ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Алапаш Лакхадаххалц ЦIахь Севцина Урданера Хьехархой


Урдан пачхьалкх, картин тIехь
Урдан пачхьалкх, картин тIехь

Урданера дешархой школашкахь доьшучара цIахь севцца шолгIа кIира доладелла. Алапаш лакхадаххалц, хьехархой реза бац шайн белхан декхарх кхочушдан. Оцу хьехархошна юкъахь бу Урданера нохчийн зударий-хьехархой а.

Чиллан беттан 5-гIа чохь, дешаран ах шо чекх а даьлла мукъа денош дIадевлча, дешархой школе бахча, хьехархоша болх ца беш, Iама ца деш, дуьхьал а бирзина, кхин школехь дан хIума а ца хилла, цIахь севцина Iаш бу. Чиллан беттан 8-гIа чохь Урданан Дешаран министро кхерамаш тийсира хьехархошна, балха юха ца багIахь, эскарийн шайн долахь йолу школашкара хьехархой церан метта хIиттор бу, аьлла.

Амма и дан хала дуйла хууш болу хьехархой шек ца бевлча, министро хьехархойн лехамаш юха а толлур бу аьлла, кхайкхира.
Хьехархоша болх хIунда сацийна аьлла, зудаберийн школехь хьехархо йолчу Абдалла Лайлаэ хаьттира аса.

Iабдалла: Iедало тхуна дош деллера, алапаш хьаладохур ду аьлла цхьа ворхI шо хьалх. ТIаккха тхо ладоьгIуш Iаш а долуш, тIаьххьара а, массо а Iедалехь гIуллакх деш болчарна алапаш хьаладохур ду аьлча, оха ладуьйгIира. ТIаккха цара тхоьга ма-баххара ца хилча, тхуна хьала хийтийра – массеран алапаш хьаладаьхна, тхайниш доцурш. Кхин некъ ца карийна, тхо оццул хьашт долуш ца хилча, тхо севцича, хьажал хIун хуьлу аьлла, цхьа жимма севцина тхо. ХIинца а гIерташ бу-кх уьш, дIаса хабарш ду-кх дуьйцуш. ХIун хуьла ладуьйгIуш ду-кх тхо.

Маршо радио: Алапа тIетухур ду бохуш дуй?

Iaбдалла: Цара дош делла ду. Оха сов доьхуш дац. Аша ма-аллара, схьало тхуна бохуш, доьхуш ду оха. ХIинца ладоьгIуш ду-кх тхо.

Маршо Радио: ХIинца а цIахь ду шу?

Iабдалла: Бакъдерг дезахь, уггар тIаьххьара шо дерш бац. Университете гIур берш, царах къахеташ, церан хIума дIа ца дахарна кхоьруш, царна хьоьхуш ду оха, амма кхин болчарна-м дац.

Маршо Радио: Урданера Нохчийн зударшна хьехархойн болх дика хIунда хета, кхин болу белхаш бан хIунда ца лаьа аьлла хаьттича, Iабдалла Лайлаа элира.

Iабдалла: Цкъа делахь, божаршна юкъахь гIуллакх дан жимма хала ду. Хьехархо хилча, зударий шаьш хилча, атта хула зудчунна, зударийн юккъехь гIуллакх дича.

ШолгIа делахь, белхан сахьташ кIезиг ду, цIа а еана, хьайн цIахь долу гIуллакх дан а, хьайн берашка хьажа а, кхин а атта хуьлу хьехархо хилча. КхолгIа делахь, марехь йолуш, бераш долуш, уьш кегий хилча муххале а, школе хьайн берашца гIур ю хьо, юха цIа йогIучу хенахь, цхьатерра нисло-кх церан хан цIа богIуш.

ТIаккха мукъа денош даьхкича, шо чекхдаьлча а, хьайн берашца хьо цIахь хуьлу. Цхьаберш, божаршна юкъахь гIуллакх дан ца лууш берш хир бу. Цхьаберш кхоьру хир бу-кх, нагахь санна божаршна юкъахь гIуллакх дича - вайн нохчийн Iедал а, култура а санна ма дац хIоккхахь дерг, дIаса хабар хилча, иштта эладита хиларна кхоьруш хир бу-кх. Вайн нохчийн зуда чIогIа шайн цIа а, бераш а Iалаш дан лууш зуда ю. ТIаккха уггар бегIийла гIуллакх хьехархочун гIуллакх ду-кх цуьнан, жерахь цIа а еана, шен берашка хьажа а, шайн цIахь долчу гIуллакхе хьажа а. Цундела уггар бегIийланиг и ду аьлла хета-кх суна.

Маршо Радио: Нохчийн а, Iаьрбийн а културийн башхаллаш хиларна нохчийн божаршна а ца лаьа, зуда кхечу балха яхийта.
XS
SM
MD
LG