ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Рамзан Украине вахна бохург бакъдан ца хIоьттина Кремль


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан Украине вахна бохучун цхьа а тоьшаллаш дац Кремлан. Цунах лаьцна дуьйцу РБК-но президентан пресс-секретарана Песков Дмитрийна тIе а тевжаш.

Песковс журналисташна хьехна, кхетораш Нохчийчоьнан куьйгалхочуньгара шегара дехар, хIунда аьлча, цунна хетарехь, Кадыровс ца аьллера ша Украинехь ву.

Хьалхо оьрсийн Iедалехьа йолчу телеграмерчу каналашкахь ларми чохь дIаязйина шина минотехь йолу видео гIаръяьккхира, оцу тIехь дIахьочу тIеман кхеташонехь дакъалоцу Кадыров Рамзан а гойтуш. ТIечIагIдо, видео Украинехь дIаязйина хилар – Киевна ворхI километр генахь.

Ишта жамI дина Нохчийчоьнан куьйгалхочун йистехь лаьтташ цуьнан гIоьнча, нуьцкъаллин блокан хьалханча Мартынов Даниил хиларна – зорбанаша яздарехь, тIаьххьарчу шина кIирнахь Украинехь ву иза.

Ша Кадыровс цхьанне агIор комментари ца йо арахецначу видеонна.

Кавказ.Реалиино хеттарш динчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун критикаша шеконе лаьцна оцу видеон бакъ хилар. Масала, оппозицин 1ADAT боламан хаамца, Кадыровс Украинера Нохчийчу цIабаьхкинчу тIемалошца яьккхина видео ю иза. Каналан хаамца, юьйцурш "Юг", "Север" а батальонаш ю – церан меттана цига дIаяхана керла тоба – Кадыров Ахьмадан полк, ППС-ан белхахой, йолах тIом бийраш а.

  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаамбира шен нанас Iуналла дечу Кадыров Ахьмадан регионерчу юкъараллин фондо шаьш Луганскан а, Донецкан а "къоман республикаш" аллла, дIакхайкхийначу кIоштийн хьалханчашна а, "Спарта" сепаратистийн батальонашна а гIагI диллина машенаш эцна хилар. Кадыровн фондана ахча долу меттигех лаьцна хеттарш кхоллало хаамийн гIирсийн а, бакъоларъярхойн а, хIунда аьлча, вуно цIена дац цуьнан юкъараллин гIуллакх.
  • Оьрсийн тIемалой Украинаца тийсалучу юкъанна кхалхарх лаьцна дIахьедина Оьрсийчоьнан къилбан а, Къилбаседа Кавказан а республикийн хьалханчаша. Чиллан-беттан 24-чу буса Оьрсийчоь тIамца Украинана чугIоьртина.
  • Зазадоккху-беттан 13-чу дийнахь – берхIитталгIа де-буьйса ду Оьрсийчоь Украинана тIелетта. Киево дIахьедо, яхначу буса оьрсийн эскаро Яворовскан тIеман полигонна тIе кеманан тохар дина хилар. Зеленский Владимира дуьххьара аьлла тIом болабелчахьана беллачу украинхойн терахь – 1 300 стаг. Оьрсийн тIемалоша гуо бина масех яккхийрачу Украинан гIаланашна, шайлахь Мариуполь, Чернигов а йолуш, амма уьш схьа ца яккхало цаьрга. Тийсадаларш, кеманан тохарш а хIинцале а дIахьош ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG