Президента Путин Владимира шена инарла-полковникан чин даларх лаьцна дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Оцу дийнахь шен вина де даздеш ву Кадыров.
Шен телеграмерчу каналехь Кадыровс яздина, "[шена чин даларан] омра 709-чу терахца арахецна. Владимир Владимировичо ша хаамбира соьга, декъал а вира". Нохчийчоьнан куьйгалхочо бахарехь, оьрсийн президентаца телефонехула хиллачу къамелехь хиъна цунна керлачу чинах лаьцна.
ГIадужу-беттан 5-хь Москван хенаца 16:00 сахьт даьлча Кремлан сайтехь гучудаьлла дац и омра. Цигахь тIаьххьара арахецна кехат 708 терахьца ду.
- 2009-чу шарахь, хIетахь Оьрсийчоьнан президент хиллачу Медведев Дмитрийс 33 шо долчу Кадыров Рамзанна инарлин чин делира – милицин инарла-майор. 2020-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхо чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера Росгварди дехьавелира.
- Кху шеран охан-баттахь Кадыровна инарла-майоран погонаш елира. Американ финансийн министраллин пресс-релиз тIехь билгалдоккху, "массарна а гергахь шех "Путинан гIашсалти" олуш, Кадыровна инарла-лейтенантан чин кхаьчна Оьрсийчоь Украине гIоьртинчул тIаьхьа цо лелийнарг бахьана долуш.
- БIенал сов совгIаташ, тайп-тайпана чинаш ду Кадыровн, царлахь ду "адамийн бакъонаш ларъярна" а, "стоматологин кхиорехь гIуллакх дарна" а совгIаташ.
- Шогачу кепехь адамийн бакъонаш хьешарна Американ, Евробертан, Великобританин санкцийн тептаре ваьккхира Кадыров. Хьалхо Американ финансийн министраллан арахьарчу активашна контроль латточу урхалло Кадыров Рамзан а, цуьнан го а Американ резиденташца бизнес лело ца магочу "Iаьржачу тептаре" бехира. Кадыровна а, цуьнан гергарчу наханна дуьхьал санкцеш ехира Украинера тIом бахьанехь.