ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Рамзанан кхерамашна жоп делла Польшехь


Польшин Iедалхойн пресс-секретаро Мюллер Петра комментарий йина, хьалхо шайн пачхьалкхана кхерамаш тийсинчу Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна.

"Кадыровна вас ца йича ца волу со. Украинан хаттар хIинца а дIакъевлина дац, мелхо а, украинхой, суна гарехь, дукха дика ларош бу Оьрсийчуьрчу дозанаш дIалецархошца а, Кадыровн коллегашца а", билгладаьккхина Мюллера.

Кадыровн кхерамашца керла хIуммаъ дац, хIунда аьлча, хьалхо изза кхерамашца вистхилира кхерамзаллин Кхеташонан куьйгалхочун гIовс Медведев Дмитрий а. "Оха иштачу нахах Юккъера а, Къилбера а Европа а, Украина а Iалашйийр ю", - далийна Polsat News телеканалан сайто Мюллеран дешнаш.

Стигалкъекъа-беттан 25-чохь шен телеграм -каналехь зорбане баьккхинчу видеокхайкхамехь Кадыров Рамзана элира: "Украина дIакъевлина хаттар ду. Суна интересе ю Польша. Стенна тIе кхача гIерта Польша? Украина дIаяьллачул тIаьхьа, нагахь санна, команда хилахь, оха ялх секундехь гойтур ду шуна, шу стенна гунахь ду. Цул а шайн герз а, шайн йолах бахкийтина нах а юхабига, официалехь гечдар деха тхан векале. Оха иштта дуьтур дац и".

Стигалкъекъа-беттан 9-чохь Польшерчу посолна Андреев Сергейна тIе цIен басар доьттинера, ЦIечу эскаран салтий дIабоьхкинчу кешнашкахь зезагаш дохкучу хенахь. ТIаьхьо цо ша дIахьедира, иза сироп яра аьлла.

  • Украинехь йоьдучу спецопераци олучух лаьцна Нохчийчоьнан куьйгалхочо ден дIахьедарш дага ца довлуш зорбане дахар дихкира Оьрсийчоьнан цхьайолчу пачхьалкхан зорбанан гIирсашна, яздора тIеман а, политикан а, пропагандистан а чугIортарх язйинчу аналитикан материалехь "Проект" гIирсо. ТIеман хьалхарчу шина беттачохь федералан телеканалашкахь Кадыровна масех минот эфиран хин бен елла яц.
  • Стигалкъекъа-беттан 3-чохь суьйранна Кадыров Рамзана кхайкхамбира Путин Владимире Украинаца тIеман "шолгIа этап" йолайе аьлла – пачхьалкхан доллу дозанаш тIехь дIа а хьош спецопераци олург. Нохчийчоьнан куьйгалхочунна хетарехь, Оьрсийчоьнан эскаро схьаяккха еза Киев, Харьков, Херсон. Оцу юкъанна ши бутт а бара Херсон Оьрсийчсоьнан эскарша дола ден.
  • Цхьана беттачохь – Зазадокху-беттан 4-чуьра Охан-беттан 7-чу дийне ухаччалц – Кадыровс 26-зза дIахьедира, кестар оьрсийн эскарша Мариуполь схьайоккхур ю аьлла. Билггал аьлча, украинхойн тIемалоша Iалашдеш дара "Азовсталь" заводан дозанаш Стигалкъекъа-бутт юккъе баллалц.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG