ТIекхочийла долу линкаш

Ичкерин агIончашна критика еш цIеххьана пост хIоттийна Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Ичкерин агIончашна критика еш цIеххьана пост хIоттийна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Инстаграмерчу шен агIонехь.

Нохчийчоь тахана Оьрсийчохь а, дуьнентIехь а уггаре паргIат а, кхерам боцуш а регион хилар билгал а доккхий, Кадыров тIекхохкало, шена хетарехь, иза даре лууш боцучу Ичкерин агIончашна.

«ХIораммо а ша хаьржина шен кхоллам. Нохчийчоьнан халкъ хьанал къахьоьгуш ду. Ткъа и бохам дIаболийнарш хIинца а даханчу бIешарахь бехаш бу, Ахьмад-Хьажас а, цуьнан тобано а Нохчийчоь йозаш йоцуш хиларан идея йоьхкина бохуш», - яздо Кадыровс.

«Вайн аьтто бу дагадаийта цара (Ичкерин агIончаша) адам муха Iехийра дийца а, маршонах лаьцна къамелаш а деш, цара баккъалла а юьхьарлаьцнарг хIун Iалашо яра дийца а»,- боху цо.

Нохчийчоь маьрша пачхьалкх хилийтарехьа къийсина нах ямарта хилар гойтуш шен постехь Кадыровс ялайо «цхьана газетехь зорбане яьлла" президентан Масхадов Асланан интеревью.

Цу интервьюн юкъара Масхадовн иштта дешнаш даладо Кадыровс.

Масхадов: «Эномикан агIор схьаэцча, со кийча ву муьлхха а интеграцина юкъаваха. ТIеман агIор а ву кийча. Вовшехдозуш ду дозанаш, стигал ларйон система, индусти, экономика. ТIом боьдуш а, цул тIаьхьа а со реза вара муьлхха а дийцарш дIадахьа.

Ас элира Ельцине «Борис Николаевич, халкъан мехала долчух пайда хIунда ца оьцу? Тхо тIемалой ду. Иза тхоьгара дIадаккхалур дац. Пайда эца тхох, Оьрсийчоьнан къилбера доза дIакъовлуш. Ас хIуна дош лахь, цигахула цхьа а чекхвера вац аьлла».

Кхин цхьа цитата а ялайо Кадыровс.

-Хьовсур вай, - боху цо, - Масхадовс оццу интервьюхь нохчийн къомах лаьцна дуьйцург хIун ду.

Масхадов: «Шайн амалца нохчий низам доцуш бу. Уьш кIел таIац цхьана а низамана: я Оьрсийчоьнан а, я дахаран а, я нохчийн а».

«Цу кепара вайн халкъах бага бахханчу мостагIаша а ца яздина», - бохуш эргIад вуьйлу Кадыров.

Ичкерийн агIончашна а, Ичкерин хьалханчаш хиллачу нахана а тIелатар деш Кадыровс пайда эцнарг ю 1998-чу шарахь «Общая газето» зорбане яьккхина Масхадовн интервью.

Кадыровс далийна дешнаш баккъалла а долуш ду цигахь. Бакъдерг дийцича, нохчийн амал юьйцу Масахадовс кхечу бахьанца. Журналист кхето гIерта иза ша исламан пачхьалкх кхуулуш ву аьлла ша дIакхайкхор хIунда дина бохучух.

Масхадона хетарехь, Дудаев ЖовхIара 1991-чу шарахь дийцара, ша Оьрсийчоьнан цамзана къелхьара а ваьлла, динца йоьзна йоцу пачхьалкх кхуллур ю ша бохуш. "Цуьнан цунах хIумма а доцург хилира. ХIунда аьлча, шайн амалца нохчий низам доцуш бу. Уьш кIел таIац цхьана а низамана, я Оьрсийчоьнан а, я дахаран а, я нохчийн а".

Масхадовс кхин дIа чIагIдо Кадыровс тидам боцуш дитина цхьа хIума.

«Церан (нохчийн) дерг ду Аллахах тешар», - боху Масхадовс.

Кхечу бIаьргашца го Кадыровна, Ельцина а, Масхадовс а тIе куьйгаш а таIийна, Оьрсийчоьно а, Нохчийчоьно а бина машаран барт а.

Цу тIехь яздина ду шина агIоно юкъаметтигаш къастош герзах пайда оьцур бац аьлла. Иза тоьшалла ду аьлла хета Кадыровна Масхадов а, цуьнан агIончаш а йозуш йоцу пачхьалкх кхолла лууш цахиларан.

- Масхадовс йинарг ямартло яц, амма халкъе а ца хтттуш цу тайпа барт тIеэца реза ца хиллачу Кадыров Ахьмад-Хьажас йинарг ямарло ю? - бохуш хоьтту цо.

Ичкерин агIончашна рогIера критика ян Кадыровс хIара денош хIунда хаьржина кхеташ дац. Цо хьехош болу 20 шо хьалха хилла Машаран барт бина де дIадаьлла а ю цхьа бутт сов хан. Гарехь, баккъалла а ца товчух тера ду Нохчийчоьнан куьйгалхочун, цунна ма хеттара, махкахь токхе а, къепе а хIоттийна дахар дIанисдина воллуш ша а волуш, миччахь хилла иза даре дан лууш боцу Ичкерийн байракхашна кIеллахь цхьаьнабетталуш нах хилар, уьш мел цунна кхераме бацахь а.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG