ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Ахьмад винчу денна леринчу концертана 2,5 миллион сом дойъур ду бюджетера


Нохчийчоьнан президент лаьттина хиллачу, тIаккха 2004-чу шарахь эккхийтар а дина, вийна волчу шен ден Кадыров Ахьмадан суьртана хьалха лаьтта Кадыров Рамзан, мангал-беттан 16-гIа де

2004-чу шеран стигалкъекъа-беттан 9-хь эккхийтар а дина, вийна волчу Кадыров Ахьмадан 71 шо кхачарна лерина йолчу концертана бюджетера 2,5 млн сом дайъа кийча ду Нохчийчуьра Iедал. Республикан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дена лерина шина сахьтехь болу барам хIотторан тендер пачхьалкхан эцарийн сайтехь гучуяьлла.

Тендеран техническан тIедилларца а догIуш, концерт Соьлжа-ГIалахь дIахьур ю марсхьокху-беттан 23-хь. Цуьнан хьешашлахь 300 стаг хир ву, шен декъехь Нохчийчоьнан куьйгалхо а, правительстван декъашхой а болуш. Сцени тIехь Кадыров Ахьмадна лерина баннер хила еза кхозуш.

"Режиссерийн гайтамехь иштта даздаран барамийн лерина программаш хила еза хьалхо язйинчу сценарица, оьшучу исбаьхьаллин кепашкахь артисташ харжа беза, меттиган серлонан дизайн а, иштта профессионалан сценан гIирсаца кечйина меттиг а йолуш", - дагардо тIедилларехь.

Нохчийчоьнан хьакъволу артистал лахара воцу ши говзанча хила веза барам дIахьош, "угар лакхарчу тIегIанехь оьрсийн а, нохчийн а меттанаш а хууш". Организаторо мел кIезга а итт артистан а, исбаьхьаллин тобанийн а гайтам хIоттон беза сцени тIехь.

Кавказ.Реалиино хьалхо дуьйцура, вийначу Нохчийчоьнан президентан Кадыров Ахьмадан васт десторах лаьцна – республикехь цуьнан ц1е лелош 300 урам бу, Соьлжа-ГIалара коьрта майда а, паркаш, Нохчийн пачхьалкхан университет, школаш, гимназеш, берийн бошмаш, "Нохчийчоьнан дог" маьждиг, "Новая газето" Чиллан-баттахь хаамбарца, шен ларми чохь дуккха а нах байина Росгвардин полк а. Президентан цIарца Ахмат-Юрт аьлла, хийцира иза ваьхначу эвланан цIе а. Цул совнах, махкахь футболан а, латархойн а клубаш ю, иштта, 2020-чу шеран ГIуран-баттахь дуьйна Америкерчу финансийн санкцйин тептаре язйина Кадыров Ахьмадан цIарах фонд а ю. Соьлжа-ГIалин урамашкахь дIадиттина карадо Кадыровн портреташ.

  • Кадыров Ахьмад 1951-чу шеран марсхьокху-беттан 23-хь вина ву Казахстанерчу Караганда гIалахь, цига цуьнан доьзал дIабохийнера 1944-чу шарахь. 1957-чу шарахь бен юха ца бирзира КадыровгIеран доьзал Нохчийчу.
  • Нохчийчохь школан программи юкъа яхийтина Кадыров Ахьмадах лаьцна книга. "Серлоно сирлабаьккхина некъ" книга Iамо декхаре бина школашкахь лаккхарчу классийн дешархой. Цуьнан автор полицин майор хилла. Меттигерчу хьехархоша а, бакъоларъярхоша а КадыровгIеран васт десторехьа кхин а цхьа гIулч санна лерира иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG