ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КадыровгIеран доьзалан инстаграме йазлург юкъайехкина мерседес а, айфонаш а ю


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца йоьзна Оьрсийчохь йихкинчу инстаграм социалан машане йазбаларна айфонаш а, спортан Mercedes-AMG GT машен а лур ю аьлла. Доллу совгIатийн мах бу 10 миллион сом. Лур ду аьлла совгIаташ мича ахчанах эцна, хууш дац.

Конкурс ю аьлла информаци гучуйелира блогеран, профессионалаш боцчу ийначу кепехь латарийн Hype Fighting Championship лига кхоьллинчу Тамаев Асхьабан агIонехь. Йазбала беза ya_pomoshnik_kra_95 аккаунте– Кадыров Рамзанца юзу иза, дийцарехь, политикан гIоьнча Даудов Iумар ву иза лелориг. Иштта bugor_jr , bugor_jr аккаунташка а, уьш Нохчийчоьнан куьйгалхочун вешин кIентан, цхьана хенахь спортан министр хиллачу Кадыров Хьамзатан ю, dustum –аккаут политикан 15 шо долчу кIентан Кадырова Адаман ю.

621 эзар стагана тIера 8,5 миллионе кхаччалц нах бу церан агIонашка йазбелла, церан цхьа дакъа боташ хила тарло, цуьнан билгало йо цхьа могIа факторша. Телеграме йазвелла шиъ ахмиллион стаг волчу Кадыров Рамзана дIа ца тотту инстаграм а. Масала, цуьнца йоьзначу ya_pomoshnik_kra_95 аккаунто зазадокху-беттан 11-чохь дIахьедира болх сацош бу аьлла, и пост дIа а ца йоккхуш, охан-беттан юьххьера схьа кхин дIа а материалаш зорбане йоху Кадыровх а, Украинерчу тIамах а лаьцна.

Инстаграм социалан маша сацийра Оьрсийчоьнан Коьрта прокуратурин тIедилларца 2022-чу шеран зазадокху-баттахь. Цул тIаьхьа машанера арабевлира 54% Оьрсийчуьра авторш, ткъа Оьрсийчуьра схьа зорбане йоху материалаш лахйелира 55% процентана.

  • Кавказ.Реалиино хаамбарехь, дуьххьара дац КадыровгIар гергарчара шайн агIонашка нах йазбалийта гIерта: йахначу гурахь 400 эзар соьмаш делира рэперна Моргенштернна Нохчийчоьнан куьйгалхочун доьзалхойн хIора аккаунташка нах йазбарна. Бераш доцурш а оцу акцишкахь дакъалоцуш хуьлу Нохчийчоьнан урхалхочун хIусамнана а, цуьнан вешин, йижарийн бераш, кIентийн тренерш, иштта йоккхаха йолчу йоIа юьхьарлаьцнарг а.
  • Кавказ.Реалиино вовшахтуьйхира регионан пачхьалкхан структурашкахь белхаш бечу Кадыров Рамзанан 52 гергарчух тептар. Царлахь – Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоьIарий Iайшат (республикан культурин министр), Хадижат (Соьлжа-ГIаларчу школазхойн департаментан хьаькам), ХутIмат (Кадыровн секретариатан куьйгалхочун гIовс), иштта цуьнан воккхаха волу кIант 17 шо долу Ахьмад, Оьрсийчоьнан берийн, кегийрхойн боламан куьйгалхо ву иза.
  • 2022-чу шеран зазадокху-беттан 11-чохь къилбера регионийн губернаторша пачхьалкхан субъекташкара шайн кхечу коллегашца цхьаьна соцаиалан машанашкара шайн официалан агIонаш тIехь дIахьедира, шаьш инстаграмера арадовлуш ду, царна хетарехь, Meta компанино "мостагIаллица" лелочу политикана тIехула аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG