ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Журналисташна дина тIелатар юха талла долийна


ГIалгIайчохь стохка журналисташна дина тIелатар юха а листа долийна Талламан комитето. Талламчашна хаабелла оцу зуламна бехкехетарш. Орьсийчоьнан президентехула йолчу адамийн бакъонийн Советан прессано REGNUM агенталле бина и хаам.

Байначу баттахь информаци яьржира, 2016-чу шарахь гIалгIайн, нохчийн дозанехь бакъонашларъярхошна а, журналисташна дина тIелатар таллар сацийна аьлла. "ТIелатардинарш лаха а, бовза а аьтто ца хилла талламчаша юкъахдаьккхинера зераш, карарчу хенахь юха а талла долийна и гIуллакх" аьлла бу бакъонашларъярхойн хаам.

Стохка оцу тIелатаран хьокъехь 160 тешаш лебира, дукхазза экспертизаш а йира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG