ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кабулехь теракташ яйтина даIишхо вийна, хаам бина Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа


Карарчу беттан 26-чохь Кабулерчу аэропортехь динчу лелхийтаршна дуьхьал дронаца тохарш дина Американ эскархоша "Исламан пачхьалкх" (Оьрсийчохь йихкина ю) шех олучу тобанхойн декъашхошна. Коьртачу ТIеман буьйранчийн ницкъаша бина и хаам. Операци дIаяьхьна хилла шоьтан Iуьйранна.

Теракт динарш Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташна карор бу, бекхам а бийр бу аьлла, дIахьедира Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Джо Байдена хьалхо.

Пачхьалкхан малхбалерчу Нангахар провинцехь динчу тIелатарехь вийна "Исламан пачхьалкхан" декъашхо, хетарехь, лелхийтарш дайтинарг.

  • Дахначу еарин дийнахь Кабулерчу аэропортехь динчу эккхийтаршкахь беллачийн терахь 200 гIоьртина, шайлахь 13 америкахойн тIемало а волуш. The Wall Street Journal гIирсо яздо цунах лаьцна Афганистанерчу могушалла Iалашъяран министраллана тIетевжина.
  • Марсхьокху-беттан 15-чу дийнахь радикалан "Талибан" тобано схьаяьккхира Кабул. Бакъоларъярхоша сагатдо, тIалибаш Iедале кхаьчначул тIаьхьа овхIанхойн зударийн бакъонашна шога дозанаш деттарна. 1996-2001-чу а шерашкахь "Талибан" Iедалехь йолчу заманчохь а дара иштта.
  • ТIалибаша маса Кабул дIалаьцначул тIаьхьа хьалхарчу шайн официалан пресс-конференцехь Кабулехь «Талибанан» официалехь волчу векало МуджахIид Забиуллас дIахьедира, кхечу пачхьалкхашца бертахь юкъаметтигаш дIанисъян лууш бу тIемалой аьлла. Зударшка белхаш бойтур бу, доьшуьйтур ду, "юкъараллан хIокху сферехь жигара дакъалоцуьйтур ду цаьрга, амма исламан гурашкахь" элира цо.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG