ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров саготта ву, кхоьллинчу хьекъало ша Трампах хийцарна кхоьруш

Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ша саготта хилар дӀахаийтина, кхоллинчу хьекъалца (ИИ) шен метта Американ Цхьанатоьхначу Штатийн президент Трамп Доналд хӀотто мега, йа Соьлж-ГӀалин йуккъехь митинган васт кхолла мега аьлла. Цо дӀахьедина, "хӀара тIаьххьара зама йу", цундела меттигерчу пачхьалкхан хаамийн гӀирсаша "халкъаца бен болх чIагIбан беза", "информацин вакуум а ца йуьтуш" аьлла.

Кадыровн критикаша цунна жоп луш, тидаме эцна, дукха хан йоццуш Нохчийчохь леррина операци дIахьочу хенахь махкара зорбанаш "хIуммаъ а ца хилча санна, тапъаьлла Iарна".

Мехкан урхалхочун дIахьедар зорбане даьккхина "Вайнах" телеканало. Видео тIехь гуш ду Соьлжа-ГIалахь шуьйра кхеташо дIахьочу заманчохь Кадыровс къамел деш, цунах лаьцна хаамбира лахьан-беттан 9-чохь цуьнан телеграм-каналехь а. Оцу йукъанна, Нохчийчоьнан куьйгалхочо кхоьллинчу хьекъалх лаьцна ден къамел цу тIехь дац.

Тахана гайтинчу кхеташонехь, Кадыровс бохура: "Кхоьллинчу хьекъало хIинццехь сан метта Трамп охьахаон тарло. И фейк йу, йа билггал дерг ду, къаста а лур доцуш. ХIара тIаьххьара зама йу, цундела вай ма-хуьллу чIагIбан беза халкъаца бен болх. Интернетехь муьлхха а харц сурт хIоттон йиш йу, Соьлжа-ГIалин йуккъехь митинг гайта а, ур-атталла. Нах цунах теша тарло. "Грозный", "Вайнах" телеканалаша бахархошца беш болчу болх лакхабаккха беза, маса бакъйолу информаци дIа а кхачош. Даим а бахархошца зIе латтон йеза, информацин къоьлла а ца хIоттош царна".

Пачхьалкхан хаамийн гIирсаш бахархошца болх муха чIагIбан Iалашо йолуш бу, Нохчийчоьнан куьйгалхочо билгал ца даьккхира оцу видео тIехь.

Нохчийн оппозицин NIYSO боламо критика йира Кадыровн дIахьедарна: хIинца билггал Нохчийчохь митинге нах бовлахь а, кхоьллинчу хьекъалца хIоттийна сурт ду и баха тарло цо, бохура цара. Цул совнах, жигархоша тидам тIебахийтира, дукха хан йоццуш Нохчийчохь, ницкъахоша "диверсанташ" лоьхуш, леррина операци дIахьочу хенахь меттигера хааамийн гIирсаша хIуммаъ а ца дийцирна махкахь долчу хьолах лаьцна. Детташ герзаш, тIеман бера-кеманаш стигалхула хьийзаш доллушехь.

  • ГIадужу-бутт бовш Кадыровс дIахьедира меттигера вахархо верах лаьцна, бохура махкахь цо диверсеш лелийна. Ма-дарра цунах лаьцна ца дийцира цо, амма баркалла элира полицин лерринчу полкан командирна Чалаев Замидна. Иза вара "кхел йоцуш, бина таллам а боцуш, тоьпаш тухур йу" Iедалхошна луьйш болчарна а, терроризмана бехкебечарна а, царна гIодинчарна а бохуш, кхерамаш тийсинарг. Тхан сайто къастийра, цунах лаьцна хууш дерг.
  • Дахначу кIиранах Трамп Доналда хьийхира UFC-н куьйгалхочунна Уайт Данна, КIайчу цIийнан пресс-секретарь хила, хьайна гIоьнна латархой Нурмагомедов Хьабиб а, Махачев Ислама а схьаэца балха аьлла.
​
XS
SM
MD
LG