ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Рамзан дIаваккха аьлла цхьааллин пикет дIаяьхьна Казанехь


Нурмухаметов Ильдар
Нурмухаметов Ильдар

Селхана, Чиллан-беттан 9-чохь жигархочо Нурмухаметов Ильдара цхьааллин пикет дIаяьхьна Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан даржера мукъавакхар тIедожош. "Шеца реза мел воцчунна чIирца кхерамаш туьйсу Кадыровс. Даржах мукъаваккха!" аьлла тIеяздинчу плакатца Бауманан цIарахчу коьртачу ураме ваьллера иза.

- Оппозицин политико Яшин Ильяс петици зорбане яьккхина Нохчийчоьнан куьйгалхо даржера мукъаваккха аьлла, со цунна тIетов – дIахьедина Нурмухаметовс. – Петици хIотторан бахьана дара Кадыровс массарна а хазош ЯнгулбаевгIеран доьзална а, журналисташна а, бакъоларъярхошна а тийсина кхерамаш. Иза магийта йиш йоцург ду аьлла, хета суна, ас кхайкхамбо массаьрга а, кхера а ца кхоьруш, петицина куьйгашъязде аьлла.

Казань гIалин юккъехь хIоттийна пикеть 20 минотехь лаьттира. Жигархочо бахарехь, метигера бахархой тIе а баьхкина, дехар динера цуьнга дIагIо аьлла, хиттинера Нохчийчоьнан куьйгалхочун гоно бекхам барна ца кхоьру хьо, бохуш. Казанерчу жигархочо Нурмухаметовс хIоттийна акци дуьххьарлера яц – Дечкен-беттан 23-чохь цхьааллин пикете велира иза, политикан тутмакхаш маьршабахарехьа а, дешан маршонехьа а.

Чиллан-беттан 7-чохь оппозицин политико Яшин Ильяс Кадыров Рамзан даржера мукъаваккхарехьа петици зорбане яьккхира, иштта шен YouTube-канале ролик хIоттийра цо, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга кхайкхамбеш чIир кхайкхоран ламасташ дитий, Оьрсийчоьнан Конституци ларъе аьлла.

"ЛадогIал, Рамзан! ХIара дерриг а дукха гена даьлла! Цхьаммо ала дезий хьоьга, юьхь-дуьххьал, диллина, ишта лела мегар дац. Вайн Оьрсийчохь иштта лела мегаш дац",- дIахьедира Яшина.

Керла хаам зорбане боккхучу хенахь 177 эзар стаг вара петицина куьйгаш яздинарг.

Ша даржах ваккха аьлла, хIоттийначу петицех лаьцна цкъачунна цхьана а кепара реакци йина яц Кадыров Рамзана. Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран пресс-секретаро Песков Дмитирийс дIахьедира, Яшинан петици Кремла баккъалла а тIе ца ийцира аьлла. "Цигахь кхажтасар цIерашца дацара, хила тарлора боташа хьалхатеттина", - билгалдаьккхира Песковс.

"Дождь" телеканало (Оьрсийчоьнан Iедалхоша "арахьара агент" лерина) а, "Новая газето" а Талламан комитете бевлира Кадыров Рамзанна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх, журналисташ а, бакъоларъярхой а сийсазбеш, царна кхерамаш тийсарна. Журналист Милашина Елена декхаре хилира Оьрсийчуьра дIаяха, шен маршонна кхераме хиларна.

Дечкен-баттахь Кадыров Рамзана "террорхойн гIоьнчаш" бу элира Нохчийчохь Лакхарчу кхелан суьдхо лаьттинчу Янгулбаев Сайдин доьзал а, бакъоларъярхо Каляпин Игорь а, "Новая газета" а, цуьнан журналист Милашина Елена а, иштта "Дождь" телеканал а. Оьрсийчоьнан парламентан депутато Делимханов Адама дош делира ЯнгулбаевгIеран коьртеш даха. Каляпинах а, Милашинех а Кадыровн дешнаш Кремлехь "шена хетарг алар ду" аьлла, тидира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG