ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Рамзанан йоIана дуьхьал санкцеш йаьхна Зеленскийс. Нохчийчохь сийсаза тIеэцна и хаам


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Оьрсийчоьнан бахархошна а, компанешна а дуьхьал рогIера санкцеш йохуш Украинан президенто Зеленский Владимира омрана куьйг йаздина. Тептарехь нисйелла Нохчийчоьнан урхалхочун йоьалгIа йоI Кадырова Табарик а, йаздо Свобода Радион оьрсийн сервисо Украинан президентан зорбане даьккхинчу омрана тIетевжина.

Iедалхочун йоIана дуьхьал санкцеш стенна йаьхна, хаам бина бац. Киевна хетарехь, Украинана дуьхьал дIахьочу агрессина гунахь болу нах бу тептарехь билгалбаьхнарш.

Йиллинчу хьасташкахь хоуьйтуш дац хIун болх беш ю Кадырова Табарик. ХIора шарахь меттигерчу хьаькамийн хастамечу посташкахь иза йинчу денца декъалйеш бен хьахош йац иза. Иштта хаам бара, Кадырова стохка маре йахна бохуш.

Кадыров Рамзанан гоно оцу хааман тергойира оханан-беттан 2-чохь. Оьрсийчоьнан Думан Нохчийчоьнан цIарах депутат волчу Делимханов Адама пост йазйира телеграмехь Украинан президент сийсазвеш. Мехкан зорбанан министро Дудаев Ахьмада "кхетийра" сацамах, Зеленскийна "хаьа, шена кхерам стенгара бу" аьлла.

Шоьта дийнахь арахецначу омраца, санкцеш йаьхна 33 стагана а, 200 сов компанина а дуьхьал. Президенатн Офисан сайтехь зорбане даьхначу документашца, санкцешна бухахь нисбелла Оьрсийсоьнан Кхерамзаллин Кхеташонан куьйгалхочун гIовсан, президент лаьттинчу Медведев Дмитрийн хIусамнана а, кIант а, Илья а, Светлана а МедведевгIар. Тептарехь ю иштта гимнаст хиллачу, Путин Владимиран йезар ю бохучу Кабаева Алинин нана, Кабаева Любовь а.

Тоьхначу дозанашца а догIуш, царна доьхкуш ду Украинера капитал арадаккха а, экономикан а, финансийн а декхарш кхочушдар а.

  • Нохчийчоьнан урхалхочун 16 шо долу кIант Ахьмад а, 15 шо долу Эли а, 14 шо долу Адам а шайн йишица, 23 шо долчу культурин министрца Кадырова Iайшатца а "ДНР" аьлла, шаьш дIакайкхийначу меттигехь хилира. Кадыров Рамзанан телеграм-каналехь шуьйра дийцира церан цига бахарх лаьцна – цо чIагIдора, шен кхиазхоша-воIарша боьлхучу тIемашкахь дакъалаьцна бохуш. Критикаша дIахьедира йинарг монтаж йара бохуш.
  • Нохчийчохь иттаннашкахь мехкан урхалхочун гергарнаш бу регионехь лаккхарчу даржашка хIитийна. Урхаллин йоллу система йоьзна ю Кадыров Рамзанца а, цуьнан гонерчу а нахаца, оцу йукъанна шен нах даржашкахь хьалхатеттар лартIахь хета Кадыровна. Пачхьалкхан гIуллакхех ду цуьнан бераш, йижарий, невцарий, йижарийн, вешин бераш, шичой, маьхчой. Кавказ.Реалиин редакцино вовшахтуьйхира, республикин пачхьалкхийн структурашкахь КадыровгIеран цIийнах болчех хIоттйина дуьззина тептар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG