Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана лелочу телефонан геолокацица дуьстича, украинан Гостомель гIалахь Оьрсийчоьнан оцу махканна тIамца тIелатарехь дакъа лоцучу нохчашна хьошалгIа дан вахана ша бохург бакъ дац.
"Украинан бакъдерг" гIирсе кхаьчна Украинан кхерамазаллин сервисера хьостанашкара Кадыровс лелон телефонан номерш. ГIирсо дуьйцу, Украинан мобилан операторийн хаамашца, тIаьххьарчу ворхI дийнахь роумингехула Украинан зIенийн вышканашна тIе ца тасъеллла и номерш.
Цул сов, Зазадоккху-беттан 13-чу дийнахь – Кадыров Украинехь ву бохучу дийнахь, - журналисташа телеграмехула яздинера цуьнга шаьш РИА "Новости" агенталлера ду аьлла. ГIаръяккха кечйина "цуьнан турпалхочунан толамах лаьцна материале" бIаьрг тохар доьхуш кехатехь яздина хиллера цара, иштта леринчу онлайн-сервисо вовшахтоьхна гиперлинк йиллина хиллера оцу костанна юкъа. Ссылко пайдаэцархочунна кхача луучу сайте вуьгу, амма цунна тIе пIелг таIийча, иза яийтиначунна го цуьнан телефонан йолу меттиг. Ишта аьтто баьлла Кадыровн телефон Соьлжа-ГIалахь хилар билгалдаккха.
- ДIахьочу тIеман кхеташонехь дакъа лоцу Кадыров Рамзан а гойтуш бодане ларми чохь дIаязйина шина минотехь йолу видео гIаръяьккхира Зазадоккху-беттан 13-хь. ТIечIагIдора, видео Украинехь дIаязйина хилар, хIунда аьлча, Кадыровн йистехь лаьтташ цуьнан гIоьнча, нуьцкъаллин блокан хьалханча Мартынов Даниил хиларна – зорбанаша яздарехь, тIаьххьарчу шина кIирнахь Украинехь ву иза.
- ШолгIачу дийнахь Кадыровс шен телеграмерчу каналехь дIахьедира, видео Гостомелехь яьккхина ю, аьлла.
- Оцу хенахь Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран пресс-секретара Песков Дмитрийс хаамбира, Кадыров Украине вахна бохучун цхьа а тоьшаллаш дац Кремлан. Нохчийн оппозиционераш и яьккхин видео фейк ю элира.