Забайкал-махкара Борзой эвлахь куп тоьхначу къаьстинчу 36-чу гвардин бригадин куьйгалло дIахьедина, шайн тIеман декъерчу 12 эскархочунна Украинехь кадыровхоша тоьпаш тохарх шайна хууш хIуммаъ дац аьлла. Нохчийн эскархойх заградотрядех санна пайдаоьцуш хиларх дуьххьара официалехь йина комментарий ю иза.
"ВКонтактерчу" социалан машанехь Оьрсийчоьнан армина дискредитаци йеш посташ хIиттийна аьлла, меттигерчу яхархочун Корбут Татьянин Абакан гIалин кхелехь дов хоттучу заманчохь дина оцу кепара дIахьедар Забайкалан кIоштан бригадо.
Доккхачу декъанна, Зазадокху-беттахь Бородянка гIалахь кадыровхоша Беларуси дехьаваккха кечвинчу 12 эскархочунна тоьпаш тоьхна аьлла, къайлахчу сервисашна тIетевжина, украинхойн журналистан Цаплиенко Андрейн хаам бара цо зорбане баьккхинарг.
Официалехь цунах лаьцна дийцира Украинан къоман кхерамзаллин а, тIеман а Кхеташонан секретаро Данилов Алексейс, Украинан талламан коьртачу урхаллина тIетевжаш. ТIемаш боьлхучу хьелашкахь информаци бакъ юй хьажа аьтто бац, Оьрсийчоьнан агIоно цунах лаьцна дош аьлла а дацара.
Абаканан яхархочун хьокъехь "дискредитацех" гIуллакх луьстучу заманчохь кхело информаци йехнера Хакасин тIеман комиссариатера а, къаьстинчу 36-чу гвардин тIеман декъан командирера а, цара хаамбира кхеле, "Беларуси дехьаваккха везаш хиллачу 36-чу ОМСБр-н лазийна хиллачу 12 эскархочух дуьйцучун тоьшаллаш дац" шайн аьлла.
15 эзар соьмана гIуда туьйхира Корбут Татьянина.
Украина Iалашъечу, шайн лаамехь вовшахкхеттачу Дудаев ДжовхIаран цIарахчу нохчийн батальонан командиро Осмаев Адама Кавказ.Реалиина Зазадокхзу-баттахь тIечIагIдира, нохчийн дакъойх заградотрядех санна пайдаоьцуш хиларх. Цо дийцарехь, тIемаш боьлхучу аренашкахь дIасауьду кхечу дакъойн эскархой сецош, "заградотрядех" санна кадыровхойх пайдаоьцуш хиларх.
Охан-бутт бовш Украинан тIеман министралло хаамбира, оьрсийн эскарша гоне ерзийначу Украинерчу Херсонан кIоштарчу Киселевка эвлахь вовшашна тIе герзаш деттарх Бурятерчу а, Нохчийчуьрчу а эскархоша. Украинхойн агIоно бахарехь, дов даларан бахьанаш дара буряташ тIелата дуьхьал хилар а, нохчашца долчу хьелашкахь "бакъонаш цхьабосса цахилар" а, лачкъийнарг нийса йоькъуш яцар а.
"ТIаьххьарнаш цкъа а хуьлуш бац тIеман хьалхарчу позицешкахь, "заградотрядаш" санна, тIехьа буьсу. Церан Iалашо ю – кафирийн дакъош жигара дахар. И бохург ду, юхавала гIертачунна тIе герз тохар", - аьлла ду Украинан тIеман министраллан ГУР-н официалан телеграм-каналехь бинчу хаамехь яздина.
Оьрсийчоьнан тIеман министралло а, Нохчийчоьнан урхалло а оцу хаамех лаьцна комментареш ца йира.
- Украинана дуьхьал тIемаш бен Нохчийчуьра мел кIезиг а ялх ницкъахо вийна хила тарло шайн накъосташа. Цунах лаьцна информаци тIечIагIйира кIиранчохь, Оьрсийчохь дIайохийначу бакъонашларъяран «Мемориал» центран хиллачу белхахойх йолчу жигархойн тобано. Церан хаамашца, дуьйцург ду тIемалойн базехь, хетарехь, Охан-беттан юьххьехь хилла кхийсарш. ВорхI ницкъахо волчу хIусамчу веанера бархIолгIаниг, девзаш доцчу бахьанаца герз детта волавелира иза. Пхи эскархо вийра цо, дийна висинчун ка елира дуьхьал герз тоьхна, тIелеттарг вен. Цул тIаьхьа дийна висина ши ницкъахо Соьлжа-ГIала дIавигинера. Оцу тIехула дIахьош таллам бу, чIагIдора «Мемориалан» хиллачу белхахоша, шайга дийцинчун цIе а ца йоккхуш.
- Украинхойн «Азов» спецназан тобано зорбане даьккхинера Нохчийчуьра шайна каравеъначу тIеман йийсархочуьнга хеттарш дар. Видео тIехь иза вистхуьлу Кадыровга, хьайн гергара нах хьийсабе тIаме аьллачу кхайкхамца. Видео тIерачу стага бахарехь (цуьнан цIе ца яьккхира), нохчийн лаамхой бу бохучаьрга Украине хьийсочу заманчохь кара луш ю цхьа автомат а, патармаш чохь долу йиъ ботт а. Иштта цо дийцина, Нохчийчуьра йогIучу коврана тIе Оьрсийчоьнан эскархоша герзаш деттарх а, йийсархочо ма-аллара, "шайна хьалхара байъа" тийсина. Декъий дагадо, боху видео тIехь стага.
- Карарчу хенахь Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а Украинерчу тIамехь вийнарг 841 бIахо хилар къаьстина Кавказ.Реалиина, царех 124 – Нохчийчуьра бахархой бу. Йиллинчу хьосташкара гулбина бу и хаамаш, билггал аьлча, кхин а дуккха а алсам хила тарло церан терахь. Официалехь Нохчийчоьно 11 эскархо кхалхар бен бакъ ца дина.