ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Сербехь: кхайкхаза хьаша?


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, цуьнан ден Кадыров Ахьмадан даьккхина сурт а
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, цуьнан ден Кадыров Ахьмадан даьккхина сурт а

Серберчу бусалбанийн юкъаралло бакъдина Радио Маьрша Европа/ Маршо Радио медиакорпорацин Балканан редакцица хиллачу къамелехь шаьш Сербин къилбехь хьуьжар йилла йолоре хьоьжуш хилар. Нови-Пазар гIалахь, Нохчийчоьнан куьйгаллехь лаьттинчу Кадыров Ахьмадан цIе а туьллуш, йилла Iалашо ю хьафизийн школа.

Нови-Пазар гIала Сербин къилбехь лаьтта, дукхахболу бахархой бусалба бу цигахь. Мангал-бутт бовш кхечира оцу гIала Европерчу бусалбанийн форуман делегаташ, коьртехь оцу боламан хьалханча, Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимирна герга ларалуш волу Ниязов Iабдул-ВахIед а волуш. 1993-2003-чу шерашкахь Оьрсийчоьнан парламентан декъашхо хилла ву иза.

Ниязовн Серберчу Исламан юкъараллин хьалханчашца барт хилла Нохчийчуьрчу ахчанах хьафизийн школа схьаелла. Иза йийр ю Нови-Пазарехь, цIе лелор ю Кадыров Ахьмадан.

Сарби -- Нови Пазар гIала, 2021-гIа шо
Сарби -- Нови Пазар гIала, 2021-гIа шо

Нохчийчуьрчу пачхьалкхан "Грозный" телеканало хаам баржийра, Сербехь бехачу бусалбанаша шаьш дехна Кадыров Рамзане хьуьжар йиллар, цо цуьнан ден цIе лелор ю, аьлла.

Деза Къоран Iаморан Исламан центр юьллур ю аьлларг кхузахь меттигерчу бусалбанийн юкъараллица цхьаьнакхетта йолу Европерчу бусалбанийн форуман делегаци ю

Амма Серберчу бусалбанийн урхаллин пресс-векалтехь Маршо Радион Балканерчу декъе хаийтина хьуьжар йиллар хьахийнарш а, и совгIат дан дош делларш а Европан бусалбанийн форумера хьеший бу, иза цара шаьш дехна деш а аьлла.

"Деза Къоран Iаморан Исламан центр юьллур ю аьлларг кхузахь меттигерчу бусалбанийн юкъараллица цхьаьнакхетта йолу Европерчу бусалбанийн форуман делегаци ю. И сацам оццу деношкахь тIечIагIбира Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа. Керла вакъуф (динан хьашташна, сагIина дIалуш болу бахам) Къоранна лерина хиларе а, Нохчийчоьнан ахчанах деш а хиларе терра, цIе лелор ю цо шен дахар Къоран Iаморе а, дин чIагIдаре а диллина ваьхначу президентан. Серберчу бусалбанаша къобалбеш тIеэцна и сацам. Iалашо кхочушъян йолаяре а хьоьжу тхо", – элира цхьаьнакхетаралло.

Политикаца йоьзна хинйолчу тIаьхьалонан ойла йиний аш, хаьттича, Серберчу Исламан юкъараллин пресс-векалто делла жоп иштта ду: "Иза динан, дешаран проект ю, цундела цхьа а политикан тIаьхьало хуьлийла дац".

Маршо Радион Балканерчу редакцино хеттарш хьовсийра Сербин Iедале, амма жоп кхаьчна дац. Ткъа Нови-Пазар гIалин администрацино журналисташка элира, меттигерчу Iедало дакъа ца лецира хиламехь, цо ца кхайкхинера гIала Европерчу бусалбанийн форуман векалш.

"И визит цхьана а агIор ца хIоттийна Нови-Пазаран администрацино, официалехь цхьаммо а ца хаийтира барам хуьлу аьлла, ца дира цхьа а дехар", – аьлла ду пресс-векалто официалехь делла жоп.

ГIалин администрацин дIахьедаро билгалдоккху Сербин Конституцино килсаш, динан юкъараллаш шаьш еха цхьанакхетараллаш лоруш хилар а, цундела цара Iедале дехарш дийриг цахилар а.

Серберчу бусалбанийн ши цхьаьнакхетаралла

2007-чу шарахь дуьйна бусалбанийн ши цхьаьнакхетаралла ю Сербехь. Динан дайх цхьана декъо кхоьллина "Сербин исламан юкъаралла" (Islamska zajednica u Srbiji), цуьнан официалера хIусам ю Белградехь. Сербера "Исламан цхьаьнакхетарлла" ю Боснехь, Герцоговинехь (Нови-Пазар), муфтий ву цигахь а.

Нови-Пазарехь Кадыров Ахьмадан цIарах хьафизийн школа йиллар къобалдина "Сербин исламан юкъаралло" а [Islamska zajednica u Srbiji].

Европерчу бусалбанийн форум – иза хIун ю?

Ниязов Iабдул-ВахIед коьртехь волчу Европерчу бусалбанийн форуман векалшка хеттарш хьийсийра Маршо Радион Балканерчу редакцино, амма цара жоп ца делира, уьш стенна лела Малхбузерчу Балканан пачхьалкхашкахула.

Форуман сайто бахарехь, иза гIерта "Европа кхуьийла а лууш беха, дебаш лаьтта континентера массо а бусалбанаш, церан лидерш цхьаьнатоха".

Хьалхара Iалашо ю шен, боху форумо, "бусалбачу наханна Европерчу бахархошца интеграция н бIегIийла йолу кеп лахар". Форуман сайто бахарехь, шен офисаш елла дагахь бу болам Лондонехь, Брюсселехь, Барселонехь, Москвахь, кхечу шахьаршкахь.

Мила ву Ниязов Iабдул-ВахIед?

2012-чу шарахь Маршо Радионо хаам бира гIезало Ниязов Iабдул-ВахIедан зIе ю Оьрсийчоьнан Iедалца а, президентца путин Владимирца а, аьлла

ХIинца Ниязов Европерчу бусалбанийн форуман президент ву. 1999-чу шарахь "Цхьаалла" партин (таханлера Путинан "Цхьааллин Оьрсийчоь") могIаршкахь Пачхьалкхан Думе кхечира иза. Парламентан декъашхо лаьттина 2003-чу шаре кхаччалц.

Ниязов Iабдул-ВахIед
Ниязов Iабдул-ВахIед

Европан бусалбанийн форуме кхачале коьртехь иза лаьттина Москварчу Исламан культуран центран – Кремлца йоьзна йолчу Муфтийн кхеташонан декъан.

SalamWorld социалан маша кхоьллира цо, иза ю бохура "Бусалбанийн Facebook". ХIинца бац и социалан маша.

Рамзан Кадыров "Iаьржачу тептарахь"

2020-чу шеран Товбецан-баттахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа шорйира Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна дуьхьалъяьхна санкцеш, цо адамийн бакъонаш луьра хьешарца доьзна.

2011-чу шеран Чиллан-баттахь Медведев Дмитрийс (ша президент волуш) омра арахийцира Кадыров Нохчийчоьнан президент хоржуш. 2014-чу шарахь Кадыровс къобалдира ГIирмина Оьрсийчоьно аннекси яр.

Кадыров бехкево шен политикан оппоненташна тIехь таIзар латторна а, Iедалхоша адамаш идош, доьза дойъуш хиларна  а

Бакъонаш ларъечу хьукматаша дуккхаза а билгалдаьхна 2007-чу шарахь дуьйна Нохчийчоьнан коьртехь волчу Кадыровс махкахь репрессеш яржийна хилар а, ницкъхойшна нах хьийзо доза доцу бакъо латтош хилар а. Кадыров бехкево шен политикан оппоненташна тIехь таIзар латторна а, махкахь Iедалхоша адамаш идош, йина кхел а йоцуш, доьза дойъуш хиларна.

Кхидерг доцуш, журналисташца а лелла Кадыров къиза. Масала, 2020-чу шеран Охан-беттан 21-чохь цо официалехь кхерамаш тийсира, ша луьра таIзар дийр ду бохуш, Маршо Радион Къилбаседа Кавказан редакцин куьйгалхочунна Дукаев Асланна.

Маршо Радион Къилбаседа Кавказан редакци ю, Нохчийчуьра а, Къилбаседа Кавказан кхечу регионашкара а дахар маьрша довзуьйту оцу хаамийн гIирсо – и тайпа хьасташ дукха ца дисина Оьрсийчохь.

Кадыровна дуьхьал – рогIера санкцеш

2020-чу шеран Товбецан-баттахь Кадыровн Рамзанна дуьхьал керла санцеш арахецча, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан секретара Помпео Майка дIахьедира, Нохчийчоьнан куьйгалхочо, Путинна герга волчу стага, коронавирусан эпидемех бахьана а дина, кхидIа а регионехь алдамий бакъонаш хьоьшуш хиларна саготта ву ша, аьлла.

"Пачхьалкхан департаментна билггал хууш ду итт шарахь сов адамийн бакъонаш ца хеддаш хьоьшуш хиларна Кадыров бехке вуйла, оцу декъахь ду нах хьийзор, кхел а йоцуш уьш хIаллакбар", – элира Пампеос.

Америко шена дуьхьа санкцеш яьхча, Кадыровс шен сурт хIоттийра телеграм-канале, воьлуш, карахь ши маса топ а йолуш.

"Помпео, оха тIеоьцу тIом. КхидIа чIогIа самукъне хир ду", – бохура бухаяздинчу йозанехь.

Вашингтонан санкции Кадыровн зудчунна а, шина йоIана а доьхку Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташка бахка.

Мила ву Кадыров Ахьмад?

Кадыров Ахьмад, таханлерчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун да, муфтий лаьттина ша-шена маршо кхайкхийначу Ичкерехь. Махкахь хьалхара тIом болуш Оьрсийчоьнна дуьхаьл лаьттан иза.

Нохчийчохь шолгIа тIом боьдуш Оьрсийчоьнана агIор ваьлла иза, 1993-чу шеран ГIадужу-баттахь хIоьттина Нохчийчоьнан президентан дарже. 2004-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 9-чохь "Динамо" стадионехь динчу эккхийтарехь вийна. Цул тIаьхьа Путина пачхьалкхан лаккхара совгIат дина цунна – елла "Оьрсийчоьнан Турпал" цIе.

Балканан Малхбузе а, Нохчийчоь а

Ниязов Iадбул-ВахIед коьртехь а волуш, Европерчу бусалбанийн форуман делегаци Мангал-беттан тIаьххьарчу деношкахь Серберчу Нови-Пазарехь хилла ца Iа, кхечира иза Скопье а – Къилбаседа Македонин коьртачу шахьара.

Нохчийчуьрчу пачхьалкан "Грозный" канало бинчу хаамца, Ниязовс Скопьехь Тетово гIалин Iедалца бартбина цигахь Балканан а, Кавказан а доттагIаллин хIоллам схьабелла. Иза хIоттор бу боху Кадыров Ахьмадан 70 шо кхачарца дузуш. Скопьехь цхьана майданна туьллур ю боху "Кадыров Ахьмадан цIарах йолу доттагIаллин парк".

Боснерчу, Герцоговинерчу Билеча гIалахь Товбецан-беттан 22-чохь дIаяьхьна эшарийн аьхкенан фестиваль "Чечения фест", реклама еш дIахIоттийна тIеман духарахь волчу Кадыров Рамзанан сурт а долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG