара со. Юха а Лакхарчу парламентехь сенатор вахара со.

Паччахьо тIе а кхайкхина, «хIара гIуллакх хьуна тIедилли, ахьа хьалха а лелийна ду хIара» - аьлла. «Хьуна хаьа, йорданехь болчарна А хаьа газеташ тIера а, телевизионехула а деш долу къамел. «Бено Самихь ишта дина, вуьшта ца дина», бохуш.

И оха деш долу гIуллакх му ду? Мискачу нехан ахча а, хIума а баккхийчара дала дезаш доцуш, некъ билла безаш хилча – дарбан цIа дилла дезаш хилча, ишкол йилла езаш хилча, цунна ахча ма деза. И дала дезаш долу ахча дIа ца ло. Дуьххьар хилла ду Йорданехь, премьер министр шен балхахь воллушехь, тIе а кхойкхий, «ахь хIара хIума иштта хIунда дина, хIунда ца дина», бохуш цуьнга хеттарш дина меттиг. Цул хьалла цкъа а хилла яц ишта меттиг.
Министрашка, массаьрга а хаттар дан бакъо йолуш ву со. «ХIара ишта нийса дац, хIара ишта хIунда дира ахьа?» царгара жоп деха йиш ю сан.

Маршо радио: Газеташна тIехь а, паччахьо ша а элира «Самихь массо нахаца коррупцин болх бан бакъо йолуш ву». И
муха хилира?

Бено Самихь: И муха хилира эр ду ас. Вайн ворхIе дайша схьадеана и гIиллакх - ямарт а, нахана хьо кIезиг ца хетийта деза. Хьайн ворхIе да вевзаш хилча, и ахь Iалаш ца дича, наханна хьо дикачу гIуллакхе вилла луур дац. ХIара зама, Iаьрбийн мехкашна муххале а, цхьа кегаелла еана ю. Нагахь санна, ас шовзткъа шарахь бинчу балхан тIехь сох хIоккхул цхьа сакхталла яьллехь, ахчо Iехавина, ахчан тIаьхьаваьлла, балхах юхакхетта меттиг хиллехьара, хIара гIуллакх соьга делла хира дацара.

Ас бохург, хIара сан ворхIе дайша вайн цIера схьа деана, бIе бархI шо шира гIиллакхаш ду уьш. Цу гIиллакхаша хIун боху? Хьайн ма-хуьллу, махкана ямарт ма хила, хьайн волчу мехкан низамаш Iалашдан деза – цIахь, (ДегIастахь) дан деза, хIоккхахь а дан деза, массанхьа а дан деза. Цундела, цу тIехь Дала аьтто бойла сан.

Цхьа кIира дац со Лондонехула, а Парижехула а лелла веана, наха хIун до хьоьжуш. ХIара (коррупци) дуьненахь массанхьа а ю. И гIуллакх массара а леладан дезаш ду, дуьненна тIехь а, Iедалша а, вовшашна юкъахь (цунах) низамаш дина. Цу мискачийн ахча а, бахам а бохош бу, коррупци лелочара.

Маршо радио: Хьуна кхерамаш туьйсий?

Бено Самихь: Деллахь, цара хийла кхерамаш тийса гIерташ, хабар-м дуьйцу. Далла тIе болх а биллина, цIенчу стага лелош дерг нийса хилча, динехь хилча, шайн къомана, шайн нахана, ша юккъехь Iаш волчарца нийса лелаш верг, кхера ца веза. Дала Iалашвийр ву. Наггахь, Iалашвала веза хьо олуш меттиг йогIу. Хьан цIахь а, арахь а хьуна тIаьхьа хIоттийна, хьо Iалаш веш гIарол хила деза олу. Ас олу, со Дала Iалашвийр ву. Цхьанна а стагана зуламе хир вац Бехк боцчунна, Дала мукъалахь. Бехке верг, ишта а, вуьшта а, ша Iовдал леллий хууш, суна дуьхьала хIумма а ала, цуьнан бакъо яц. Ишта, аьлла, цу тIехь Iаш ву-кх со.

Маршо радио: Хьалха хьо къайлахчу эскарахь волуш, тахана санна чIогIа хIунда бацара коррупцина дуьхьала болу болх?

Бено Самихь: Бахьанаш... зама хийцаелла, дукха хийцаелла. Ахча дерг, сов хила лууш ву, мисканиг кхин а миска таIийна ву. Хьалха (коррупцица доьзна) гIуллакх дукха атта дара. Хьалх хIунда дара атта? Бизнес а, политика а цхьаьна яцар хьалха. ХIинца уьш цхьаьний хилла. ХIинца берриш цу юкъа баьхна бу. Хьал долу нах цу юкъабаьхна бу.

ХIора а цхьаъ яккха гIерта. Цундела харцонаш дукха ю-кх. Дукха хиларе терра, гIуллакхаш а, болх а совбаьлла. ДогIучу шина шарахь юхакхетар-м ду-кхи и. Сол хьалх хIокху балхахь хилла верг, цхьа кхо шо хьалха хилларг, ийзалуш, ца ваьхьаш, шена тIедиллинарг эвхьаза далийтинера. Цундела, со веъча аса диначу гIуллакхо массо а меттах хьебеш бу. Министран а, цхьа а, нийса доцу хIума а дина, цIен таса бакъо яц. Министран яц, премьер-министран а яц. Телпо тухий олу аса: «ЛадогIал, цу тIехь хьо нийса вац. Ахьа нахана елла бакъо нийса яц, юхакхета», олий. Ишта лелош ду-кх, Дала мукъалахь.

Маршо радио: Хьанна хьалха жоьпаллехь ву хьо?

Бено Самихь: Премьер-министрх вихкина ву со. ТIаккха а сан бакъо ю, паччахьо соьга аьлла а ду «хьайна луъучу хенахь суна тIеван бакъо ю хьуна хьан». Нагахь санна цу дийнахь бакъо ца хилахь, шолгIачу дийнахь, цуьнан програмин терра хуьлу, паччахьана тIе а вахана, сайна луъург, сайна хетарг ала бакъо йолуш ву, Дала мукъалахь.

Маршо радио: Нохчийн чохь коррупци дукха ю, lедало йохийначу хlусамех луш йолу компенсаци (ахча) ах сов шайна дита олу (Iедалша). Цунах лаьцна хIун эр дара ахьа?

Бено Самихь: Вайн цIахь болчарга, вай хезаш болчарга эр дара аса. Харц лелаш верг, юхакхета мегар ду. Кхечу дуьненан тIехь массар а лелош дерг (дан деза). Коррупцица къийса цхьа бегIийла а волуш, тешаме волуш, къонах волуш, шена тIедиллина гIуллакх дика дIахьур долуш, дIахIоттам бан беза.

Маршо радио: Компенсацешца йоьзна харцонаш дукха ю Нохчийчохь бохуш дуьйца Урданера Нохчийчохь Iийна болчу бахархоша а, Нохчийчура Урдане баьхкинчара а.

И харцонаш а, харц ахчанаш дахар хьарам-хьанал ца лоруш, цхьа шайн болх беш волу совдегар валахь, цуьнгара ахчанаш дохуш цхьа а болх, цхьа а совдегаралла дIа ца йолайолуьйту (меттигера) Iедалан белхахоша, шайна ахча ца делча, бохуш дуьйцу Нохчийчохь Iийначара.

Дукха шерашкахь орамаш тийсина йолчу коррупцина дуьхьало ян атта дац. Хlунда аьлча, чаккхе йоцу хlоз санна, харц ахчанаш а дохуш, таронаш йинчу наха, вовше харцонаш хьул йо, мехкан низам тIахьа ца кхиийта. ХIетте, билгалонаш евлла, царах цхьаъ набахти чу воьллича, тай хаьдда суьлхьанаш санна, кхин берш а, гучубовлуш хиларан. Тахана изза хуьлуш ду Урдан махкахь.
XS
SM
MD
LG