Керла доьзал кхоллар ЗАГС-хула чекхдаккхарна дуьхьал ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Цу гIуллакхо эххаре а доьзал боха бо аьлла хета цунна.
Цунах лаьцна Кадыровс дIахьедар дина Russia Today телеканалана интервью луш. «ЗАГС – цатешам бу аьлла хета суна. Кехат тIе куьг таIорца бохош бу доьзал. Иза цатешам бу хIусамдена а, хIусамнанна а юкъахь. Со дуьхьал ву цунна», - боху Нохчийчоьнан куьйгалхочо.
Цуьнца цхьаьна Кадыровс билгалдаьккхина, Нохчийн республикехь ЗАГС-ехь шен кхин а зударий бу аьлла кехат даьккхина цхьа а стаг ца хилар.