ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Ахьмадан хилла стунана йелла Нохчийчохь тIехь ницъбина - NIYSO

Кадыров Ахьмад
Кадыров Ахьмад

Нохчийн оппозицин NIYSO боламо дIахьедина, мехкан урхалхочун кIентан Кадыров Ахьмадан дуьххьара хиллачу зудчун нана лачкъийна йигинера, цунна тIехь ницкъбина кхелхина иза аьлла. Кхечу хьасташа и хаам тIечIагIбина бац.

Жимчу стеган стунана лаьттина Махматова Марьям а, цуьнан гергара нах а лечкъийна дIабигарх а, царна йеттарх а товбеца-бутт йуккъе баьллачу заманчохь хаамбира жигархоша. ЙоьIан доьзал бехкебинера бозбуанчалаш лелорна, ткъа оцу хIуманца жигара къийсам латтош бу меттигера Iедалхой. Цул совнах, NIYSO-н хаамашца, МахматовгIаьргара бизнес а цхьана схьайаьккхинера.

Марсхьокху-бутт чекхболуш, жигархойн хаамашца, Марьяман нана Махматова ПетIимат цIа йайийтинера, цул тIаьхьа дукха хан йалале иза йелла. Веллачу стагана тIехь бусалба динехь лелон беза барамаш а ца хIиттош, тийна дIайоьллина иза.

"Бозбуанчалаш лелийна аьлла, бехкебен кхинболу зударий, ишта Кадыров Ахьмадан хилла хIусамнана а, цIахь дIасабовлар а дихкина, лерринчу хьелашкахь латтош бу. Цаьрга лелайойтуш йац телефонаш, йа нахаца уьйраш а", - дIахьедина NIYSO-но шайн хьасташна тIетевжина.Т

  • Товбеца-бутт йуккъе баьллачу хенахь жигархоша дийцадаьккхира, Кадыров Ахьмада йуха а зуда йалийна бохуш. Той хIоттийнера церан дай баьхначу йуьртахь. Керла йалийначу зудчух лаьцна хаамаш бац. NIYSO-но Iорадаьккхинчух лаьцна Нохчийчоьнан Iедалхоша аьлла хIумма а дац. Республикехь болам экстремистийн а лерина, церан информаци йеша а, церан агIоне йазвала а дихкина ду.
XS
SM
MD
LG