КъилбаСеда Кавказехь мел йолчу регионна, хьов, ерриге а Оьрсийчоьнна а масалле ялош йолчу Нохчийчохь а, тийналла йохош, хIумш кесст-кесста хуьлу. ХIокху цхьана баттахь, дуьйцуш-олуш у доцуш, Орган чIожерачу лаьмнашкахь чIагIам бинчу ражехь болх дIабаьхьара меттигерачу полицино а, эскарийн ницкъаша а.
Вийна, лаьцна стаг вац, амма, хIаваIехь чекхаболу моз а хезаш, тийналла хIоттинера оцу кIоштехь. И хьелаш, чIагIдар, бахьан хиллера, масех де хьалха, Итум-Кхеларчу Хьачарахь, когасалазийн курортан проект, гIарайоккхуш, дIадаьхьанчу даздаршна йоьххьехь. Цигахь дакъалаьцначара, ма дийцара, лаккхарчу тIегIан тIехь, дIабаьхьара и гайтаме синкъерам.
Цхьанахь, хьал талха мега аьлла хетачохь, нохчийн нцикъаллийн структураша болх бо, дикка хан ю. Цундела, цхьана эшшара, тоьпаш йуьйлина ю, церан, уьш Соьлжа-гIалахь, , ян кхечу кIошташкахь балахь а. ДIаяьллачу оршот суьйрана а, царна болх белира.
Соьлжа-гIала юккъахь, петарийн цIенош долчу цхьана урамехь, КРА лоьмарш йолчу Порш Кайен олучу машена кIелахь карийнера цхьаммо йоьллина оьккхург. Иза, яьлле, аьтто баьллера, сихонца цига кхаьчначу полисхойн, схьа а яьккхина, гена доцучохь иза хIаллак ян. Зе хилла хIума дац, амма, цул тIехь, оцу урамера, бахархой бийшитина а бац сахиллалца.
Полисхой, хIора петар чу а хьовсуш, мила ву, мичара ву, аьлла дIа а яздеш хIума дина. Цхьаберш, шеконехь берш, шай декъе дIа а бигна. Хаамийн гIирсашкахь гIарадоккхуш а дац и хIума, цундела, махкахь даржале, дIадижина иза.
Махкахь тIаьххьарчу хенахь, дукха яьржинчу КРА лоьмарш йолчу машенашна цу тайпа кIело йина яцара, схьахууш. Амма, тергамхой, хаттарехь буьсу, и машен эккхийта гIиртинарг, ян тIемало хилла, ян могIарера зуламан агIо ю иза. Ишшта, къайладаьхьан ду, махкахь уггаре а кура лоруш йолу и лоьмарш йолу машен хьенан долахь ю а.
Оцу юккъолгIа, ГIалгIайн махкахь, дижа а ца дуьтуш, кар-кара а кхийдош, юккъараллехь дуьйцуш ду, республикера Россельхознадзор, олучу федерала урхаллан коьртехь волчу Дахкильгов Русланна, дина тIелатар. Иза чохь волчу джиппан тIе маса тоьпаш а йиттина, жимчу машенца къайлабовла гIоьртинера зуламхой.
Даржхочуьнна машенан урхалла деш хилла волу цуьнан кIанта, ша лазийнашехь, тIехь а хаьхкина, тIелатар динчеран машен хьаьшнера. Ша берш лаза бина дарбан хIусаме кхайчийнера. Цигахь, даржхочуьнна цхьа гIаралхо велла, ткъа, тахана, тIелатар динарг, Нохчийчуьра вахархо Шахтемиров Ислам а велла.
Цхьацца хаамийн гIирсаш дийцарехь, иза а, цуьнца хилла волу Исаев Хьамид а вен гIерташ, уьш болчу чу яха гIоьртина хилла, Шахтемирова Малкан цIе йолу зуда. Иза а цигахь схьалаьцна. Цуьнца хилла волу кхин ши жима стага, карахь герз а долуш, оцу дарбан хIусаман кертахь доьхьало йина, полисхошна.
И кхоий а, дIалаьцна ду бохуш дуьйцу, меттигерачу оппозицийн сайташ, амма, ГIалгIайнчоьнан кхерамазаллийн урхалло, официала дIахьедар дина, оцу зудчух а, цуьнца хиллачу шина стагах а болу хаамаш бакъ дац аьлла.
ХIинца кхетош дац юккъараллехь, хIун бахьанашца, Нохчийчуьра шина вахархочо, тIелатар дина юртбахаман тIехьожучу урхаллийн декъа куьйгалхочуьнна. Иза, гарехь, толлуш полици а ю, амма, хилларг, ма дарра хаийта сихлуш бац цигахь.