ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пресса: Кадыровн чIирхо Ямадаев Iиса ву лаца кхайкхийна


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан вен гIоьртина хиларх шекойолуш федералан Iедало лохуш ву Ямадаев Iиса, хаамбина шоьтадийнахь "Росбалто" .

Вен гIортаран бахьана чIир ю, боху хьостано.

«2016 шеран Стигалкъекъа-баттахь дуьйна, шен ваша Ямадаев Руслан вейтинарг Кадыров Рамзан ву аьлла хеташ, цуьнгара чIир эцархьама, иза вен гIиртина Ямадаев Iиса», - аьлла бу Нохчийчуьрчу талламан комитетан урхалло баржийна сацам, боху «Росбалтан» хьостано.

Дерриг а тоьшалла а «Малхбале» батальонерчу массех бIаьхочун дарештIехь хIоттийна ду, аьлла хьостано.

Хьалхо «Кавказ.Реалиино» хаийтина ма-хиллара, Нохчийчуьрчу талламчаша бехктакхаман дов айдина 2016-чу шеран бIаьста Кадыров Рамзан вен кечамбеш хиллачарна дуьхьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG