ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Ахьмадах лаьцна йоза дитарна Кемеровера жигархочунна дуьхьал гIуллакх долийна


Кадыров Ахьмад шен кIантаца Кадыров Рамзанца
Кадыров Ахьмад шен кIантаца Кадыров Рамзанца

Кемерован кIоштара Анжеро-Судженск гIалара вахархочунна Тарышкин Олегана дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийна, цо терроризм бакъйарна. Бахьана лерина, 2004-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу стадионехь хиллачу эккхийтарехь вийначу Нохчийчоьнан президент хиллачу Кадыров Ахьмадах лаьцна социалан машанашкахь йитина комментарий.

Жигархо лецира меттигерчу дарбанан цIийнехь зазадокху-беттан 27-чохь, цигахь дарба дойтуш хиллера иза шена.

Полисхоша а, ФСБ-н белхахоша а теллинера "ВКонтакте" машанахь цо мел йазйина хилла комментарий, йаздо" ОВД-Инфо хьосто, жигархочунна тIетевжина. ДIасавалар доьхкуш, сацам бина Тарышкинан хьокъехь

Хьалхо "Искра" ютуб-каналана йеллачу интервьюхь дийцинера жигархочо шена тIаьхьаболвларх. Стигалкъекъа-беттан йуьххьехь Росфинмониторинго хIоттийначу террорхойн а, экстремистийн а тептаре йазвира иза. Интернетехь цо дечу къамелашна тIехула хьалхо а шозза гIуда тоьхна а ву Тарышкин, дуьйцу ОВД-Инфо-с".

  • Дечкен-беттан юьххьехь социалан машанехь комментари йитина аьлла, лачкъйира 17 шо долу Теркйистера Борзункаев. Ткъа Эвтарахь лецира 19 шо долу Усманов Iусман. И ший а латттош волу меттиг хууш бац. Телеграм-каналан хаамашца, Шела кIоштарчу полцин декъехь латтош ву и шиъ. ТIехь ницкъбина, бертаза мукIарло дайтина цаьршинга, полисхой байъа дагахь вара шаьшиъ аьлла.
  • Дечкен-бетан юьххьехь Шинасуьйра-юкъара (Пригородное) 25 шо долу Яхъяев Iела а вигира лаьцна, социалан машанехь коммент йитина аьлла. Нана а яра цуьнан цомгаш.
  • Чиллан-беттан 2-чохь Iораделира Соьлжа-гIалара 17 шо долу Исраилов Билал а, Iела цIе йолу кIант а лачкъийна вигина аьлла. Каналан информацица, оппозицин дог-ойла хиларца доьзна чохь латтош ву и шиъ.
  • Чиллан-беттан 5-чохь шайн чуьра араваьккхина дIавигира ГихтIара 60 шо долу Цицаев Сурхо, лайк хIотторна. Цуьнан цIенна го а лаьцна, хIусамера масаьргара а телефонаш дIа а лахьийна, бакъо йоцуш церан цIийнах хьоьвсинера уьш, гинчара дийцарехь. ТIехьа-Мартанан кIоштарчу полицин декъехь латтош ву иза аьлла, хеташ бу каналан авторш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG