ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Барт хилла Кадыровн, Сечинан


Нохчийчохь болх дIа а хьош, регионан активаш мехах дIа а ца духкуш сацам тIеэцна «Роснефть» компанино. Ши шо а дара Оьрсийчоьно мехкан маьIданаш урхалле дIадалар дийцареден.

Кхаарийдийнахь хилла шина а агIонан цхьабарт, «Роснефть» компанин куьйгалхочун Сечин Игоран а, Нохчийчоьнан урхалхочун Кадыров Рамзанан а цхьанакхетар хиллачул тIаьхьа. РБК-н агенталле баржийна и хаам.

Цул совнах, болчу хаамашца, шина куьйгалхочо юкъахбаьккхина Нохчийчохь мехкадаьтта юхакечдаран завод йилла бина барт а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG