ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шема ваха дагахь ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан


Кадыров Рамзан.

Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутато Делимханов Адама дIахьедар дина Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан «шеко йоцуш вогIур" ву Шема аьлла. Амма маца хир ду иза ца элира цо бохуш, хаам бо «Интерфаксо».

Кадыров Шема ваха дагахь хиларх лаьцна Делимхановс элира Думан делегаци тIемалойх маьрша яьккхинчу Алеппон малхбалерчу кIоштахь йолуш.

Оьрсийчура депутаташ гуманитаран миссица баханера Алеппо Европерчу шайн коллегашца цхьаьна.

Хьажа комменташка (1)

ХIара форум дIакъевлина ю.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG