ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Рамзанан накъостана Туркойчохь йиттина бевзаш боцчу наха


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Туркойчохь нохчийн Гикало эвларчу полицин декъан хиллачу куьйгалхочунна Эдилов Бесланна тIелатар дина, йиттина масех стага. ТIелеттачех цхьахволчо олу, шайн хаммашца, Эдиловна "цхьаъ вен" тIедиллина хиллера.

Security Turkey телеграмерчу канало арахийцира цунна етташ гойту видео, и гIирс дайначу шеран Марсхьокху-баттахь нохчийн диаспоран векалша кхоьллина бу, кадыровхойн ницкъахойх лаьцна информаци вовшашна йовзийтархьама. Арахецаран текстехь хаамбо, Эдилов Туркойчу веана хиларх диаспоран векалшна ах шо хьалха дуьйна хууш дара.

Видео тIехь Эдиловна тIелеттачара хоьтту цуьнга, стенна веана иза Туркойчу, хьаьнга дIало цо хаамаш. "Дикачу гIуллакхашна куьйгалхо ца хIоттаво… Кхузахь сацахь мегар дац хьуна… Хьо кхуза цхьаъ вен Iалашонца веана хиларх лаьцна хаам бу тхан, амма хьан берийн дуьхьа вуьту оха хьо", - боху цара.

"Цхьанна а зулам ца дина" ша, олий жоп ло Эдиловс, боху, зудчунца а, берашца а веана ша Туркойчу, ша "куьйгалхо хIоттор а ца дехнера".

Бакъоларъярхочо Янгулбаев Абубакара арахецначу видеона комментарий йина, кхетийна, хьалхо Тукойчохь йиттина хилла волу кхин кадыровхо Абдурахьман санна, Эдиловс ша дакъа лаьцна Нохчийчуьра бахархой лечкъабарехь, царна тIехь Iазап латторехь а. "Ницкъбар – иза дика дац… Амма Оьрсийчоьнан низам лардаран органашкахь кхерамазалла а, бакъо ца яккхаелла, ша а, шен цIе а ларъян гIертачарна кхел йан со реза вац", - аьлла Янгулбаевс.

  • 2021-чу шеран ГIадужу-баттахь Туркойчохь ялх стаг дIалецира (виъ Оьрсийчоьнан вахархо – Нохчийчуьра схьабевлла, иштта Украинан а, Таджикистанан а бахархой), Кадыров Рамзанан рожна критика ечу нохчийн диаспорера векалшна кIело йан кечам барна бехке бира уьш. Таллам беш гучуделира, 2014-чу шеран Зазадоккху-баттахь дуьйна оппозицхойх лаьцна хаамаш оцу тобане дIалуш хиллера Туркойчохь вехачу Нохчийчуьра схьаваьллачу кхин а шимма.
  • 2022-чу шеран Чиллан-баттахь верриг бархI стагана дуьхьала даьккхина бехктакхаман гIуллакх Стамбулерчу кхеле хьажийра. Бехкеваран сацамца а догIуш, Охан-баттахь Оьрсийчоьнан Президента Путин Владимира Оьрсийчоьнан Турпалхо чин делла волчу пачхьалкхан думан депутатера Делимханов Адамера а, дуьненаюкъарчу лехамашкахь волчу криминалан хьалханчера Дукузов Казбекера а тIедилларш кхочуш хиллера бехкебиначех цхьанга.
  • Уьш дIалаьцначул тIаьхьа туркойн Iедалхоша нохчийн диаспоран хьалханчашна тIе пачхьалкхан хадархой хIиттийра. Иштта Туркойчохь беха нохчаша шайн кхерамазалла ларъяр алсамдаьккхира.
  • Цхьатерра масех интернет-ресурсаша, шайн хьасташна тIетевжина хаамбира, 2021-чу шеран гурралц "криминалан къуьнан" статусехь хилла криминалан авторитет Домбаев Ахьмад (Ахмед Шалинский цIарца вевза) Стамбулехь лацарх. Телеграм-каналийн информацица, Домбаевн а, цуьнца цхьаьна хиллачийн а Iалашо хилла, Туркойчохь а, Европехь а бехачу Кадыров Рамзанан рожан критикашна кIелонаш ян.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG