ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровхоша лачкъийначу йоьIан везар цунна тIекхача хьийза


Сулейманова Седа
Сулейманова Седа

Республике а вахна, цуьнан деца-ненаца а, шеца йоIаца а цхьаьнакхетта некъаш лоьху Нохчийчуьра йахархочун Сулейманова Седин тIехьийзачу кIанта Кудрявцев Станислава. Цо йоьху гарантеш цунна йелла Нохчийчуьра адамийн бакъонаш Iалашйан векал винчу Солтаев Мансура, амма ша тIелацар тIе ца чIагIдо. "Сий лардеш" ша йерна кхерайелла, цIера йедда Сулейманова Сакт-Петербургехь лецира нохчий полисхоша.

"СК SOS" кризисан тобано хаамбина, Санкт-Петербургера маьждигехь Кудрявцевс бусалба дин тIеэцарх. Солтаев Мансурна йахьийтина Оьрсийчоьнан омбудсмено Москалькова Татьянас дин тIеоьцуш йаьккхина видео. Вукхо дош делла СулеймановгIеран доьзал бовза а, цаьрца гергарло таса а Iалашонца Нохчийчу бахка лаам болчу Кудрявцевна а, цуьнан дена-нанна а кхерамзалла латтон.

Бакъду тIаьхьо Солтаевс кхочуш ца дира ша тIелаьцнарг, шеца зIене йаьлла, и хаттар дийцаре дан хьийзачу "Новая газетан" журналистаца Милашина Еленица хабаре ца велира иза.

"СК SOS" тобано билгалдоккху, Сулейманова Седин кхолламех лаьцна цхьана а кепара информаци цахилар гезгамашин-бутт карабеачхьана, Бакъоларйархоша тIедожийна иза лачкъийначу полисхоша лелийнарг таллар, иза дийна хиларх тоьшаллаш далор, иза йолчу меттигах хаийтар, шен везарца цхьаьнакхета цунна дуьхьало ца йар.

  • Марсхьокху-беттан 23-чохь Сулейманова Седа а, цуьнца хилла Кудрявцев Станислав а дIадигира Петербургера петарера веа стага, царех шиммо шаьш полицин белхахой ду элира биссинарш могIарерчу нехан духарца бара, дийцина Кудрявцевс бакъонашларйархошка. ЙоI а, Кудрявцев а гIалин 54-чу полицин декъе далийнера. Жимстаг дIавахийтина, ткъа Сулейманова 150 эзар соьмана цо хIуманаш лечкъийна аьлла лаьцна йоI Нохчийчу дIайигинера. Бакъоларйархошна хетарехь, къола дина аьлла и гIуллакх шайггара къоьллина хила тарло, хIунда аьлча, оцу бахьанашца Нохчийчохь лечкъош бу нах.
  • Марсхьокху-беттан 25-чохь Соьлжа-ГIалахь хеттарш дира Сулейманова Седе адвокаташ уллохь а боцуш. Иштта цуьнга куьг йаздайтира адвокат оьшуш вац аьлла, оцу кепарчу кехатна а адвокат цхьаьна волуш куьйг таIон дезашехь. Полицин декъехь хеттарш динчул тIаьхьа Сулейманова цуьнан гергарчаьрга дIайелира – нене а, дейишига а. ТIе ца битира адвокаташ.
  • Марсхьокху-беттан 29-чохь Солтаев Мансура йоIаца цхьаьна даьккхина сурт хIоттийра зорбане, ткъа гезгамашин-беттан 4-чохь – Седица йаьккхина видео. Цо чIагIонаш йора, иза "кхерамзаллехь" йу, "цунна кхера хIуммаъ а дац" бохуш. Делахь а шегарчу хьолах лаьцна дийца йоIана аьтто ца белира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG