ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Ахьмадан цIарах орден йелла Кадыров Рамзана шен невцана Алханов Адамна


Соьлжа-ГIала
Соьлжа-ГIала

Могушалла Iалашйаран министрана Алханов Адамна Кадыров Ахьмадан цIарах орден йелла Кадыров Рамзана. Алхановгахь йу Кадыровн 23 шо долу йоI Хадижат, Нохчийчоьнан куьйгалхочун а, министрийн кабинетан а администрацин урхалхочун гIовс йу иза.

Цунах лаьцна хаамбина ша Кадыровс шен телеграм-каналехь, совгIат дар нисделла регионалан медицинан страхованин фондийн директорийн шуьйрачу кхеташонан гурашкахь. Стенна йелла орден, хоуьйтуш дац.

Алханов воцчунна, кхин а масех могушалла Iалашйаран сферера масех хьаькамна а дина совгIаташ.

Нохчийчоьнан могушалла Iалашйаран министраллин урхалле хIоттийра Алханов гIадужу-баттахь, цул а хьалха регионалан куьйгаллин вице-премьер вара иза социалан блокехула.

Алханов Адаман да Алханов Руслан республикера МВД-на куьйгалла деш вара 18 шарахь. Кадыровн йуьртахо а, цуьнан гонерчех герггарниг а ву иза. Алхановн цхьа ваша Соьлжа-ГIалин кIоштехула йолчу ОМВД-н куьйгалхо ву, важа – Соьлжа-ГIалин Ахматан кIоштан бахархойн белхийн Центран директор.

Кадырова Хадижат Соьлжа-ГIалара школазойн департаментан куьйгалхо хIоттийра шен 20 шо долчу хенахь, ткъа кху шеран дечкен-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун а, министрийн кабинетан а администрацин куьйгалхочун хьалхара гIовс йира цунах.

2021-чу шарахь "Нохчийчоьнна беркате гIуллакхаш дарна" мидал йелира цунна. Ткъа 2022-чу шарахь регионан уггар а лакхара пачхьалкхан совгIат делира – Кадыров Ахьмадан цIарах орден. ГIадужу-баттахь Кадырована цIе йелира "хьакъйолу социалан сферин белхахо" аьлла.

  • Дахна шо доьрзуш Хадижат а, цуьнан 18-шо долу ваша Кадыров Ахьмад а лахьан-беттан 30-хь йолийна гIуран беттан 12-чу дийне кхаччалц Дубайхь дIайаьхьначу климатан СОР28 саммитан Оьрсийчоьнан делегатийн тобанан тептаран йуккъе дахара. Церан болх-некъ цхьана а кепара климат хийцайаларца боьзна боцушехь. Цига уьш бахар доьзна дара регионан куьйгалхочо шен берийн статус хьалайоккхуш, уьш политикан дахарна жигара йукъаийзош, аьлла билгалдаьккхира Кавказ.Реалии редакцино хеттарш динчу эксперташа.
  • США-н, Евробертан а, Японин а санкцийн тептаршка йазйина йу Кадырова Хадижат.
  • "Важные истории" гIирсо дийцарехь, Алхановн кIентан Адаман цIартIехь йара 2020-гIа шо карадаллалц Дубайра Пальма Джумейра ахгIайри тIера апартаменташ. Оцу хIусамийн мах бу 700 эзар долларш сов.
  • Пачхьалкхан даржашкахь ду Кадыров Рамзанан бераш, йижарий, невцарий, йиша-вешин доьзалхой, шичой, маьхчой. Кавказ.Реалиин редакцино вовшахтуьйхира республикан пачхьалкхан структурашкахь белхаш бечу КадыровгIеран цIийнах болчех дуьззина тептар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG