ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кадыров – Кремлан лаам кхочушбархо". ДIаваккха тарлой даржера Нохчийчоьнан куьйгалхо?


Путин Владимиран Кадыров Рамзанца цхьаьнакхетар
Путин Владимиран Кадыров Рамзанца цхьаьнакхетар

Оьрсийчоьнан Iедал декхаре ду Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана президентан гонерчу Адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонан декъашхо Каляпин Игорь а, "Новая газетера" журналист Милашина Елена а террористаш бу аьлла дина къамел тидаме эца, дIахьедина оцу Кхеташонан декъашхочо Гусев Павела. Цунна хетарехь, Кадыровс оцу кепехь цIерш тIекхолларо кхерамна кIел тосу Каляпинан а, Милашинин а могашалла а, дерриг дахар а.

Кадыровс и шен дIахьедар телеграм-каналехула даржийна ЯнгулбаевгIеран доьзална гIело еш шен ницкъаш хьийзачу юкъанна: Дечкен-беттан 20-чохь Нижний Новгородерчу шайн петарара ницкъхоша дIайигина диабет йолу Мусаева Зарема - "Iазапна дуьхьалояран комитетан" юристан Янгулбаев Абубакаран нана. ТIаьхьо Кадыров кIерахилла, тза Нохчийчохь ю аларца, "ЯнгулбаевгIеран меттиг я набахтехь бу я лаьтта бухахь бу" тIе а тухуш. Оьрсийчоьнан президентан пресс-векала Песков Дмитрийс дIахьедина, ЯнгулбаевгIеран нана ядор – иза "фантастикера дийцар ду", ткъа Кремлехь иштачу хаамех цатешар гIолехьа хета, аьлла.

Кремлехь муха тIеоьцу Кадыровн дIахьедарш, муьлха хьелаш хIитта деза Нохчийчоьнан куьйгаллера иза дIаваккха? Оцу хьокъехь "Новая газетин" политикан декъан редактора Мартынов Кирилла а, гIуллакх кхочушдина ваьлла ФСБ-н полковника Гудков Геннадийс а дийцира "Настоящее время" телеканалан эфирехь.

Кремло а, ша господина Песковс а Кадыров тIеоьцу кхин карор доцу, ца хилча ца долу зулам санна

– Кирилл, Кремлехь муха тIеоьцу-те Кадыровс деш долу и дIахьедарш? Песковс Нижний Новгородехь хилла бохуш дуьйцург фантастика ю аьлла. Иза баккъал а ца тешна хиламах? Стенна ша-шен дешнаш харцдо цо? Кремль кхетамчуьра яьлла ца гойту Песковс ша иштта олучу хенахь?

Мартынов Кирилл: Суна хетарехь, Кремло а, ша господина Песковс а Кадыров тIеоьцу кхин ша карор а доцу, ца хилча ца долу зулам санна. "Зулам" дош кхузахь ца догIуш хила а тарло, амма оцу колониалан кепехь бен и шатайпа истори йолу "хала территори" Оьрсийчоьнан Федерацин долахь латто – шен Песковн термин ю иза – атта дац. Волуш ву-кх Кремлан дайшна и болх бенболу стаг – иза ву Кадыров. Цуьнан метте кхин леха эрна ду, цо лелош дерг – иза территори, цхьана ханна делахь а, Оьрсийчоьнан кьуйга кIел латторна догIу декхар ду.

Песковс, хилларг фантастикера истори ю аларал сов, нах цец а бохуш, кхин дIа а аьлла: ца лаьа шена цунах теша. Иза ду, суна хетарехь, Кремлан пресс-векалтера даьлла Iаламат: хьайн цхьа гIуллакх даха ма-дезза дIадоьдуш ца хилча олу ахь хьайна хиллачух теша ца лаьа. Оцу маьIнехь хьажча, Песковс шен даггара аьлла. Цунна дуьххьара дац Кадыровн гIуллакхаш хьахор, дукха а дезна оцу стеган гIулчаш, къамелаш бахьанехь бехказвийла.

— Геннадий, хьан ФСБ-рчу хьостанаша хIун боху, я баха а бохий оцу хьокъехь хIумма а: Оьрсийчуьрчу ницкъхойн мел догъэтIа Кадыровн шена луъург, шена луъучохь дан бакъо йолуш?

Гудков Геннадий: Ахь хаьттра-кх, кхетамчохь йоцуш санна гой Кремль, аьлла. Суна хетарехь, кхетамчуьра девлларш вай ду, Кадыровх схьадолуш а дац иза. Дукха хан йоццуш Кадыровс яздира, Нохчийчоь 90% Оьрсийчоьно кхобуш ю, Нохчийн республиканна 300 миллиард сом ло дотацеш, субвенцеш, трасфераш, иштта кхидерг а. Цундела хIумма а доцург ду Кадыров юхаозо, оьзда лела декхаревар. Ма ло цунна цхьаъ-шиъ трансфер, и ша текхна вогIур ву Кремле – и погонаш тIехь йолу гIера кхаба хир дац ахча кхечунхьара.

Цундела вай Iовдалех теранаш, ткъа доллучунна а Кадыров бехкеван гIерта вай, ма-дарра зийча, Кадыров Кремлан лаам кхочушбархо ву. Цуьнан тIелатархой а санна, цхьаьнхьа тотон-макутагIар, цхьаьнхьа Iаьржа кучамийн ницкъаш, кхечунхьа леррига халкъ охьатаIо кхоьллина дакъош. Ала ма-аьллий Кадыровс: "Со Путинан гIашсалти ву". Цундела шен болх дIакхоьхьуш ву-кх гIашсалти. Цо халкъ кхерор оьшуш ду, Украина цуьнга бехъяйта - оьшуш ду, иза ша хIаллакйийр ю аьлла цо – иза бу-кх цуьнан болх.

Мила ву Кадыров? Иза Кремль ю, Путин ву.

Хьовсал шу, муха тIеэцна Песковс хилларг: "Иза фантастикера истори ю, со ца хIутту цунах теша". Юха боху: "Ас "фантастикера" ца элира". Ма-дарра аьлча, цо дерг аллане а ца аьлла, ца аьлла федерацин субъектерчу стага шена гIеранийн кепехь дов листа магорах лаьцна, йина кхел а йоцуш, нах даккхий зуламаш дарна бехкебан, ерриг а пачхьалкхехь бандитийн къестамаш дIабахьа цунна мегаш хиларх лаьцна. Цу тIе, цхьа Нижний Новгородехь дина ца Iа иштаниг. Хьовса, мила веха Москварчу "Президент-Отелехь" – Москварчу массо а коммерцица боьзна къестамаш дIахьочохь ю и Кадыровн гIеранаш. Мила ву Кадыров? Иза Кремль ю, Путин ву.

– Тамаше ду, Нижний Новгородера ницкъхой IадIийна юьстах, нохчийн ницкъхой бакъонашларъярхочун неIаре а баьхкина, шайн меракъелхьара цуьнан нана Мусаева Зарема дIаюьгуш. Ницкъхоша кхечу регионашкахь и тайпа хIума стенна леладо, кхетий хьо? Цаьрга нохчийн ницкъхой ма хьебе аьлла буьйр дина?

Гудков Геннадий: Дина дера. Цаьрга IадIе шаьш доллучохь аьлла-кх.

– Иштта муха нисло? ХIоразза а до и тайпа буьйр?

Гудков Геннадий: Массарна а буьйр дIасалуш ерг ФСБ ю. Вайн ницкъаллин урхаллаш ФСБ-нах йоьзна ю. ФСБ-но къастадо, хьаьнца хIун къамелаш дан деза, муьлха бехкаш дуьхьалбетта беза наханна, хIун сацамаш бан беза, мила лаца веза, мила чуволла веза. Политикаца доьзна гIуллакхаш ду ас хьехораш. Кхузахь политикаца доьзна гIуллакх ма дуй, деккъа бехктакхаман гIуллакх а доцуш. Цундела политикан бух болуш дерг ФСБ-но къастадо – хьан хIун дан деза. Цо яьккхина и билгало, хIун дан деза: "ХIара ма хьеве, хIара дIавига". Массо а ницкъхошка аьлла юкъа ма гIерта.

Оцо гойту политикан гIуллакхаш Кремло луьстуш дуйла, уьш Нохчийчохь ца луьстийла. Доккха гIалат ду вайн и билгало цайовзар, Кадыров ша-шеггара лелаш ву моттар. Аьттехьа а вац иза ша лелаш. Цуьнга Путине телефон тохало: "Хьажал, хьан хаьйн территори республика ю – ма кхийдал цигара ара, ахча лур дац хьуна харцхьа лелахь, сан хьосарниг". ТIаккха дIайовлу ерриг а проблемаш.

– Геннадий, хьуна муха хета, цхьа а "цIен сиз" дан а дуй: Кадыров сиза хададахь, Путина цуьнгара дарж дIадаккха?

Геннадий Гудков: Нагахь санна цо Путинан омранаш кхочуш ца деш хилахь, иза даржах воккхур ву. Цкъачунна дика ларош ву иза. Цо цунна латтайо Кавказ – Путин волчу кхочучу дукха нахера хезна суна, уьш Кадыровна аьрзнаш дан буьйлабелча, цо цаьрга олу: "Шу маьхьарла бахна нIаьна санна деха кхузахь, ткъа Кадыровс суна Кавказ латтайо". Иза дац махбалар я ясакх охьайиллар – иза, хIоттийна Iалашо а йолуш, политикан фигуранташ бандитийн кепехь охьакегбар ду.

Немцов хьан вийна? Нохчийн герзхоша. Политковскаяца мила къаставелла? Нохчийн герзхой. Эстемироваца дерг хьан къастийна? Цара. Европан территори тIехь терроран тохарш хьан дина? Нохчийн герзхоша. Шема муьлш бахна? Уьш. Цара дика кхочушдо тIедахкарш, цундела царна аьттонаш а бо, церан кара ницкъ а ло.

Кадыровн ницкъаша цхьаъ дича, царна коьртах куьг хьокху, кIеззиг таIзар дан а тарло. Ткъа Кадыровс Кремло шега бохучул сов ца вуьйлу, кхчуш бо цуьнан лаам. Немцов вен Iалашо кечъеш, иза Москваца дагабовлуш хьоттийна аьлла хета шуна? Суна масара а лоруш болчу наха дийцина оцу хьолах лаьцна, яьхна цIерш, тоьшалла до Немцов вен бина барт бинера бохуш. Нохчийчуьрчу наха а дийцина соьга иза.

Кадыров – гIашсалти ву, федералан Iедало лелош йолу чалтачийн тоба, тотон-макита ю. Iедална оьшу иза. Цундела IадIа, бага хи лаьцча санна, цундела до Песковс а шен дIахьедарш, "тхуна хууш хIума дац, тхо ца теша, фантастикан истори", олий. Юха шаьш аьлларг юхаэца хIуьтту, ца хIуьтту кадыровхойн гIеранах аьлларг юхадаккха, шайн риторикера дешнаш оьцу юха, шаьш иштта ца элира, олий. ЖамI – иза хIумма а ца аьлларг хуьлу.

– Кирилл, Кадыров даржах мукъаваьккхина сурт хIотта а далой хьоьга? Ван а вуй-те Нохчийчоьнан куьйгалхочун дарж цуьнгара схьаэца стаг?

Мартынов Кирилл: Вац, вац дера и тайпа стаг, хIунда аьлча, Кадыров Нохчийчуьрчу шина тIеман стом бу. Оьрсийчоьнан федералан пропагандо цхьа шатайпа машар тIебожийна боху, Нохчийчоь хIинца хазъелла, тоелла еха республика ю, дотацеш тIехь ехаш елахь а, боху, хIинцца Геннадийс ма-аллара.

Ткъа долуш дерг, суна хетарехь иштта ду: Кадыров шен психологица, шен шатайпанарчу "харизмехь" ву – тIамо кхиийна стом, ма-дарра аьлча, тIом хIинца а, кхечу хьесапехь дIакхоьхьуш долу тIеман бер. Иза ша ма-варра аренийн, кхечу хьелашкара тIемало-баьчча ву, шахьара буьйранча, иза саннарг каравойла дац, иза дIавалахь, ерриг а гIишло хаьрцар ю, Нохчийчуьра массо а мазанаш, гIеранаш Iораевр ю, тIаккха тIаьхьало ирча хинйолу конфликт оьккхур ю.

Оьрсийчоь урхалла шена тIехь доцу пачхьалкх ю, сацамаш тIеэца цхьа центр а йоцуш

Бакъдерг ала деза, суна ца хаьа хIун тоьлу Оьрсийчоьнан Федерацина: конфликте ялар я Кадыровгахь кхидIа а Iедал дитар. Соьга хаьттича, маьттаза ду иза а, важа а. Амма Кадыров хийца стаг вац, хетарехь, дика хаьа иза Кремлна. Ала дашна, иштта йоьттинчу гIишлоно шеконе доху Геннадийн дешнаш, Кадыров бIе процент Путинан тайниг ю бохург. Кхеташ ду, Путина телефон а тоьхна, цхьа омра дахь, Кадыров декхаре хила мега иза тIех-дика кхочушдан.

Делахь а шегахь Кадыровгахь а бу хIара дуьне муха хIотталуш ду цунна гойту кхетам. Со тешна ву, цунна цхьаммо а буьйр ца дина "Новая газето" дукха хан йоццуш бовзийтина мисканаш, Нохчийчуьра гей-нах, хьийзабелахь, аьлла. Со тешна ву, нах оццу Нохчийчохь закъалтна лецар а цигахь кхолладелла Iаламат ду. Нохчийчохь билггал и тайпа режим кхолла аьлла вац цхьа а арахьара чувеъна говзанча.

Москвара "Президент-Отель" чохь еха, коммерцин гIуллакхашна гонах йоху Кадыровн и гIеранаш а, прессехь ма-баххара, лела Нохчийчоьнан куьйгалхочун экономикера, цуьнан гонан хьашташ луьстуш.

Суна хетарехь, иштта ду жоп, Кадыровгара хIун дала деза иза даржах ваккха, аьлла ахь деллачу хаттарна: сан кхетамехь, цо Оьрсийчоьнан территорерчу цхьана йоккхачу кхечу ницкъахойн тобан кIажа хьаша беза, и гIера ондда оьгIазъяхийта еза цо, важа тIаккха йолалур ю бекхам бан. Кхечу дешнашца аьлча, Оьрсийчоь урхалла шена тIехь доцу пачхьалкх ю, сацамаш тIеэца цхьа центр а йоцуш. Путин вер вац массаьрга телефонаш йиттина, Путине далалур дац массарна омранаш, цу тIе, цо аьлларг дуьззина кхочуш до, цуьнга ладугIу олийла а дца.

***

Кремлний, Кадыров Рамзанний юкъа кхин цхьа цакхетам иккхира кху кIиранах, Оьрсийчоь Украинина тIелата тарлуш хиларца боьзна бара иза. Нохчийчоьнан куьйгалхочо инстаграмерчу шен эфирехь элира, Оьрсийчоьнан президентан метта хилча, ша " Украину тоххара схьаэцна хир яра, эскарш хьовсор дара низам хIоттор дара цигахь". Пачхьалкхан куьйгалхочун пресс-векала Песков Дмитрийс ша деллачу жоьпаца дагадаийтира регионан куьйгалхочунна, Нохчийчоь юкъайогIучу Оьрсийчоьнан арахьара политика кхуллург Путин Владимир хилар.

Нижний Новгородера бакъонашларъярхочун Янгулбаев Абубакаран нана ницкъаша Нохчийчу дIайигарца доьзна Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело Оьрсийчоьнна хьалха хеттарш хIиттийна Мусаева Зарема стенна лаьцна, аьлла. Цуран чулацам цкъачунна бовзийтина бац, амма Кремль декхаре ю Чиллан-беттан 7-гIа де тIекхачале жоп дала.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG