ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров а, "тIеман парти" а. ХIунда ца лаьа Нохчийчоьнан куьйгалхочунна машар хила?


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Украинехь Оьрсийчоьно тIеман агресси йолийчхьана Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана масийттаза кхайкхамбира президенте Путин Владимире спецопераци ма сацайе аьлла дехар деш, ша кеста трофейн автомобила тIехь Киеве кхочур ву а олуш. ХIинца луьра критика йина цо Украинаца хиллачу дийцаршкахь Оьрсийчоьнан делегацин куьйгалхочо Мединский Владимира динчу дIахьедарна. Оьрсийчохь тIамах дуьйцучу "ньюсмейкерех" уггар а коьрта хиллачу Кадыровс дIахьедира, шен эскархой тIемаш совцон дагахь бац аьлла.

Зазадокху-беттан 20-чохь Стамбулехь кхаа сахьтехь сов лаьттинчу дийцаршкахь Мединскийс дIахьедира, Оьрсийчоьно юха ца йолуш, тIеэгийна принципиале тIедахкарш кхочушдан Украина кийча хиларх. Блокехь йоцу статус ю иза, дуьхьало яр зарратан герз лело а, арахьара тIеман базаш дIатаръян а, пачхьалкхашца-гаранташца, церан декъехь Оьрсийчоь а йолуш, дага а йолуш, тIеман Iамораш дIадахьа а. Иштта Москвано къастош ду президентийн Путин Владимиран а, Зеленский Владимиран а цхьанакхетар. Хьалхо "денацификаци" а, "демилитаризаци" ярца дIахьедина тIедахкарш Оьрсийчоьнан агIоно хIинца хьехош дац.

Цуьнца цхьана хеннахь Оьрсийчоьнан тIеман министран гIовса Фомин Александра хаамбира, вовшех тешам алсамбаккха а, дийцарш дIадахьа хьелаш хIиттон а Оьрсийчоьнан эскаро мел а лахъеш ю тIеман жигаралла Киевгахьа а, Чернигов йолчахь а. Дукха ца Iаш оьрсийн эскарша йитинчу Киевна гергахь йолчу Буча гIалахь тIеман зуламаш лелийна тоьшаллаш гучудевлира – маьрша нах байар, къизаллаш, зударий хьийзор, къоланаш дар.

ТIеман агресси къобал йина Оьрсийчоьнан бахархой оьгIазбахийтира Мединскийн а, Фоминан а дIахьедарша: кху муьрехь тIемаш совцош белахь, тIедожийнарг Киеве кхочушдайта цIий а ца Iанош гIорта мегаш хиллехь, стенна болийнера тIом?

"Дийций ас, селхана кхузахь хIун хиллера?! Де-факто аьлча, зарратан электоратна тохар динчу хенахь. Цундела цкъа хьалха адамашца къамел дан деза… Дагахь а доцуш, Мединскийн багара цIеххьана и дешнаш хезча, хьуна хета ГIирмин хеттарш а дийцаредан деза аьлла", - Украинаца хиллачу дийцарийн жамIан иштта реакци йира эфирехь Оьрсийчоьнан пропагандистех уггар а коьрта волчу тележурналисто Соловьев Владимира.

ТIамехьа хиллачара резадацарш гойтуш, дIахьедарш динчу шолгIачу дийнахь видеокхайкхамбира Нохчийчоьнан куьйгалхочо а.

"Цхьана а хIумана тIехь духадевр дац вай, Мединский галваьлла, цуьнан чулацам нийса бацара. Цундела аш сагатдан ца оьшу. БIе шо даьлча а хиндерг гуш вайн вешан командир, президент, эскаран коьртера лаккхара хьаькам ву. Тахана вайна ма дуьйццу, ша долийнарг цо иштта тесна дуьтур ду аьлла, шуна хетахь, и цкъа а бакъ дац", - дIахьедира Кадыровс.

Хуьлучун мах хадош, нохчийн политикна хетарг Москваца бIостане нислуш дуьххьара дац, амма кхузахь коьрта ду кхетар, Кремлехь хIинца а лоруш йолчу "тIеман партина" хетарг дуй-те цо аьлларг, йиллина демарш ян сацамбина цо, йа, хьалха а ма-хиллара, шен дог-ойла ю-те йовзийтинарг.

Цхьа тайп-тайпана лелар

Кадыров а, кадыровхой а тайп-тайпана тIеоьцу Оьрсийчохь а, Украинехь а. Нохчийчоьнан куьйгалхочун а, цуьнан эскархойн а къиза васт лелош ду чохь пропаганда еш, могIарерчу нахана а, Оьрсийчоьнан тIемалошна а гергахь ойла кхуллуш. Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь цуьнан терго йира Украинан стратегин талламийн Къоман институтан арахьарчу политикан декъан лакхарчу Iилманан белхахочо Кравченко Валерийс.

"Сан доттагI вара Бучехь, цо дийцира, оккупаци йинчу заманчохь меттигерчу бахархошка бохуш хиллера эскархоша: тхо-м лартIахь ду, кадыровхой богIий, уьш адамаш дац, цаьрца гIуллакх даийта мегар дац", - масала далийра къамел дечо.

Оьрсийчохь Кадыровн вастах пайдаэцарх дуьйцуш, Кравченкос билгалдьаккхира цхьа могIа цунна чуйехкинчу коьртачу символех: къиза, къинхетамза, Путинан муьлхха а омра кхочушдан кийча верг санна тIеэцар, иштта бусулба фактор а – цо гайта дезаш дара, хIара тIом славянийн къаьмнийн хилла ца Iаш, джихIад, Кадыровс "шайтIанаш" олучу, Украинехьа тIемаш бечу Ичкерин агIончашца къийсам а хилар.

Кадыровн дIахьедар – лартIехьдоцург ду, хIунда аьлча, таханалерачу хьелашкахь Оьрсийчоьнан йиш яц Киевна тIелатар дIадахьа

Стамбулехь хиллачу дийцарех Нохчийчоьнан куьйгалхочунна хетачух дуьйцуш, къамелдечо билгалдоккху, Мединскийс лелориг, арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс лелориг а санна, тIех лара мегар дац. Церан коьрта Iалашо ю, Кравченкона хетарехь, - "долуш дерг ма-дарра гучу ца даккхар".

"Кадыров, нийса аьлча, цуьнан имидж латтош болу политтехнологаш, кхин дIа а лелар бу милитаристийн позицешкара къамелаш деш. Мединскийца конфронтаци яц хIара – церан [Нохчийчоьнан урхалхочуьнца] оцу сурт хIотторехь тайп-тайпана ролаш ю. Нохчийн политик болх беш ву Оьрсийчохь пайдаоьцучунна лерина, коьрта ду иза кхетор, тIом берзош бац, Iедалехь болчу массеран а яц эшаран позицеш", - дерзийра шен къамел украинхойн аналитико.

Чиллан-баттахь Кадыров дIаваккхар тIедожош, петици юкъаяьккхинчу юкъараллин "Маяк" боламан куьйгалхо йолу Хейкинен Дарья тешна ю, Стамбулехь Оьрсийчоьнан делегацин векал хиллачунна критика яр Нохчийчоьнан куьйгалхочун шен инициатива ю аьлла.

"Кадыровс хIора ша дIа мел олург Кремльца дага а волуш, олуш ду аьлча, кIезиг теша со, йа иза кхеташ ву аьлла а ца хета суна, шен дешнаша бахархошлахь тIаьхьало юьтург хиларх цхьа реакци а йина, йа федералан Iедалхошна товр дацара аьлла. Схьагарехь, Кадыровн дешнаш могуьйтуш тIеоьцу Кремло – бен дац, официалехь дийцаре дуьллучуьнца догIуш делахь а, дацахь а", - аьлла хета Кавказ.Реалиица къамел динчунна.

"Маякан" куьйгалхо тешна ю, нагахь санна, Нохчийчоьнан куьйгалхо шен метта охьахао Кремло хьесап дахь а, медийн жигаралла сацаяр а тIедожадахь, вукхо дош ца олуш, аьлларг дийр дуйла.

"Путинна мехала хета хIара"

ТIом кхин а дIабахьар тIедожор Путинан ойланаш яц, цхьана Кадыровна хетарг ду аьлла, тешна ву украинхойн эскспертийн "Сова" тобанан куьйгалхо, политикан Iилманийн доктор, профессор Савва Михаил а.

"Кадыровн дIахьедар – лартIехьдоцург ду, таханалерачу хьелашкахь Киевна тIелатар дIадахьа Оьрсийчоьнан йиш яцарна. Оцу агIор хилла Оьрсийчоьнан эскарш билггал юхадохуш ду, цхьа а кадыровхой кхузахь биса йиш яц. Цхьана политикан гIирс бац Кадыровс аьлларг. Шен коьрте деана, шена хеттарг дийца бакъо еллачу стеган дешнаш ду уьш. Маьрша ву иза, цхьаьнца а дага а ца волуш, моха еъначохь хIуъа а ала", - хета политологна.

Оцу кепара дIахьедарш Кадыровс динчул тIаьхьа, Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретарь Песков Дмитрий декхаре ву лар а луш, Нохчийчоьнан урхалхочо айдинчух комментарий яр шен компетенцехь дац ала.

2020-чу шеран ГIадужу-баттахь Песковс дагадаийтира, арахьарчу политикан хеттарш губернаторша луьстуш дац, президентан карахь ду аьлла. "Динна тIелетар дита" аьлла, Францин президентана тIедожош Кадыровс хIоттийна пост бахьана долуш делла жоп дара и9. 2022-чу шеран Дечкен-баттахь, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Украина Оьрсийчоьнах схьатоха лаам хиларх журналисташа хаттар дича оцу кепара дара делла жоп а. Иштта Песковс бакъ ца дира Нохчийчоь инвестицешца "догдилла" мегарг хиларх Кадыровс дина дIахьедар а, цул тIаьхьа, адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан декъашхочунна, Каляпин Игорьна а, журналистна Милашина Еленина а кочавахарх дуьйцуш, Путинан пресс-секретаро шен ма-хуьллу ларлуш билгалдаьккхира, "Кадыровна шена хетарг ду и" аьлла.

Хьалха а санна, Мединскийн дешнех "Кадыровна хетарг" дIадерзон дезар ду Песковн аьлла, хета Савва Михаилна. Ткъа Нохчийчоьнан куьйгалхочо, хьалха а ма-хиллара, боллу кхерамаш а бицбархьама, уьш кхечарна дага ца бахкийтархьама дерриг а дийр ду.

"Оцу хьолера волучу стратегех лаьцна аьлча, Оьрсийчоьнан урхалла дечу тобанан иштта ю иза: Москвано "ЛНР" а, "ДНР" аьлла, псевдопачхьалкхан вовшахтохараллаш леринчу дозанашкахь йоллу Донецкан а, Луганскан а кIошташ схьаяххалц тIелатар жигарадаккхар. Оцу тIехь уггар а коьртачех дакъа кадыровхошна кхачийна, аьлча а, церан пиарна, хIунда аьлча, баккъал а тIамехь дакъалацар кIеззиг дара церан", кхин дIа дуьйцу "Сова" тобанан куьйгалхочо.

Кадыров кийча ву цIийца воьзна хила. ХIунда аьлча, Оьрсийчоь йоцчунна, Путинан Оьрсийчоь йоцчунна цхьанхьа а оьшуш вац иза

Кадыровс а, цуьнан гоно а, оцу планаца а догIуш, хетарехь, жоьпалла ло, блокадехь йолу шолгIа бутт болу Мариуполь схьаяккхарх. Кавказ.Реалиица къамел динчарна хетарехь, оцу гIалин цIе юх-юха Оьрсийчоьнан а, дуьненан а зорбанан гIирсашкахь хьехош хиларх пайдаэца гIуртур ву Нохчийчоьнан куьйгалхо шен персоналан имиджан дуьхьа.

Ша цIарца ца вийцар дехначу Оьрсийчоьнан политолога дIахьедира Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь, тIом боьдучу дийнна баттахь алсамо зевне дIахьедарш а деш, ставкаш лакхаяха хьийза Кадыров. Цуьнан терго йо, Оьрсийчоьнан эскархой а, кадыровхой а вовшех къесточу украинхойн агIоно а.

"Гуш ду, Нохчийчоьнан куьйгалхо кхета, Киев схьайоккхур цахиларх, Чиллан-беттан 24-чохь ойла ма-хиллара спецопераци йоьдуш цахиларх а. Оццул кIиранашкахь дуьхьало латточу, дуккхахь нах беллехь а, хIинца а ерриг а дIалаьцна йоцчу Мариуполя тоьшалла до цунна. Шен тIеман дакъош эвсаралла йоцуш хилар тIе ца дуьту Кадыровс, ца ваьллачу денна агрессиве риторикех пайдаэцар дIахьош ву иза", - дуьйцу къамел дечо.

Зазадокху-беттан 15-чохь нохчийн политико дIахьедира: "Гергарчу хенахь Мариуполь ерриг а дIацIанйийр ю". Кхо кIира даьлла, и гIала къуьйсуш тIемаш хIинца а совцонза бу.

"ТIаьххьалц ша цуьнца чекхвала кийча хилар гойту Путинна Кадыровс. И Путинна а мехала ду аьлла хета суна. Президентан кхетамехь, тIеман операци йолийначу хьалхарчу деношкахь пачхьалкхера арабевлла "селебрити" а, урхалхой а, йоккхачу бизнесан векалш а, - ямартхой бу. Ткъа Кадыровс дIагойту, муьлхха а омра кхочушдан кийча хилар, иза кийча ву цIийца воьзна хила.ХIунда аьлча, Оьрсийчоьнна бен, Путинан Оьрсийчоьнна бен кхин иза цхьанхьа а оьшуш вац", - билгалдоккху политолога.

***

Оьрсийчоь Украине гIоьртинчу цхьана беттачохь Кадыровс шен телеграм-каналехь 250 гергга тIамах лаьцна пост хIоттийра. Масийттазза кхерамаш тийсира цо цаьрца украинхойн тIеман буьйранчашна а, пачхьалкхан куьйгалхошна а. Фейкаш ю, хIиттийна суьрташ ду элира эксперташа цуьнан дукхахйолу тIамца йоьзна посташ. Политологашна хетарехь, Оьрсийчоьнан пропагандо жигара пайдаоьцу Кадыровх кхероран гIирсах санна, ткъа Кадыров ша шена пиар лелош ву.

Охан-беттан 4-чохь Украинан президентан офисан куьйгалхочо Арестович Алексейс зорбане ехира, Буча, Ирпень, Гостомель гIаланашкахь хиллачу, маьршачу бахархошна дуьхьал тIеман зуламаш лелийна хила тарлучу Оьрсийчоьнан эскархойн тIеман дакъойн номерш. Тептарехь хьахийна Кадыров Ахьмадан цIарах йолу 141-ра полк а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG