ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровна "тешнабехк бинарш" лецна Нохчийчохь


Саидов Тимур

10 шо хьалха шен букъ тIехьа Алханов Iалуца барт каро гIиртинчара къинтIера ца ваьлла Нохчийчоьнан куьйгалхо. Зама хьалха Iедал къовса арабевлла лелларш зуьйш бу Кадыров Рамзанан го.

Дерриг а доладелла республикан полицин лерринчу декъан (ОМОН) буьйранча лаьттина Ахмадов Артур лацарца. Бахначу беттан 16-чохь, шоьтадийнахь, шен машенахь Соьлж-ГIалина гергарчу Пролетарское юьрта чувулуш лаьцна иза. Уггаре хьалха вевзара нахана Ахмадов эстрадерчу "Перезидент" тобан солист хиларца.

2004-чу шеран Толаман Дийнахь (Стигалкъекъа-беттан 9-чохь) эккхийтинчу Кадыров Ахьмадан – Рамзанан ден – меттиг дIалаьцначу Алханов Iалус дарж делира Ахмадовга.

Кадыров-жимханиг Iедале веъча (2007 шеран Охан-беттан 5-чу дийнахь нисделира иза), цIеххьана юьйхира омонхочун карьера.

Оцу муьрехь леллачух тера ду Ахмадов Алхановн гонца шен хиндерг къастош. Хиндерг къаста ца делла, амма кадыровхоша шайн "Iаьржачу тептара" язвина иза.

Нохчийчоьнан парламентан сайта тIехь Гаибов Идрисах хилла агIо (архивера)
Нохчийчоьнан парламентан сайта тIехь Гаибов Идрисах хилла агIо (архивера)

Ахмадов сацийначул тIаьхьа, юкъа зама ца юлуьйтуш, лаьцна махкарчу парламентан кхо депутат – Ичкерин тIеман министр Iийна Ханбиев Мохьмад а, Гаибов Идрис а, Магомаев Шемал а (царех лаьцна "Кавказ.Реалиис" шуьрра дийцира хьалхо).

Хьалхо Магомаев Шемалх парламентан сайта тIехь хилла агIо (архивера)
Хьалхо Магомаев Шемалх парламентан сайта тIехь хилла агIо (архивера)

Гарехь, цхьана хенахь лецна массо а.

Оццу дийнахь Ханбиев дIахецна, амма цуьнан ши белхан накъост, тхан хьостанаша чIагIдарехь, висина "евзашйоцчу структурийн " карахь (иштта олу Кадыровн куьйга кIел болчу Нохчийчуьрчу массо а ницкъхойх). Тешаша дийцарехь, ницкъхоша йиттина лецначарна, церан 2007-чу шарахь Алханов Iалуца леллачу юкъарлонийн дуьхе кхиа гIерташ.

ХIинца Гаибов Идрисах информаци ца карайо парламентан сайта тIехь
ХIинца Гаибов Идрисах информаци ца карайо парламентан сайта тIехь

Гаибовх а, Магомаевх а "цхьаъ хиллийла" кхета таро ло "Грозный" телегойтийло – Хучиев Муслимах премьер-министр вечу парламентан чоьнашкахь вац гуш и шиъ.

Деношкахь Гаибовн а, Магомаевн а цIерш дIаяьхна Нохчийчоьнан парламентхойн могIарара. Цара шайгара даржаш охьадехкина аьлла официалехь яржийна информаци а йоцуш нисделла иза. Къайлах баьхначух тера ду уьш депутатанн мандатех.

Яц парламентан сайта тIехь Магомаев Шемалах информаци а
Яц парламентан сайта тIехь Магомаев Шемалах информаци а

Оцу юкъанна, парламентан сайто ца лечкъайо шо долалуш цара бинчу балхах йолу информаци. Кху беттан 6-чохь а ву и шиъ, сайто гайтарехь, парламентан балхахь дакъалоцуш.

Нохчийчоьнан парламентан сайтан скан
Нохчийчоьнан парламентан сайтан скан

Ахмадов, Гаибов, Магомаев волу меттиг ца хаьа "Кавказ.Реалиина". Церан гергарчарна ца лаьа прессица къамел дан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG